ХIокху деношкахь Грозненски кIоштарчу ГIуларахь дIаяьхьира кхиазхошна юкъахь Нохчийн а, ГIалгIайн а республикийн хьакъволчу тренерна Эскерханов Абубакарна лерина греко-римски кепара охьатохархлатарехь хьалхеяккхаран турнир. Цигахь йозаллин 14 категорехь дакъалоцуш бара шина а республикера спортсменаш. Къийсадаларш шина дийнахь дIадаьхьира.
Финалехь шайн-шайн йозаллин категорешкахь толамаш бехира вайн махкахоша: А.Исраиловс (20 кг.) – ДЮСШ №7, И.Дакаевс (23 кг.) – ДЮСШ №7, А.Исмаиловс (26 кг.) – ДЮСШ №7, А.Гильхаевс (29 кг.) – ДЮСШ №5, Э.Закриевс (30 кг.) – ДЮСШ №7, И.Магомадовс (32 кг.) – ДЮСШ №3, М.Тимиговс (38 кг.) – Новр-ГIалин ДЮСШ, А.Ибрагимовс (41 кг.) – ДЮСШ №4, Р.Вацуевс (44 кг.) – ШВСМ, С.Сатуевс (47 кг.) – ДЮСШ №3, М.Заматаевс (50 кг.) – Новр-ГIалин ДЮСШ, М.Гигиевс (54 кг.) – ДЮСШ №1, И.Забаевс (58 кг.) – ДЮСШ №7, А.Дошукаевс (66 кг.) – ДЮСШ №3. Толамхой билгалбехира кубкашца, мидалшца, Сийлаллин грамоташца.
З.ШИШХАНОВА
№136, пIераска, гIуран (декабрь) беттан 30-гIа де, 2016 шо