Вайн махкарчу лоьрашна резабоцучара деш долу къамелаш хеза кест-кеста. Масалш далош дуьйцу кхузарчу больницехь «хIара» элира, дIогарчу больницехь «важа» элира, «къамел кIоршаме дора», «гIиллакхах хьаса бацара цуьнгахь» бохуш. ТIеттIа сийсош марсадоху и хабарш, цкъа а лоьрана тIе ца ваханчо а, шегара цхьацца эладитанаш тIедетташ. Цундела къаьсттина хазахета, хастаме дешнаш лоьрах олуш хезча. Дика цIе йоккхучу лоьрана тIекхача ойла кхоллало, хьайгара бала цунна дIабовзийта лаам хуьлу, цуо хьайн догэцаре сатосу.

Ишттачарах ю Нохчийн Республикин Эндокринологин диспансеран коьрта лор Исаева Умкулсум. Ткъех шо гергга зама ю цо лоьран болх бен. Бераллехь кхоллабелла бара йоьIан лор хила лаам. Ша йисинчохь тайнигашца а, вуьшта, вовшахкхеттачу нийсархошца хуьлуш долу ловзарш а, дукха хьолахь, лоьралла дечу суьртехь дIахьора цо. Дас-нанас а тидам бинера Умкулсуман ойла дукха жимачохь дуьйна лоьралла даран корматаллех хьерчаш хиларх. Бакъду, лор хилар цунна марздинарг а, институте деша йоьду хан тIекхаьчча, цунна гIортор хилла хьаьвзинарг а денана яра. Цунах йоккхайийна ца йолура йоI. ХIинца а боккхачу ларамца йоккху Умкулсума цуьнан цIе.
Исаев Султанан йоI Умкулсум 1972-чу шеран кхолламан (январь) беттан 12-чу дийнахь дуьнен чу яьлла. Уьш Соьлжа-ГIалахь Iаш бара. Шаьш нохчий хилар цкъа а дицдина бацара Султанан доьзал. Дайх бухадисина оьзда гIиллакхаш, ламасташ йоIбIаьрг санна лардора ИсаевгIара. Къаьсттина экаме дара зудаберашца долу хьал. Къоман гIиллаккхийн гурашкахь кхиабора мехкарий. Делахь а, мелла а зама хийцаеллий хууш, царна дешарна новкъарло ца йора дас. Умкулсума кхиамца чекхъяьккхина Соьлжа-ГIалара №1 юккъера школа. 1991-чу шарахь иза деша яхара ХIинжа-ГIаларчу (Махачкала) медицинин институте. Хала, чолхе зама яра Умкулсуман студентийн шерашна кхаьчнарг. Доха карзахдаьллачу советийн Iедало пачхьалкхана доладаран урх малйинера, цунах пайдаэца сихбеллачу зуламхоша герз эвхьазадаьккхинера. Низам доьхнера, къаьмнийн юкъаметтигаш телхинера. Къаьсттина хала дара нохчашна. Амма къаръелла юха ца йолуш, халонаш эшош Умкулсума медицинин институт чекхъяьккхира. Педиатран говзалла яра цо хаьржинарг. Ткъа педиатрийхь берийн диабет йовза, цуьнан къайленаш яста, цаьрца Iалашо юьхьарлецира къоначу лоьро. Иза ларамза дацара. Луьрачу тIамо Iовжийначу вайн республикехь чIогIа яьржинера шекаран диабет цамгар. Баккхийчарна хьалха дуьйна девзаш дара и лазар. Амма бохамаш алсамбевллачу Нохчийчохь бераш а тIехь лаьцнера оцу цамгаро. Шегахь йолчу таронца царна орцахъяла сацам бира йоIа. Иштта хилира Умкулсумах берийн эндокринолог. 1998-чу шарахь кхиамца медицинин институт чекхъяьккхина Соьлжа-ГIала цIайирзира иза. Нохчийн Республикин Эндокринологин диспансере балха схьаийцира. Интернатура а кхузахь чекхъяьккхира. КIорггера хаарш, хьекъал, хьуьнар гайтинера йоIа оцу муьрехь. Цундела цхьана а кепара дуьхьало йоцуш, балха схьаийцира иза. Халкъах, махках дог лозуш долу адамаш лоьрашна юкъахь Iаламат чIогIа оьшуш ма ду. Ткъа Исаева Умкулсум шен махкарчу кегийчу дархойн дуьхьа, де-буьйса ца лоьруш, яца кийча яра. Дукха лерина тIейирзира къона лор шен балхана. Диабет хиларан шеко йолуш шена тIедалийна массо а бер, лерринчу журнала тIе дIаяздора цо. Лазаро йийсаре лаьцначунна сихонца дарба лохура, иза хаддаза шен тергонехь латтадора. Цкъа шена тIедалийна бер, цунна цкъачунна диабет яцахь а, тIаьхьуо гучуяла тарлуш шена хетахь, атта дIа ца хоьцура лоьро. Кест-кеста иза шена тIедалор, тергонехь латтор тIеддуьллура нанна. Наггахь бераца кхоччуш бала боцуш, цуьнан лазар тесна дуьтуш наной хаабелча орцадоккхура, хьаьнгга олий а и бер тIедаладойтий, цуьнгарчу хьолана таллам бора. Бер тIедалош дацахь, церан цIа яха мало ца йора. Доцца аьлча, шен чуьра волуш санна хIора жимачу дархочунна сагатдора.
Вайн махкахь шолгIа тIом болалуш цIахь яра лор. Иза цхьанхьа дIаса ца елира. ТIамо Iазапе лаьцна шен халкъ дIа ца тасаделира цуьнга. Иза дика кхетара тIеман цIе кхерстачу Нохчийчохь ша а, кхиболу лоьраш а Iаламат чIогIа оьшуш хиларх. Кегий, баккхий дархой къестабойла-м ца хилира цуьнан, буьрса тIом болабелча. Герз бIаьрзе ду. Герзо ца къаставо жима, воккха, бехк берг, боцург. Лоьран а яц уьш къесто бакъо. Орца даьккхинче дIахьодура Умкулсум. Маха тоха безахь а, молханан буьртиг кховдо безахь а, оьшучунна кийча яра иза. ТIеман цIе кхерстачу муьрехь, ехка езаш, тега езаш чевнаш алсам нислора. Цунна а кийча яра вайн турпалхо. Орца оьшуш неIаре веана стаг цхьа а «хIан-хIа, сан йиш яц», – аьлла дIа ца вахийтина цо. Ткъа Соьлжа-ГIалара тIеман кхийсарш лахъелча иза диспансере шен балха араелира. ТIебаьхкинчу дархошна лоьралла дан а я уьш тIеэца меттиг йолуш ца елира. Нохчийн Республикин коьртачу шахьарара кхийолу гIишлош санна, авиатохарша охьааьтта яра диспансеран гIишло а. Делахь а, лоьраша нехаш дIаяьхна, коре телаташ озийна, нуй-горгам дина жимма битаме балийра и дарба лелоран кхерч. Дуьйцийла йоцуш, хала дара оцу муьрехь болх бан, охьахаа гIант дацара, рецепт яздан стол яцара. Амма боккха лаам бара оцу ирчачу хьелашкахь деэшна, лоьрашкара гIо-накъосталла оьшуш веанчунна гIо дан. Веза-Воккхачу Дала ницкъ, хьуьнар делира нохчийн лоьрашна оцу халачу муьрехь шайн махкахойн догэца, церан лазарш дайдан, буьрсачу тIамо шелдинчу церан дегнашка дегайовхонан суй божо. Яхь йолчу адамашкий, бакъболчу говзанчашкий, цIеначу даггара шайн болх безачу лоьрашкий бен далур долуш гIуллакхаш дацара уьш. Оцу адамех цхьаъ ю Исаева Умкулсум а. 2002-чу шарахь дуьйна Нохчийн Республикин могашалла Iалашъяран министерствон штатехь йоцу берийн коьрта эндокринолог ю иза. Шена тIедехкинчу декхаршца дика ларош схьайогIуш а ю. Цуьнан кIорггера хаарш, хьуьнар, лаккхарчу тIегIанехь йолу говзалла тидаме эцна, 2004-чу шарахь вайн мехкан Эндокринологин диспансеран коьртачу лоьран заместитель хIоттийна иза. Нохчийн Республикин «Хьакъйолу лор» а ю иза. Россин эндокринологашна юкъахь а тоьлла говзанча лоруш, билгалбаьккхина бу цуьнан хьанал къинхьегам (отличник Здравоохранения РФ). Болх дика барна Iедало алссам совгIаташ дина цунна. КIезиг яц царна юкъахь Сийлаллин грамоташ, Баркаллин кехаташ. Исаева Умкулсум кест-кеста хуьлу Ерригроссин Iилманан-практикин конференцешкахь. Санкт-Петербург, Москва, Краснодар, Дона-тIера-Ростов, Нальчик, ХIинжа-ГIала, Ессентуки… Шуьйра ю Исаева Умкулсум хуьлучу меттигийн географи. Оцу юккъехула медицинин Iилманийн кандидатан диссертаци тIечIагIъян а ларийна хьуьнаре лор.
Тахана Нохчийн Республикин Эндокринологин больницехь коьртачу лоьран болх беш ю иза. Дарже кхаьчнера аьлла сапаргIат даьлла яц. Мелхо а шен декхарш алсамдевлла хета. Хьалха шен Iуналлехь хиллачу палати чуьрчу дархошка хьаьжча йолуш хиллехь, хIинца массарна а Iуналла дан декхарийлахь ю Умкулсум. Декхарийлахь аьлча… бакъйолу лор ша хиларе терра, цуьнан са ца тоь хIоранна тIехIоьттина, хьал-де ца хаьттича, молха тIетоха дезахь а, дIадаккха дезахь а, цуьнан хьесап ца дича. Цунна цIарца вевза массо а дархо. Умкулсумна хаьа церан лазаран йозалла. И лазар кIаргдалийтахь хила тарлуш болчу бохамах а дика кхета. Цундела до Умкулсума шен дархошца дукха къамелаш юучух-молучух, муьлххачу дегIана меттахдаккхар оьшуш хиларх, лазар мел гена даьллехь а, Делан диканах цкъа а дог дилла мегарг цахиларх. Цо аьллачуьнга ла а дугIу лазаро йийсаре лаьцначу дархоша. Умкулсуман къамело шайн лазар мелла а дайдеш хета царна. Лаа олуш ма дац халкъалахь: «Лоьран багара йолу мерза Iаь ах дарба ду». Умкулсуман дархошна-м, иза гучуяьлла, елакъежча а дайлуш хета лазар, лоьран багара дош ца даьлча а. Кхин болх цуьнгахь товр а бацара аьлла хета наггахь. Стаг шен меттехь хета даима, дагца къобалйина говзалла цо схьалаьцна елахь. Адамийн дуьхьа де-буьйса ца лоьруш, цуьнан яцар теш хIуьтту Умкулсум Нохчийн Республикин лоьрийн могIаршка ларамза кхаьчна хьаша цахиларна. Ткъа лоьрехь йолчу адамалло цамгар йицъеш, дуьне серладоккху тIедазделлачу лазаро дегнаш Iийжочу дархойн. Боккха къинхетам бу-кх Исаева Умкулсум санна лоьраш вайн махкахь хилар. Церан хьаналчу къинхьегамо дархойн дахаре безам чIагIбо, сирлачу кханенах уьш тешабо.
А. ГАЗИЕВА
№135, шинара, гIуран (декабрь) беттан 27-гIа де, 2016 шо