Делан Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) вайх, бусалбанех къинхетам беш ваийтина ву Сийлахь-Воккхачу АллахIа. Цундела Цунна гергахь деза ду вайн Пайхамарна (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) салават диллар. Салават диллар Делан омра кхочушдар ду. Цо аьлла-кх: «Цунна салават дилла аш». Цхьа салават диллинчунна итт дика яздеш, итт къа дIадоккхуш, иза дуьллуш верг итт даржехь лакхавоккхуш ду маликаш.

Салават диллинчунна итт лай лоллех хьалхаваьккхинчунна йоллу ял ю. Къематан халачу дийнахь Мухьаммад Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) шафаIатана кIелахь хир ву салаваташ дохкуш хилларг.
Маликаша дашочу пелагашца (перо) даточу кехата тIехь дIаяздеш ду бусалбано дуьллуш долу салават. Салаваташ алсам мел дехки а АллахIа диканехь сов воккхур ву уьш дохкуш верг. Къематан дийнахь шехIидашца цхьаьна хир ву салаваташ дохкуш хилларг. Иза Мухьаммад Пайхамарна (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) уллехь а хир ву оцу дийнахь.
Пайхамарна (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) диллина салават иза диллинчуьнгара девллачу гIалаташна а, эгначу къиношна а, закат а, каффарат а хилла дIахIуттур ду. Маликаш АллахIе цунна гечдар доьхуш хир ду.
Салаваташ дохкуш хилла стаг кхелхича, салават цуьнан коша тIе а хIоьттина, кхелхинчун къиношна гечдар доьхуш хир ду. Ша диллина долчу хIора салаватана Ухьуд лам санна йоккха ял лур ю цунна.
Стага диллина долу салават маликаша Пайхамарна (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) тIехьош ду. ХIора салаватана дуьхьал жоп а ло цо. Салаваташ дохкуш волчу стагера доьжна къа маликашна дIаяздан пурба луш дац.
АллахI резаваре кхачош болу некъ бу салаваташ дукха дахкар. Иштта Делан лайна къинхетам тIебоссоран некъ а бу уьш дукха дахкар. ЧIуг а йина, салаваташ дохкуш болчу нахана тIекхаьчча, маликаша царна гуонах чIуг хIоттайо, царна тIе Дала къинхетам боссабо.
Салават дилларо ларво АллахIан оьгIазлонах, даздо диканийн терза, Къематан дийнахь хьогаллех а ларво. Салавато Делан лай, куьг а лаьцна, Сират тIайл дехьа воккхур ву, цуьнан ког шаршуьйтур бац, иза охьа а кхетуьйтур вац.
Дийнахь эзарза (цхьа эзар) салават диллина верг кхелхар ма вац Ялсаманехь йолу шен меттиг гиний бен, Ялсамани кхачарца маликаша иза декъалвиний бен.
СагIина хIума яла таро йоцчунна сагIа хилла дIахIуттур ду салават. Дийнахь бIозза салават диллина волчунна (дуьллуш волчунна) бIе дика яздийр ду, цуьнан бIе хьашт кхочушдийр ду: 70 эхартахь а, 30 хIокху дуьненахь а.
Салаваташ дахкарехь соввийлар дийнахь а, буьйсанна а хаддаза Iибадат дар санна ду. Далла уггаре а дукха езачу Iамалех цхьаъ ю салаваташ дахкаран Iамал. Къематан дийнахь уьш дехкинчарна нур хилла дIахIуьттур ду салаваташ, иштта Сират тIайх дехьа волуш а, нур хилла, къегаш хир ду уьш.
Салаваташ дукха дохкуш волу стаг АллахIана уггаре а дукхавезаш волу, Цунна уггаре а гергара волу стаг хуьлий дIахIутту. Салават дуьллуш волчу стеган дог мекханах цIанло, ойла цIанло, цуьнгахь шалхонаш ца хуьлу, цо цIар-хазмана хIума ца леладо. Цуьнан дерриге а Iибадат АллахIан дуьхьа хуьлу.
Салаваташ дукха дахкаро Къематан дийнахь вайн Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хьостана (Хьавз) тIекхачаво. Салават АллахIа шен лайн доIина жоп даларна бахьана хуьлий дIахIутту. Цо стаг ларво Ялсамани чу вуьгучу некъах тилаваларх.
Салават дилларна марзвеллачунна ша лелочух беркат хир ду, иза Дала вуочух ларвийр ву.
Салаваташ дахкаро совдоккху Мухьаммад Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) везар. Салаваташ дахкаро адамаш гIийбат дарх лардо, адамаш дезар совдоккху, цаьрца йолу юкъаметтигаш тойо, аьхна йо.
Шех оццул боккха пайда болуш, йоккха ял хуьлуш, беркат долуш долу салават ца дуьллуш муха Iийр ву тIаккха? Тахана вайх наггахь верг а хир вац-кха дийнахь цхьа эзар салават дилла аьтто боцуш. Цхьа сахьт хан а ца оьшу-кх оццул Iибадат дан. ТIаккха ма дилла дезар-кха вай Пайхамарна (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) деза салават: «АллохIумма солли Iала Мухьаммадин ва Iала али Мухьаммадин ва салам» аьлла.
С.ХУСЕЙНОВ
№135, шинара, гIуран (декабрь) беттан 27-гIа де, 2016 шо