ХIокху деношкахь Нохчийн Республикин къоман музейхь суртдиллархочун Аласханов Зайндин суьртийн «Души прекрасные порывы» цIе йолу гайтам схьабиллира. Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин культурин министра Дааев Хожа-Баудис, Яздархойн союзан председатела Ибрагимов Кантас, З.Аласхановн гергарчара, иза вевзачара, цуьнан кхолларалла езачара а. Шен рогIера суьртийн гайтам шен тренер хиллачу Багаев Дэгина леринера Зайндис. Гайтамехь хьовсархойн кхиэле диллинарг а 60 сурт ду.

– Зайнди ца вевзачарна мотта тарло, иза даима а суьрташ дохкуш хилла ву, аьлла. Амма иза иштта дац. Зайнди паргIатчу кепара охьатохархлатаран СССР-н чемпионатан призер а, Россин хьакъволу тренер а ву. Даима а спортан декъехь къахьегна цо. Цо баьхначу кхиамаша вайн нохчийн халкъана боккха юьхькIам бина. Ткъа суьрташ дахкарехь цо къахьоьгу дукха хан яцахь а, цуьнан белхашка хьаьжча гуш ду, цу декъехь а цуьнан похIма хилар. Тахана а спортан декъехь болх бан а, суьрташ дахка а – массанхьа а иза дика ларош ву. Майрра ала йиш ю, Зайнди нохчийн къоман дозалла ду, аьлла. Багаев Дэгина лерина суьртийн гайтам вовшахтохар мехала гIуллакх ду. Цуьнан балхах бIаьрг тоьхча, хаало цо царна тIехь даггара къахьегна хилар. Дала дукхавахавойла хьо тхуна, Зайнди. Тхо теша, ахь хьайн керлачу белхашца тхан самукъадоккхург хиларх», – элира Х.-Б.Дааевс.
Россин Суртдиллархойн союзо Зайндина яийтина йолу «Духовность, традиция, мастерство» цIе йолу дашо мидал дIаелира Хожа-Баудис.
Яздархойн союзан цIарах З.Аласханов декъалвира Ибрагимов Кантас. Цо билгалдаьккхира, Зайнди санна волу къонах тIекхуьучара шех лаьцна книга язъян а хьакъ хилар.
– Бакъдерг дийцича, Зайндин суьрташ суна тахана дуьххьара гуш ду. Цундела, дукха лерина хьаьжира со цуьнан хIора а балхе. ХIора а стага шен кхоллараллин муьлххачу а балхана шен синан цхьа дакъа дIало, шен цхьа истори, хилларг гойту. Изза хааделира суна Зайндин суьрташкахь а. Хан-зама сиха дIайоьду. ТIекхуьучу тIаьхьенна а, церан тIаьхьенашна а иэсехь латта хьакъ ду хьо саннарг. Со тешаш ву, цкъа мацца а цхьамма хьоьх лаьцна книга язйийриг хиларх, – элира цо.
Иштта дуккха а кхечара а довха дешнаш элира З.Аласхановх лаьцна. Церан хIораннан а къамелехь хаалора, Зайнди баккъал а доьналлица, майраллица дахарехь чекхволуш хилар.
– Ша бинчу белхан наха лаккхара мах хадорал деза совгIат хир а дац аьлла хета суна. Иштта, со лара а лерина, шу тахана кхузахь гулделла хилар суна доза доцу хазахетар ду. Ас бинчу балхах лаьцна шух хIораммо а аьлла дош суна къаьсттина мехала ду. ХIара гайтам вовшахтухуш гIо-накъосталла диначарна а, кхузахь дакъа мел лаьцначарна а даггара баркалла боху ас, – элира З.Аласхановс.
З.ХАСИЕВА
№136, пIераска, гIуран (декабрь) беттан 30-гIа де, 2016 шо