Юха а тIекхечи Керла шо! Вуон мел дерг шеца дIахьош дахана хуьлда 2016-гIа шо! Нийса хир дацара цуьнан массо де а вайн дахар кхалош дара аьлча. Маьлхан зIаьнаршца вайн ирсе яххьаш къагош даьхкинарш санна, сингаттаменаш нислора царна юкъахь, наггахь бен ца нислахь а. Уьш кхин цкъа а юхадогIур дац! Цундела хьерча вайх яйчу гIайгIанан марха. Дагна там беш деанчу массо а хIуманах къаста Iаламат хала ду.
Делахь а, тIедогIучу 2017-чу шарца боьзна кхин а дукха сирла сатийсамаш бу вайх хIоранан. Керлачу анайисте дIагIерта синтем боцу дог. Маьршачу дахаран некъех дегайовхо хьерча, и некъаш ирсо кхелина хиларна тIехь ойла сецош. Амма мел генахула гуо туьйсуш делахь а, Далла хастам бу уьш Нохчийчу юхадоьрзуш. Кхунах девлла ирсе хуьлийла ма дац вайн. БIешерийн кIоргенера таханене кхаччалц вайн оьздачу дайша шайн хьацарца, цIийца хьандина латта ма ду хIара! Зуламан мехаша букара дарц хьийзорах, собарх, доьналлех, гIиллакхех ца хедаш, даима къонахийн ага хилла схьадеана. Къонахийн яхь, мехкарийн эхь – син бIаьвнаш хеташ баьхна вайн дай. Бакъду, кхин цхьа синмехалла хилла церан йоIбIаьрг санна ларъеш, хьекъош, Iалашъеш. Иза ненан мотт хилла!
Дуьххьара адам дуьнен чу догIуш нанас хьосту мотт! Аганан иллица хьан лерса хьистина мотт! Дененан туьйранашца зевнечу иллех бекна мотт! Хьан цIий дагош, синпхенаш малдеш ден весет даг чу дижийна мотт! ТIаьххьарчу новкъа хьо воккхуш, бармин га лацале, дуьненан тIаьххьара де, эхартан хьалхара де хьан декъалдеш накъосташа дош олу мотт! Тахана тишбелла кIархаш санна, ширъелла кхаба санна, мурйоьлла дечиг санна, сийдойъуш вай юьстахкхосса хьийзош болу ненан мотт! Га доцу сара санна, ваша воцу йиша, цхьаъ бен воцчу кIантах хаьдда нана санна, гIийла бу тахана вайн нохчийн мотт! Амма мел еха буьйса а цкъа мацца а чекхйолу, сирлачу Iуьйрено букъбелла бода эккхош! Делан къинхетам доза доцуш боккха бу! Цундела теша лаьа, тIедогIу 2017-гIа шо халкъана, махкана, нохчийн маттана беркате догIург хиларх! ХIора хIусаме ирс дохьуш догIийла иза! ХIора нохчичунна синтем бохьийла тIедогIучу 2017-чу шаро! Беркат кхочийла массо а хIусаме!
Хастам хиларо, АллахI-Дала нохчийн къомана совгIатана беллачу вешан ненан маттана вай муьтIахь деш, бийца Iамош, вайх хIоранна и марзбеш, сих булуьйтуш догIийла 2017-гIа шо! Нохчийн матто зазахецна, дуьне серладаьккхина, цуьнан марзоно вайн дегнаш Iабош догIийла 2017-гIа шо! Когаш кIелхьара, неIсагIера нохчийн маттана паргIат, баьрчебала пурба луш догIийла 2017-гIа! Веза-Воккхачу Дала хьекъал, доьналла лойла вайна 2017-чу шарахь ненан мотт васхалабаккха а, цIеначу даггара цуьнан сий-пусар дан а. Дала декъалдойла шу тIедогIучу 2017-чу шарца! Вайх хIора а дог мел лаьттачу дикане кхачавойла Керлачу 2017-чу шарахь! И диканаш нохчийн маттахь дийца лаам кхуллуш догIийла 2017-гIа шо!
А.ДАЧАЕВА
№136, пIераска, гIуран (декабрь) беттан 30-гIа де, 2016 шо