ХIора а шеран гIуран (декабрь) беттан 27-чу дийнахь Россехь билгалдоккху кIелхьардахархочун де. Бохам хилла хьал хIоьттича, массарал а хьалха орца даьккхинчу метте дIакхочуш берш, шайна болчу кхераме ца хьоьжуш, адамаш, дийнаташ кIелхьара дохуш берш МЧС-н белхахой бу. КIелхьардахархочун корматаллин де санна Россехь иза билгалдаккха долийна 1990-чу шеран гIуран (декабрь) беттан 27-чу дийнахь дуьйна. Цу хьокъехь болу сацам арабаьккхира РСФСР-н Министрийн Совето.

Ткъа Россин Федерацин Президентан 1995-чу шеран лахьанан (ноябрь) беттан 26-чу дийнахьлерчу №1306 йолчу Указаца тIечIагIдира Россин кIелхьардахархочун де хIора шарахь гIуран (декабрь) беттан 27-чу дийнахь берриге а махкахь даздеш хилар.
Вайн махкахь чрезвычайни хьолан министерство (МЧС) 26 шо хьалха, оццу дийнахь вовшахтоьхна. Иза ца хилча йиш яцара дуьненан доьалхалгIа дакъа дIалаьцна болчу вайн боккхачу махкахь. ХIунда аьлча, хIора денна бохург санна нислора кIелхьардахархойн орца оьшуш йолу меттигаш: хиш дестар, цIе ялар, мохк бегор, и.дI.кх. Цу тайппана бохамаш хилча адамаш, дийнаташ зенах, зуламах лардан, уьш кIелхьардаха говза болу нах шена юкъахь болу цхьа ведомство оьшура. Цундела иза вовшах а туьйхира. Цигахь болх бан буьйлабелира лаккхара корматаллаш йолу, кIелхьардахаран гIуллакхна охIла болу хьуьнаре, майра нах. Оцу ведомствон вайн махкахь сий-ларам бан болийра дукха хан ялале.
Тахана дуьненахь дика цIе йоккхуш ю Россин чрезвычайни хьолан министерство. Мохкбегийна, цIе яьлла, хиш дистина я кхин кхерам хIоьттина хьал хилча кхечу пачхьалкхаша шайна гIоьнна кхойкхуш ерг вайн МЧС ю, цуьнан белхахой а бу. Иза данне а ларамаза а дац. Лаккхара говзалла, доьналла, майралла йолуш, хIайтъаьлла бу вайн кIелхьардахархой. Мел кхераме хьал хIоьттича а бIокъажош бац уьш. Цара иза дIагайтина Италехь мохк бегийча, Израилехь цIерш евлча, Индехь хиш дистича, дуккха а кхечанхьа. Кхидерг ца хьехийча а тоьар ду Шемахь а, Украинехь а цара дина а, деш долу а гIуллакхаш. ХIокху деношкахь рогIера гуманитарни гIо дахьийтина оцу ведомство Донбассе. Алеппон бахархошна маьршачу дахаре юхаберза гIо деш бу МЧС-н цхьаболу белхахой. Шайн корматаллин дезачу дийнахь а цкъа а мукъа Iаш бац уьш.
Церан хьанал къинхьегам билгалбоккху пачхьалкхан лаккхарчу совгIаташца. ХIора шеран гIуран (декабрь) беттан 27-чу дийнахь кIелхьардахархой шайн корматаллин денца декъалбо Россин куьйгалхоша. Иза хIинца хаза ламаст хилла дIахIоьттина. ХIокху шарахь а мехкан Президента В.Путина МЧС-н белхахой декъалбира шайн корматаллин денца. Билгалдехира хиш дистича, цIерш евлча, цаьрца къийсам дIабахьарехь цара шайгара гайтина хьуьнарш.
Нохчийчоьхьарчу кIелхьардахархойн къинхьегаман хазна а ю Россин МЧС-н кхиамашна юкъахь. ХIора дийнахь, лаккхарчу самонца шайн белхан декхарш кхочушдеш бу уьш. Кийча бу муьлхха а бохам юхатоха, орцаха кхача. Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана хаддаза терго латтайо церан балха тIехь, царна оьшучунна тIехь гIо а до. Цуьнга хьаьжжина лаккхарчу жоьпаллица шайн декхарш кхочушдо вайн республикерчу кIелхьардахархоша.
Хь.САИДОВ
№136, пIераска, гIуран (декабрь) беттан 30-гIа де, 2016 шо