Берийн художник

20131125_100039

Вайн къоман берийн журнал цхьаъ бен  дац. Иза шен чулацамца, басаршца, суьрташца  берашна дезаделла «СтелаIад» журнал ду. Журнал цхьаъ бен цахиларо санна тамашийна хета нохчийн художникашна юкъахь берашна лерина суьрташ дохку художник а цхьа наггахь бен  цавалар.

Вайн къоман берашна лерина  суьрташ дохкург цхьа а шеко йоцуш ша а ву нохчийн къомах бен хила йиш йоцуш. ХIунда? Цкъа-делахь, цунна  нохчийн берийн психологи, вад довза деза, вайн къоман амалаш, забарш хууш хила  веза берашца  болх беш волу художник. Муьлххачу  цхьана  дийцарна я байтана  лерина сурт дилла аьлча, кхечу къомах волчо иза цкъа а дуьллур дац вайна хьаште долчу  куьцехь.  Ткъа тIаьхьарчу хенахь къаьсттина хаза, самукъане а ду журнала тIера  суьрташ. Мила ву церан автор  аьлла оха шайга  хаьттича тхуна  вийцинарг Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн  институтан студент вуй  хиира. Иза вовза хиира  тхуна.

Берийн художник Эльдаров Тамерлан вина 1994-чу шарахь Аргунехь. Циггара №2 йолу  школа чекхъяьккхина цо 2012-чу шарахь.Жима  волуш дуьйна а вара иза къолам, кехат дукхадезаш. Цуьнан са лаьтта меттиг суьрташ дахкар дуйла хиъча, баккхийчара иза Аргунерчу исбаьхьаллин  берийн школе деша велира. Эццахь дуьйна а кIентан похIма кхуьуш, хаарш совдуьйлуш дIаяхара  зама.

Эльдаров Тамерлана жигара дакъалоцура гIалин а, районан а, республикин  а конкурсашкахь, хIоразза а тоьлла меттигаш, совгIаташ а дохуш. Берийн исбаьхьаллин школа кхиамца чекхъяьккхина, Тамерлан карарчу хенахь лакхахь хьахийначу хьехархойн институтан искусствон факультетан 2-чу курсан  студент ву. Цо болх бо «живопсиь», пейзаж, «портрет»  жанрашкахь а, эксперсеионизмехь а..

Масал оьцу дуьненахь гIарабевллачу художникех. Иштта исбаьхьа литература а, философи а дукхаеза цунна.

2012-чу шарахь дуьйна берийн  «СтелаIад» журналана суьрташ дохкуш, цуьнан  коллективан тешаме  накъост хилла схьавогIуш а  ву.

Дуккха а деша деза  цуьнан, цул тIаьхьа зеделларг  гулдеш, къахьега а оьшур  ду. Къахьегаро бен ца кхочуьйту шена дукхаезачу говзаллин баххьашка. Нохчийн художникашна юкъахь цхьа наггахь карош долу «жовхIар» санна  везаш-оьшуш художник хилла вевзар ву Тамерлан, дала мукъ лахьа.

Дала аьтто  бойла, хьан Тамерлан.

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА

Авторан сурт

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: