Мекхано мел чIогIа эчиг а зарзйой, йохайой, чан йой дIайоккху. Иштта, мел нуьцкъала йолчу юкъараллина а, муьлххачу пачхьалкхана а кхераме ю коррупци. Iалам дендеш, кхиош долу, ца хилча йиш йоцу хи ма кхетта мекха даа долало мел цIена эчиг а. Цу тайппана юкъараллехь ца хилча йиш йоцу ахча юкъа ма делли адамашна юкъахь гучуйолу коррупци. Оцо тIаккха жим-жима еш и юкъаралла хIаллакйо. Юкъараллехь резадацарш хуьлу. Iедална къайлах-къулах лен дуьйлало адамаш. Карзахалла гучуйолу. Адамийн синтем бов.
ХIунда? Дера бов цхьана а ведомствехь, Iедалан цхьана а учрежденехь ахча ца делча мегарг цхьа а гIуллакх деш цахиларна. Сий-ларам болчу балха ваха ваьлча – ахча, лоьрана тIевахча – ахча, деша ваха лиъча – ахча, пенси хIоттадайта араваьлча – ахча… Массо а меттехь хьалхадаьккхина ахча хуьлу. Мел доккха зулам динарг а таIзар дарх, жоьпаллех хьалхаваьлла караво «тоьар ду» аллалц ахча дIаделла хилча. Кхаьънаш луш, оьцуш хуьлу массо а. Юха ахь ладоьгIча – массо а цунна дуьхьал хуьлу. Хабарца. Амма юкъараллехь даьржина долу и ун бахьанехь, цхьа гIуллакх кхочушдан араваьлча, муьлхха а стаг я кхаъ бала безаш, я «там» бан безаш я цхьа гергарло, озабезам лаха безаш нисло.
Дуьненахь наггахь пачхьалкх а яц тахана коррупци йоцуш. Россехь а ю иза. Шо-шаре даларца шорлахь бен лахлуш а йоцуш. Цхьайолчу пачхьалкхашкахь, къаьсттина бусалба пачхьалкхашкахь кхиамца къийсам дIахьо цунна дуьхьал. Оцу пачхьалкхашна юкъахь лоруш ю Чина а. Ши миллиард сов стаг вехаш йолчу пачхьалкхе коррупцица къийсам кхиамца дIабахьало бохург инзаре хета. Кхузахь цецвийла хIумма а дацахь а. Коьртаниг къийсам нийса дIабахьар, коррупци лелош хаавелларг, кхеташ вацахь, луьрачу жоьпе озор а, цунна хьакъ доллу таIзар дар а ду.
Амма дукхах йолчу пачхьалкхашкахь, цу тIехь Россехь а и деш дац. Коррупци Россин дукха шира лаар ду. И цунах кхетта, хетарехь, ахча а, йохк-эцар а, даржаш а юкъа ма девлла. Вуьшта аьлча, дукхах болчеран тIамарх доьлла иза. Олуш ма-хиллара: «Дего Iемина куьг дегош бен Iаш дац». Делахь-хIета, Iаламат чIогIа къахьега деза и ун вайн махкара дIадаккхархьама. Деккъа цхьана законашца, указашца, сацамашца цунна дуьхьал къийсам дIабахьалур бу, и къийсам кхиаме хир бу моттар – Iехадалар ду. Вай-м, ма-дарра аьлча, и законаш, указаш, сацамаш кхочушбан Iемина а дац. Тамашийна хетахь а, уьш кхочушдарна новкъарло еш дерг а даржашкахь болчу нахана юкъахь коррупци яржар ду. Оцу бакъдолчо къаьсттина са а гатдо?
Коррупцица къийсам латтон безаш берш логгелц цунна юкъахь хилча хIун къийсам хуьлу цунах? Цхьа а къийсам а ца хуьлу-кх, цIар-хазмана суьрташ хIиттор доцург. И суьрташ ду-кх хIинца дуккханхьа а хIиттош дерш. Куьг схьалаца бехкениг вацахь а цIена бакъдерг ду иза. Куьг бехкениг схьалаца аьтто ца болу гуобаьккхина Iаш берш цуьнан (коррупционеран) гIоьнчий хиларна, уьш а изза хиларна. Цара мел цIена верг а бехвина охьавуьллур ву шайн «бен» ца бохабайта, шайн даржех ца бовла. Россехь дукха бу шайн белхан алапица бала боцуш, шайна луш долчу кхаьънашца хьал-бахам вовшахтоьхна, хIора дийнахь иза дебош берш. ЛадогIийша, вайх мила ву уьш ца бевзаш?..
Делахь а царах цхьанна а дан хIума дац могIарерчу бахархойн. Уьш гIорасиз бу. Дукха хан йоццуш Россин экономика кхиоран министр Улюкаев, кхаъ эцарна бехке веш, даржера дIаваьккхина хиларо а ма гойту вайна Россехь коррупци мел чIогIа яьржина ю. Чуьра аравалар дихкина цунна. Мерза юуш, чомехь молуш Iаш ву иза. Цо дина зулам хьахош дац. Оцу зуламца цо мехкан юкъараллин йохийна дог-ойла юьйцуш яц… Таллам бу дIахьош. Ча гуш хилча, цуьнан лар стенна лоьху? Иза меллалц дIахьур бу а ца хаьа. Амма дукха бахлахь цунна «мотт Iамарна» кхерам бу. Кхул хьалха а ма хилла ишттаниг.
Россин цхьа дакъа ду Нохчийчоь. ХIета изза лазам вай долчохь а ца хуьлуьйла дац. Цхьа юкъаралла ма ю хIара, вовшашца юххера зIенаш а, юкъаметтигаш а йолуш. Халкъабахаман а, дахаран-Iеран а дерриге а дакъошкахь федеральни центраца уьш ца хилча а ца йовлу. Оцу центран лехамаш кхочушбар тIехь ду мехкан ерриге а регионашна. ТIаккха цигахь болчу коррупционерашца болх ца бича а ца довлу, церан «гIиллакхашца» догIуш дерг а лелош. Цхьанна а къайле йоцу бакъдерг ду иза.
Амма, Делан къинхетамца, Нохчийчохь деш долчу гIуллакхашкахь, вовшашца лелочу юкъаметтигашкахь цхьаннах а дозуш дац вай, маьрша ду. Цундела коррупцина дуьхьал кхиамца къийсам дIабахьа а, иза орамашца дIаяккхарна тIехьажийна болх дIабахьа а аьтто бу вайн массеран а: Iедалан а, юкъараллин а. И болх эвсаре хилийта йиш а ю вайн. Баккъал а вайна и дан лиъчахьана. Цуьнан хьокъехь ойланаш йина вай. Ахчанца а, адамийн хьашташ кхочушдарца шайн болх а боьзна йолчу ерриге а ведомствошкахь, предприятешкахь, организацешкахь хьокъала йоллу программаш хIиттийна, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тIедилларца. Уьш кхочушъеш ю. Цу хьокъехь еш отчеташ ю.
Иза иштта ду. Делахь а Нохчийчуьра коррупци дIаяьлла ала йиш яц. Аьлча нийса а хир дац. Вайна лиъча, вай, бусалбанаша вайна Сийлахьчу АллахIа тIедехкина декхарш кхочушдича дIа-м яккхалур яра. Вай лардан дезарг деккъа цхьа-ши хIума дар-кха: хьарам-хьанал лардар нехан хьокъах лардалар. Хьанал дерг бен даржашкахь, гIуллакхехь, адамийн хьашташ кхочушдечохь болчара лелош ца хилча, уьш нехан хьокъах ларлуш хилча (кховдо лиъча а) кховдийна кхаъ дIаэца стаг хир вацара, озабезам беш стаг хир вацара, хьарамло лелош стаг хир вацара… Коррупци а хир яцара. Хьо дIавахханчохь, хьан кисане а ца хьоьжуш, ахь лун йолчуьнга са а ца туьйсуш, хьан гIуллакх а дийр дара, хьан хьаште а хьожур вара, Делера хинйолчу йоле бен сатуьйсуш стаг хир вацара. Цу тIе гIерта деза вай.
Дерриге а цхьана стагана, ма-дарра аьлча регионан Куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна тIедиллина, массо а хIуманна иза жоьпалле вина Iийна девр ма дац вай. Меттахдовла, самадовла деза вай. Вайга юкъараллера коррупци а дIаяккха, экстремизм а дIаяккха, кегийрхой ийманехь кхиабе, дуккха а кхидерг диэ бохуш Iаш ма ву иза. Цунна галлалц хIума гуш а, хIума хезаш а дац-кха вай – хIокху юкъараллин декъашхой. Гуш а, хезаш а хилча схьалаца веза кхаъ оьцуш волу, «откат» йоьхуш волу хьаькам, нехан хIумане сатуьйсуш волу Iедалан гIуллакххо, кхиверг. Я уьш бан а бац те вайн? Бу!!! Уьш ца хилча вай тахана, юх-юха а юьйцуш, коррупци юьйцур яцара. ТIаккха, и хилча, цхьа нах хуьлу-кх вайн шайн декхарш хьанал кхочуш ца деш, Дала хьарам динчух лар ца луш, хьанал динарг кхочуш ца деш, нехан хьакъ дууш. Ткъа и хилийта амал дац вай баккъал а коррупцина дуьхьал къийсам дIахьош делахь, дIахьур болуш делахь.
Еккъа отчеташ еш, гуламаш беш Iийча гIуллакх хир дац. И боху-кх хьанал дог-ойла йолчу, баккъал а нохчийн халкъах а Нохчийчоьнах а дог лозуш болчара. Царах хIунда дац вай?..
С.ПАШАЕВ
№135, шинара, гIуран (декабрь) беттан 27-гIа де, 2016 шо