Иорданерчу нохчашкара – декъалдар

Чекхдели 2016-гIа шо, мел гинарг а, мел лайна дика-вуон а шеца дIахьош. Даймахкана генахь болуш кхин цхьа шо дIадели Урдунехь болчу нохчашна.

Генахь хиларх, цкъа а дицдина дац дай баьхна латта. Цкъа а бицбина бац я бицбийр бац тхайн нах. Шен нах, шен Даймохк, шен паччахь мел доккха хIума ду хуур дац хийрачу нахана юкъахь ца ваьхначунна. Ненан мотт а, нохчийн ламасташ а, дегнаш чохь йолу нохчалла а уггаре а дезачех ду Урдунерчу нохчашна. Хийла бIаьрхиш Iенийна, Даймахкара шайн дагалецамаш буьйцуш, юьхьанца цIера баьхкина хиллачу баккхийчу наха. Уьш кхелхина мел дукха хан яларх, цара битина Даймахкаца болу безам даг чохь латтабо кегийчара.

Даима, дезденош тIедогIуш вайн цIахь дерг тидаме оьций, «ЦIахь, вайн нахана юкъахь, мел хаза хир ду даздарш», бохуш, хьоьгуш хуьлу кхузара нохчий. Самукъане зама шайна безачаьрца яккха лаьа адамашна. Оцу кеппара, хIара Керла шо тIедогIуш а, тхан синош Даймахке кхийда.

Керлачу шарца Дала декъалбойла вайн Даймохк! Ирс-беркат ма эшадойла шун хIусамашкахь. Вуон мел дерг шеца дIахьойла дIадоьдучу шаро, кхин цхьа а вуон ма гойла вайна ДегIастанахь. Вайн Рамзан Дала Iалашвойла. Даима а санна, шен нахана дика мел дерг дан Дала хьуьнар лойла цунна.

БЕНО Мохьмад

БАКИР Iабдул-Хьамийд

№136, пIераска, гIуран (декабрь) беттан 30-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: