ХIокху деношкахь Х.Нурадиловн цIарахчу нохчийн къоман театрехь «Овкъаран йоI» туьйра хIотторна кечамбеш дIахьочу цхьана репетицехь хилира тхо. Оьрсийн маттера оцу туьйранан сценари гоч а йина, Керла шо тIедогIуш хиларца доьзна, берашна лерина туьйра кечдеш бу театран белхахой. Цигахь тхан къамел хилира театран куьйгалхочун гIоьнчица, театран къоначу актрисица, туьйранан режиссер-постановщикаца Улабаева Заремица.

«И туьйра хIотто ойла сан кхоллаелла дикка хан яра. Делахь а, керлачу шарна лерина хIоттийча берийн а самукъадер ду бохучу ойланца дIатоьттура ас. Керла шо герга деача, театран куьйгалхочунна Ахмадова Хьавана бовзийтира ас сайн лаам. Цо а и къобалдира. Иштта, эсаран (октябрь) баттахь йолаелира со цу тIехь болх бан. Уггаре а хьалха «Овкъаран йоI» туьйранан сценари оьрсийн маттера нохчийн матте гочъян дийзира тхан. Театран актера Умаев Рамзана кхочушдира и гIуллакх. Цул тIаьхьа ролашна актераш хаьржира. «Овкъаран йоI» туьйранан турпалхойн васт а, амал а цхьаьна йогIур йолу актераш харжа а дацара атта. Масала, «Паччахь» ролана къонаниг хаьржича, хьовсархошна бакъ долчунна гена хета тарло, ткъа иштта, «Эла» а, «Овкъаран йоI» а ролашна а шайн хьаьжжина актераш харжа дийзира. ХIора а стаг шен къоман патриот хила веза. Цу тIехь цхьа а шеко яц. Делахь а, шен къоман культура евзина ца Iаш, кхечу къаьмнийн культура а вайн берашна евзича дика хир дара аьлла хета суна. «Овкъаран йоI» туьйранна юкъахь вайн Iадаташца ца догIуш дерг а ду. Цундела, оцу туьйранан чаккхе хийцина оха. Цу тIехь тхуна гIо-накъосталла дира халкъан яздархочо Ахмадов Мусас. Спектаклехь дакъалоцуш верриге а 20 актер хир ву. Царах 6 актер «массовки» юкъахь хир ву. Коьрта ролаш ловзор ю (дублераш а цхьаьна): «Овкъаран йоI» – Масарова Зухрас, Устарханова Хьавас, «Паччахь» – Ахмадов Сулимана, Бибулатов Юсупа, «Эла» – Ахмадов Iаьрбис, «десте» – Багалова Зулайс, Межиева Марета, «фея» – Гайрбекова Мархас. Оха репетицешкахь къахьоьгу кIезиг хан яц. Репетицешкахь санна цара шаьш спектаклехь а гайтахь, тхо тешна ду хьовсархоша актерийн белхан лаккхара мах хадориг хиларх. Карарчу беттан 28-чу дийнахь оцу туьйранан премьера хир ю. Цул тIаьхьа, кхолламан (январь) беттан 2-чу дийнахь дуьйна бераш школера мокъа долчу хенахь, гайта дагахь ду», – дийцира туьйранан режиссер-постановщика Улабаева Заремас.
Режиссер йолуш туьйра дуьххьара хIоттош ю Зарема. Иза шех тешорна баркалла боху цо Ахмадова Хьавана. Спектакль хIотточу хенахь режиссера а, актераша а хьоьгуш долу къа хьахадо вай, амма сцени тIехь ган а ца гуш, хьовсархошна гуш а боцурш а дукха бу. Царах бу чиркхашца болх беш болу операторш, столярни цехан а, бедарш тегаран отделан белхалой а, аьзнийн-режиссераш, декораторш, костюмераш.
З.ЛОРСАНОВА
№135, шинара, гIуран (декабрь) беттан 27-гIа де, 2016 шо