Билгалдаьккхира Бурчаев Хьаьлиман 60 шо кхачар

Зорабанан цIийнехь билгалдаьккхира Нохчийн Республикехь везаш, лоруш волчу литературин критикан, гочдархочун, публицистан Бурчаев Хьаьлиман 60 шо кхачар.

12_w1000_h700

И гIуллакх вовшахтоьхнарг Нохчийн Республикин Яздархойн союз а, «Даймохк» газетан редакци а яра. Даздаршка баьхкинчарна юкъахь бара Яздархойн союзан председатель Ибрагимов Канта, цуьнан заместитель Мамакаев Эду-Хьаьжа, Нохчийн Республикин Iилманийн академин вице-президент Дадашев Райком, дешаран а, Iилманан а министран гIоьнча Умхаев Хьамзат, Нохчийн Республикин Журналистийн союзан председатель Хатуев Ислам, яздархой Нунуев Сайд-Хьамзат, Кусаев Iадиз, Минкаилов Эльбрус Цуруев Шерип, Саиев Iумар, Хьаьлимаца белхаш беш хилла цуьнан накъостий, гергара нах.

Суьйре дIахьош яра Нохчийн Республикин хьакъйолу журналист Газиева Аза. Сцени тIехь дIатоьхначу баннера тIехь юбиляран дешнаш дара «Цхьаммо а дIахьур бац эхарта бахам. Цу чохь вай югIур яц гIала. Ткъа суна-м тоьур ду, нагахь сох наха: «Дика стаг вара и…» алахь!» Бурчаев Хьаьлим дика стаг а, цIена адам а, Iилма долуш говзанча а ву. Оцу дешнашна дуьхьала цхьа а хир вац аьлла хета суна.

Юбиляран суьйрене веанчу К.Ибрагимовс элира: «Хьаьлимаца 2–3 шарахь Яздархойн союзехь болх бар нисделла сан. Хьаьлимана санна нохчийн мотт дика хуурш кIезиг бу вайн. Кхунна дан лерина совгIат ду Яздархойн союзан. Дала мукъ лахь, тIедогIучу 2017-чу шарахь оха дуьххьара зорбане йоккхун ерг Бурчаев Хьаьлиман критикин статьяш тIехь йолу книга хир ю».

Э.Минкаиловс, нийса тидам беш, мах хадийра Хьаьлиман гIиллакх-оьздангаллин: «Хьаьлим 60 шо кхочуш велахь а, хIинца а шен цхьа книга зорбане яккха кхиъна вац. Амма иза дац цуьнан белхаш бацара бохург. Мухаллен а цо гойту шениг доцург массеран а гIуллакх хьалха доккхуш иза хилар. Хьаьлим дика гочдархо а, дика критик а ву. Дала могаш-маьрша дукхавахавойла хьо, Хьалим!». Умхаев Хьамзата, министран цIарах декъал а веш, Сийлаллин грамота а елира, ахчанан совгIат а дира юбилярана. Иштта мехала дара Умхаев Хьамзата Хьаьлиман цIарах аьлла дешнаш а: «Хьаьлим шатайпа стаг ву. Нахана ву-вац ца хууш, вайн мехкан дуьхьа мел дечу дикачу гIуллакхна юкъахь хьанал къахьоьгуш ву. Нохчийн маттаца болх барехь гIо оьшуш киртиг тIехIоьттича даима а, массарна а карош а ву».

Юбилярах лаьцна хаза, довха дешнаш элира яздархоша Кусаев Iадиза, Нунуев Сайд-Хьамзата, Саиев Iумара, «Вайнах» радион редактора Махмаева Маликас, поэтан Гацаев СаьIидан йоIа Гацаева Элинас, иштта дуккха а кхечара.

Дашаев Райкома ма-аллара, Бурчаев Хьаьлим ца хилча «Таллам» журнал хьовха, дукхах долу газеташ, журналаш, книгаш ялур яцара. Дика гочдархо, литературин дика критик ву иза. Цуьнан йиша-ваша а иштта Iилманца, дешарца къахьоьгуш бу вайн республикехь. Академин президентан Гапуров ШахIруддин цIарах Сийлаллин грамота елира цунна Райкома.

Суьйре дIахьош йолчу А.Газиевас кхин цкъа а билгалдаьккхира Хьаьлим гочдар, критика жанрашкахь болх бина Iаш цахилар. Цо поэзехь а, прозехь а къахьоьгу. Иштта, цу суьйрене веанчу Нохчийн Республикин халкъан артиста Усманов Iимрана Бурчаев Хьаьлиман дешнаш тIехь ша даьккхина илли элира.

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА

№136, пIераска, гIуран (декабрь) беттан 30-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: