Муьлххачу къоман а са – цуьнан мотт бу. Ша шен къоман дакъа а хеташ, цуьнан дахарца вехаш волчо маттаца уьйраш а тосуш, иза Iама а бо, бийца а буьйцу. Ишттачарах ву Гуноев Адам-Эми а.
Ханна ша жима вара аьлла ца Iаш, нохчийн мотт безаш а, буьйцуш а ву Адам-Эми. Цунна бIаьрла масал ду, дерриге а дуьненахь а нохчийн маттахь цхьаъ бен доцчу вайн къоман «Даймохк» газетехь иза сих-сиха хьошалгIахь хуьлуш хилар а, къоначу газетдешархойх уггаре а жигара иза хилар а.
Дала нохчийн мотт безарехь а, бийцарехь а кхин соввоккхийла Адам-Эми!
№136, пIераска, гIуран (декабрь) беттан 30-гIа де, 2016 шо