Юкъараллин-консультативни советан кхеташо

ХIокху деношкахь Нохчийн Республикин Куьйгалхо волчохь йолчу Къаьмнийн юкъаметтигийн юкъараллин-консультативни совето Соьлжа-ГIаларчу Радион цIийнехь къаьмнийн юкъаметтигашна лерина кхеташо дIаяьхьира. Цигахь дакъалоцуш бара Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министран заместительш Элембаев Iалихан а, Ахмадов Хьасан а, оцу министерствон зорбанан а, хаамийн а департаментан директор Вахидов Iилман а, къоман политикин департаментан директор Хатуев Ислам а, фольклорист Мунаев ИсмаьIал а, Нохчийн Республикехь йолчу къаьмнийн-культурин туьшийн куьйгалхой а. Кхеташонан дакъалацархоша жамIаш дира 2016-чу шарахь совето бинчу белхан.

2_w1200_h800

Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствон зорбанан а, хаамийн а департаментан директора Вахидов Iилмана билгалдаьккхира, 2016-чу шарахь совето кхо кхеташо дIаяьхьна хилар, царах шиъ – Невран а, Шаройн а кIошташкахь.

– Совет, хууш ма-хиллара, шена тIедехкина декхарш дика кхочушдеш схьайогIу. Вай гул а ло, кхеташонаш дIа а хьо, республикехь йолуш йолу проблемаш йийцаре йо. Вайна хаа деза – Совет республикехь йолу къоман политика кхиоран а, къаьмнийн а, динийн а юкъаметтигаш тояран а Iалашонца кхоьллина хилар. Оцо вай декхарийлахь до республикехь къоман политикица йоьзна йолчу проблемашна жоьпалле хила а, – элира I.Вахидовс.

Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министран заместитела Элембаев Iалихана билгалдаьккхира Нохчийн Республикин Куьйгалхо волчохь йолчу Къаьмнийн юкъаметтигийн юкъараллин-консультативни советан болх керлачу тIегIана тIе баккха безаш хилар.

Иштта хьахийра оцу Советан дакъалацархошна меттигашкара хьал девзаш болу бакхий нах а юкъаозийча пайдехь хирг хилар.

Нохчийчохь бехачу ногIийн проблемех а, хиндолчух а, иштта ногIийн историх а, къоман башхаллех а лаьцна дийцира Шелковски кIоштан Сары-Су юьртарчу культурин цIийнан белхахочо, Нохчийн пачхьалкхан культурин а, искусствийн а колледжан хьехархочо Тилеков Амирхана.

– Нохчийн Республикера ногIий таханлерчу дийнахь шайн культура кхио а, шайн гIиллакхаш а, ламасташ а лардан а бакхий аьттонаш болуш бу. Уьш республикин тайп-тайпанчу дакъошкахь къахьоьгуш бу, республика кхиорна юкъа хьакъдоллу дакъа дуьллуш а бу, – билгалдаьккхира А.Тилековс.

Цхьаьнакхетар дерзош, Элембаев Iалихана дийцира къаьмнийн юкъаметтигаш чIагIъяран Iалашонца 2017-чу шеран кхолламан (январь) баттахь «Нохчийн Республикин къаьмнийн дуьне» цIе йолу проект Нохчийн Республикехь кхочушъян йолориг хиларх лаьцна. Советан дакъалацархой, шайна юкъахь Нохчийн Республикин къаьмнийн-культурин туьшийн векалш а болуш, и проект кхочушъярехь жигара дакъалаца дагахь бу.

I.МУРТАЗОВ

№136, пIераска, гIуран (декабрь) беттан 30-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: