Махмаев Жамалди

«Даймохк» (хьалха «Серло», «Ленинан некъ») газето ша диллинчу юьххьехь дуьйна боккха болх бан а бина, хIинца бан а бо нохчийн мотт, литература, истори, культура, къоман гIиллакхаш, Iадаташ бахархошна шуьйра довзийтарехь а, кхиорехь а. Жигара дакъалаьцна 1944-чу шарахь нохчий цIерабаьхна хан яьллачул а, дIадаханчу бIешеран чаккхенеххьий, ткъе цхьолгIа бIешо долалушший Нохчийчохь тIемаш хиллачул а тIаьхьа республика шен даима а хиллачу дахаре юхайоьрзуш, къомана доккха маьIна долуш йолу и мехаллаш меттахIитторехь а, Iалашъярехь а. Редакце болх бан богIуш берш а хуьлура нохчийн мотт, къоман гIиллакхаш дика девзаш а, дукха дезаш а, уьш кхиорний, довзийтарний шайн ницкъ ца кхоош, болх бан лаам а, хьуьнар а долу нах. Царах цхьаъ вара тIаьхьуо республикехь дика вевзаш волу журналист, яздархо, хьехархо-Iилманча хилла волу Махмаев Жамалди. Кхузахь дало лаьа иза жима волуш дуьйна нохчийн мотт а, йоза а даггара дезаш хилла хиларна тоьшалла деш долу цуьнан дагалецамашна тIера дешнаш: – Суна «Даймохк» газет дIадоладелла генарчу Казахстанера – «Къинхьегаман байракх» газетера.

MG_5848

– Беран бос хийцабалазчу хенахь (сан пхи шо дузаза дара), халкъан мостагI вина, махках ваьккхинчу суна а, сан нийсархошна а моьттура вайн нохчийн йоза цкъа хила а ца хилла. Шайн махкахь шайн маттахь доьшучу, ирсе доьлуш, дехачу казахийн берашка хьоьжуш, ца девллачу денна цаьрга ладоьгIуш, цаьрца ловзуш лелачу тхан кегий дегнаш сингаттамечу ойланийн йийсарехь дара: кхарна санна, тхуна гур дуй-техьа тхешан махкахь дахар, тхешан маттахь дешар?… Тхан хиллий-техьа, хир а юй-техьа литература?… Хир буй-техьа поэташ, яздархой? Оха цкъа а йоьшур юй-техьа нохчийн маттахь язйина байташ, дийцарш, повесташ, романаш?

– Оцу муьрехь тхуна бодашкара серло хилла къегира Алма-Атахь нохчийн маттахь арадала доладелла «Къинхьегаман байракх» газет. Цуьнга язбалар дIадолалуш хиларх лаьцна хаам «Казахстанская правда» газетехь айса бешча, сихха почте а вахана, тхаьшна а, гергарчарна а пхи-ялх газет яздира ас.

ХIетахь и ойланаш а, дегайовхонаш а Жамалдин а дуккха кхиболчу цуьнан нийсархойн а яра.

Ж.Махмаев вина 1939-чу шеран бекарг (март) беттан 14-чу дийнахь Грозненски кIоштарчу БердакIел юьртахь. 1944-чу шеран чиллин (февраль) баттахь нохчий, цхьамогIа кхидолу халкъаш а махкахь даьхна, Казахстане а, Юккъерчу Азин республикашка а дIабахийтинчохь къизалла а, харцо а, шело а, сийдайар а лайра. Казахстанехь Джамбулски областерчу Чуйски кIоштахь Амангельды юьртахь Iийра. Цигахь деша вахана, казахийн маттахь хьоьхуш хиллачу школехь итт класс чекхъяьккхира. Амма 1957-гIа шо чекхдолуш шаьш цIадаьхкича, Жамалдис уггаре а хьалха лехнарг нохчийн маттахь арадолуш долу «Ленинан некъ» газет дара. Цуьнан гIоьнца сихха нохчийн йоза Iамийра казахийн школа чекхъяьккхина волчу Жамалдис.

Болх бира БердакIеларчу «Советская Россия» колхозехь а, Грозненски кIоштан «Заветы Ильича» газетехь а. Дийшира Соьлжа-ГIаларчу хьехархойн училищехь а, Нохч-ГIалгIайн хьехархойн институтан заочни отделенехь а. Дешар а, шайн юьртахь школехь юьхьанцарчу классийн хьехархойн болх бар а цхьаьнадалийра.

Дешна ваьллачул тIаьхьа кхаа шарахь эскарехь гIуллакх дира. Цигара цIавеача, кхин белхан меттигаш ца лийхира цо. Кхочушхилира Жамалдис дукха хенахь дуьйна шега сатийсинарг. Иза «Ленинан некъ» газетан редакце дIаийцира кхузткъалгIа шераш чекхдовлуш.

Редакцехь промышленностан отделехь а, культурин отделехь юьхьанца корреспондентан, цул тIаьхьа культурин отделан заведующин а болх бира Жамалдис. Оцу муьрехь цуьнца оцу отделехь цхьаьна болх беш бара массо а бевзаш болу поэташ, яздархой Эдилов Хасмохьмад, Кусаев Iадиз, Шайхиев Iалвади, Алиев Iаьлви. Отделан болх тобарехь дуккха а гIуллакхаш дира Жамалдис. Юкъаялийра керла, рубрикаш, темаш. Материалаш язъяран хатI а шен башхалла йолуш дара цуьнан. Уьш газетдешархо дика кхеташ а, еша дог доуьйтуш а хуьлура. Цхьа а кIоршаме агIо ца хуьлура цо язйинчу статьяшкахь. Коьртачу декъана цо яздора дешарх, литературех, культурех, искусствох лаьцна. Уьш гIуллакх довзарца язйина а, кIорггера чулацам болуш а хуьлура. Бакъду, цуьнан балхахь алссам гучуюьйлура кхоллараллин агIонаш. Газетехь кест-кестта зорбатухура цуьнан байташ а, дийцарш а, публицистикин статьяш а.

Ала деза Жамалди Казахстанехь школехь доьшуш волчу хенахь дуьйна байташ язъеш хилла хилар. Уьш меттигерчу газеташа зорба а тухура. Берашна лерина йолу цуьнан дуьххьарлера «Маликат» цIе йолу книга араелира 1969-чу шарахь. Берашна лерина цо арахецна иттех сов книга: «Маликат школехь», «Со Соскин Солса ву», «Мамин сурт», «Самукъане абат», кхиерш а.

Жамалдин произведенеш да хар, школин болх, доьзалера юкъаметтигаш дика йовзарца язйина ю. Цара хьоьхура, берашкахь кхиадора ийман, гIиллакх, оьздангалла, Даймохк дукхабезар, къоман гIиллакхаш ларар.

70-чу шерашкахь юха а ша вехачу юьртарчу школе балха дIавахара Жамалди. Ша дуьнен чохь яьккхинчу хенан тIаьххьарлера де тIекхаччалц берашна нохчийн мотт а, литература а хьийхира цо. Амма цунах тоам ца беш, Жамалдис хаддаза лоьхура берашна дешар Iаморан керла гIирсаш, кепаш. Юьхьанцарчу классийн дешархошна нохчийн меттан аьзнаш Iаморехь мехала маьIна долуш хилира цо кечйина «Самукъане абат». Цул сов, Жамалдис язйина, арахийцира 5–7-чуй классийн дешархошна лерина йолу нохчийн меттан учебникаш.

«Ленинан некъ» газетан редакцера дIаваьлла, школе балха вахача цо ца хадийра зорбанца хилла зIе. Шуьйрачу хаамийн гIирсийн агIонаш тIехь, къаьсттина «Даймохк» газетехь, кест-кеста араюьйлура цуьнан Iилманан-методикин а, критикин а, публицистикин а, кхийолу а материалаш.

40666_600

Жамалди республикехь гIараваьлла вевзаш а волуш, башха хьехархо, къона тIаьхье ийманехь, гIиллакх-оьздангалла йолуш кхетош-кхиорхо вара. Цуьнан белхан зеделларг Iамо, къоначу хьехархошна довзийта, цо болх бечу школехь кест-кестта вовшахтухура кIоштан а, республикин а семинараш, кхидолу цхьаьнакхетарш. Цигахь Жамалдис гулбеллачарна дуьйцура берашна дешар Iаморан шен кепех, школел арахьа дешархошца дIахьочу дуьне, дахар довзийтаран, къоначу тIаьхьенехь ийман, гIиллакх-оьздангалла кхиоран балхах лаьцна.

Ткъа и гIиллакх оьздангалла, нохчалла Жамалдин дагца, цIийца яра. Цкъа а хезар дацара иза аз айдина вистхуьлуш, массаьрца а цхьабосса кIеда-мерза вара, нагахь санна накъосташна юкъахь ша забар яхь а, иза оьзда, цхьанна а халахетар ца деш, хуьлура цуьнан. Шен произведенех лаьцна къамел хилча, цкъа а цо уьш хастош хезар дацара, ткъа ша оцу гIуллакхехь эхь хеташ, ийзалуш хир вара. Даима а хуьлура шеца къамел деш волчунна хала ца хетийта гIерташ.

ДагадогIу суна, тхо редакцехь цхьаьна болх беш долчу хенахь (60-гIа шераш чекхдовлуш я 70-гIа шераш дуьйлалуш) зуда ялийра Жамалдис. Цхьа-ши де даьлча со волчу а веана, цо хаийтира тхан белхан накъостий чукхайкха шена лаар. Ас накъосташна бовзийтира цуьнан лаам. Барт хилира тIедогIучу шоьтан дийнахь Жамалди волчу дахана, иза а, нускал а декъалдан. Амма пIераскан дийнахь редакцина хьалхара сан машен ядийра. Иза цхьа-ши сахьт даьлча Октябрьски кIоштахь трамвайн аьчкан бIогIамах тоьхна, гIодаюккъехула саттош, чIогIа йохийна, схьакарийра. ШолгIачу дийнахь балхахь берриге а соьга шайна халахетар хоуьйтуш бара (оцу хенахь республикехь машенаш кIезиг хилла хиларна иза ядор а, йохор а доккха зулам лорура). Цхьамма а ца хьахадора Жамалди волчу хьошалгIа дахар. Накъостийн вовшашка дистхилар а дара халла хезаш. Массо а суна хала ца хетийта, со ларван гIертара. ТIаьххьара а ас Жамалдига хаьттира: «Хьо волчу дахарх лаьцна цхьамма а дош а ма ца олу, иза дIадаьлла?» Жамалди цIийвелира. «Делан дуьхьа, бехк ма биллалахь, хьо волчохь иза хьахор хьуна хьо цаларар хетар ду моьттуш, иза кхин ца дуьйцуш, дита а, цкъачунна ца гулдала а сацам бина оха». Кхузахь а гайтира Жамалдис шен оьздангалла, гIиллакх. «Жамалди, – элира ас, – вайн цхьаьнакхетарна цIахь кечам биний? Бина. – Йохийнарг машен бен яц. Кхин оццул шиъ йохийнехь а, бина барт кхочушбан беза». Иштта Жамалдина нускал далийначохь хьошалгIахь хилира тхо.

Республикехь берашна дешар Iамор кхиорна йоккха хазна юкъайилларна а, дуккха а шерашкахь хьанал болх барна а Ж.Махмаевна елла «Знак Почета» орден, «Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь толам баьккхина 20 шо кхачар» аьлла йолу мидал. Иза иштта «Хьехархочун-методистан» а, «Нохч-ГIалгIайн АССР-н хьакъволчу хьехархочун» а, иштта «Россин Федерацин халкъан дешаран отличникан» цIе лелош а вара.

Амма Жамалдина уггаре а доккха а, мехала а совгIат дара цунна елла А.Кадыровн орден. Цунах чIогIа дозалла а дора цо.

«ХIокху деношкахь кхелхина Махмаев Жамалди, вевзаш волу берийн яздархо, Нохчийн Республикин халкъан хьехархо», – иштта кадам зорбатуьйхира «Даймохк» газето 2014-чу шеран гIуран (декабрь) беттан 4-чу дийнахь.

Дуьйцийла йоццуш, Ж.Махмаевс йоккха хазна юкъайиллина нохчийн дешар Iаморна, литература, журналистика кхиорна. Цуьнан хьуьнарийн хьакъболлу мах хадор хир дара, нагахь санна Жамалдис шен дерриге а дахарехь болх биначу школин а, БердакIел юьртарчу цхьана ураман а Ж.Махмаевн цIе тиллича. Иза цуьнан сийдар хир дара.

С.МАГОМАЕВ

№135, шинара, гIуран (декабрь) беттан 27-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: