Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Россин Турпалхочун Кадыров Рамзанан декъалдар

Лараме махкахой!

Декъалдо шу Керлачу 2017-чу шарца!

57f3b388339f7

Чекхдолучу шеран жамIаш деш, вайн тешна хиларца ала йиш ю, экономикин хьал чолхе хилла хиларе хьаьжна доцуш, вай динчу гIуллакхаша вайна таро елира регионан дахаран дерриге а дакъошкахь кхиаран боларш лах ца деш дIадахьа.

Вайн коьртачу кхиамех цхьаъ ду белхазаллин тIегIа лахдина хилар. Бюджетан харжех эвсараллица пайдаэцарца а, инвестицеш жигара юкъаялорца а вайн таро хилира шарахь белхазалла 30 эзар сов стагана лахъян.

ТIаьхьарчу шерашкахь вайн республика инвестицийн хьолан Къоман рейтингехь тешам боллуш хьалхарчарна юкъахь ю. Иза иштта хила хьакъ а дара республикехь кхоьллинчу хьелаша махкара а, дозанал арахьара а компанеш, инвесторш шайн харжаш яккхийчу проекташна юкъайохкуш хилар хьесапе эцча.

Ша аьлча, чекхдолучу шарахь коьртачу капиталана юкъа инвестицеш яхкаран барам 20124,2 миллион соьме кхечира. ХIокху шеран гIуран (декабрь) беттан 1-чу денна Нохчийн Республикехь бюджетера йоцчу инвестицийн чоьтах кхочушйина 100 гергга проект. Кхин а 200 проект кхочушъеш ю. Цо таро лур ю кхин 15 эзар стагана белхан меттигаш хилийта.

Дика кхиамаш бу агропромышленни декъехь а. ХIокху шарахь, импортан метта товараш арахецаран программа кхочуш а еш, вай болх бан йолаялийтира 1 200 етт чохь болу шурин комплекс, 4 000 бежанна лерина докъарийн туш. Дика гайтамаш бу кхачанан а, сурсатех гIуллакхдаран а промышленностехь.

Республикин куьйгалло къаьсттина тидам тIебохуьйту хIусамийн дакъа, дешар, медицина кхиорна. 2016-чу шарахь гIаланашкахь а, ярташкахь а керла 20 сов школа йина. Цо таро елла кхаа рожехь болх беш йолчу школийн барам лахбан. Воккхавево хIусамийн-коммунальни декъехь болчу кхиамаша. Билгалйинчу хенал хьалха дIаяьккхина 50,5 эзар йиъкIов метр тишачу хIусамийн фонд. Керла хIусамаш елла 3 857 стагана.

Нохчийн Республикин коьртачу некъех цхьаъ бу бахархойн могашалла Iалашъяр. Оха Iаьвшшина гIуллакхаш до медицинийн хьашташ кхочушдаран тIегIа лакхадаккхарехьа а, могашалла тоян массеран а аьтто хилийтарехьа а. ХIора а шарахь схьайоьллу керла медицинин учрежденеш, царна чохь кхузаманан тоьлла гIирсаш хуьлу. Болх бо лоьрийн корматалла лакхаяккхарехь. Оцу Iалашонца дуьненахь бевзаш болу говзанчаш кхойкху вай долчу.

Чекхдолучу шарахь баккхий кхиамаш хилла республикин спортан дахарехь. Дуьненан маьIнин иттаннаш турнираш дIаяьхьна спортан тайп-тайпанчу кепашкахула. Царна юкъахь ю «Grand Prix Akhmat – 2016» Дуьненаюкъара турнир. Цигахь дакъалецира дуьненахь бевзаш болчу спортсменаша. Спортан юкъаралло боккха тидам тIебахийтира дукха хан йоццуш Соьлжа-ГIалахь дIаяьхьначу дзюдо латарехула «Золотая лига» Европин клубийн чемпионатана, муай-тай дуьненаюкъарчу турнирана, Россин исторехь дуьххьара НР-н а, ГIажарийчоьнан а вовшахтоьхначу командийн каратэ, киокусинкай кепашкахула дIадаьхьначу къийсадаларшна, греко-римски кепара охьатохархлатаран Россин чемпионатана, кхечарна. Къаьсттина даккхийдедо вай кхиийначу спортсменаша баьхначу бIаьрлачу толамаша. Чекхдолуш долу шо хала деара лаьмнийн кIошташкахь бехачу бахархошна. ЧIогIа догIанаш даьхкинчул тIаьхьа хиллачу токхамаша цIенош дохийна бисира Веданан, Нажи-Юьртан, Шуьйтан кIошташкара иттаннаш доьзалш. Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу регионан юкъараллин фондо сингаттам тIебеача тесна ца битира уьш. Цхьа бутт а балале керла цIенош дира царна.

Нохчийчоьнан бахархошна гуш бу хуьлуш болу дика хийцамаш. Церан хьакъ боллу мах а хадабо цара. Иза цара тIе а чIагIдира 2016-чу шеран товбецан (сентябрь) баттахь дIабаьхьначу харжамашкахь. Цара массара а кхаж тесира Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас болийна некъ кхидIа а дIабахьарехьа. Оха дозалла до тхайна иштта тешам баларх. Оха кхул тIаьхьа а тIетаьIIина болх бийр бу бахархойн дахар-Iер тодарна тIехь.

Хьомсара доттагIий! Вай 2017-чу шаре довлу керлачу Iалашонца, планашца, сатийсамашца. Тешна ву республика социально-экономикин кхиорехь, инвестицийн политика кхочушъярехь, туристийн кластер кхолларехь, промышленни дакъа кхиорехь, дуккха а кхийолу программаш кхочушъярехь билгалйина Iалашонаш кхочушйийриг хиларх. Цу тIехь тхоьгахь тешам кхуллу федеральни центро гIолоцуш хиларо а, республикин бахархойн тешамо а.

Чекхдолучу шарахь мехкан зовкхан дуьхьа къа мел хьегнарг даггара декъалван лаьа суна. Лаьа шу ирсе хуьлийла, шун ондда могашалла, аьтто хуьлийла!

Керлачу шарца!

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: