А.Бетербиевн бIаьрла толам

Канадерчу Квебек шахьарарчу Las Leami Cazino рингехь масех де хьалха вайн корматаллин боксер Бетербиев Артур Аргентинерчу боксерца-панчерца Исидро Приетоца буйнаш тухуш летира. Оцу цхьаьнакхетаре хьажа сатесна болчу дуьненаюкъарчу миллионаш боксъезархошна юкъахь эзарнаш нохчий а бара.

-------------------------------------------------37802

«Муха кечамбина те Артура? Муха летар ву-те иза?» – бохучу хаттарша чIогIа сагатдора. Амма латар дIадоладелла масех секунд а ялале гучуделира вайн махкахо, даима санна, толам баккхаран ойланца ринга юккъе ваьлла хилар. Цхьа минот а ялале, аьрру буй тоьхна нокдауне вахийтира цо ша-шех чIогIа бIобулуш хилла волу Исидро Прието. Реферис, ишттачу хьолехь даима а деш ма-хиллара, иссанна тIекхаччалц дагардира, Аргентинера боксер меттавеаний хьожуш. Иза дагардина ваьлча боксеро ша кхидIа а лата кийча ву элира.

Иза юха а лата дIаволавелира. Делахь а, лууш хиллехь а, Артурах лата кийча ца хиллера боксер. А.Бетербиевс хIинца тоьхна-тоьхна нокауте вахийтира иза. Нохчичунна 12 раундехь дIадахьа дезачу цхьаьнакхетарехь цхьа раунд а ца ийшира Аргентинин дозалла долу И.Прието тоьхна вожо а, бIаьрла толам баккха а.

– Баккъал а аьлча со иштта сиха иза сайга эшалур ву а, нокауте вахийталур ву а аьлла хеташ вацара. Шийтта раундехь лата кечвелла вара со. Иштта сиха цхьаьнакхетар чекхдер ду бохург дагахь дацара, – элира Бетербиев Артура цхьаьнакхетар чекхдаьлча ша еллачу интервьюхь. Иза тIечIагIдира цуьнан тренера Марк Ремсейса. Билгалдаккха деза вайн боксер Бетербиев Артур «Ахмат» клубан декъашхо хилар а, оцу клубехь кхиъна хилар а. Цундела ларамаза дацара цо ша рогIера толам баьккхича Нохчийчоьнан Куьйгалхочунна а, клубан куьйгаллина а баркалла аьлла хилар а, цунна тIехь Кадыров Ахьмад-Хьаьжин сурт долу футболка хилла хилар а. Нохчийн дерриге а халкъана юьхькIам бу иштта похIме корматаллин боксер вайн хилар.

С.ХАМЗАТОВ

№136, пIераска, гIуран (декабрь) беттан 30-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: