«Сан дай баьхна латта»

ХIокху деношкахь Х.Нурадиловн цIарахчу Нохчийн къоман театрехь Дикаев Мохьмадан 75 шо кхачарна лерина «Сан дай баьхна латта» цIе йолу суьйре дIаяьхьира. Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин культурин министра Дааев Хожа-Баудис а, Iилманан а, кхоллараллин а интеллигенцин векалша а, кхечара а.

Дикаев Мохьмадан юбилейна лерина йолу суьйре дIахьош яра Нохчийн Республикин культурин а, искусствийн а хьакъйолу гIуллакххо Ахмадова Хьава. Концерт дIайолош, цкъа хьалха цо бовзийтира Дикаев Мохьмадан дахаран а, кхоллараллин а некъ.

М.Дикаевн дешнаш тIехь даьккхина илли аларца концерт дIайолийра къоначу иллиалархочо Байкаев Мурада. Цигахь дакъалецира дуккха а артисташа: Минцаев Мовсара, Усманов Iимрана, Межидов Сахьаба, Токаев Сулеймана, Ташаева Марема, Кагерманова Раисас, Дадашева Тамарас, Эбиев Илеса, Хайдаров Майрбека, Исмаилов Ризавдис.

Нохчийн къоман театран актераша «Нохчийн махкахь – нохчийн маттахь» спектакла юкъара кийсак гайтира. Суьйре дIахьочу хенахь Ахмадова Хьавас юкъ-кара Дикаев Мохьмадан байташ йоьшура.

М.Дикаевн дешнаш тIехь даьхна иллеш халкъана дукхадезаш хиларан цхьа а шеко яц, делахь а, хIоразза санна, оцу суьйренехь а гуш дара, цуьнан дешнаш адамийн дагах кхеташ хилар а, ойлане бохуш хилар а. Мохьмадан доттагI хилла, цуьнца цхьаьна дешна хилла композитор Ганаев Олхазар вара цуьнан байташ исбаьхьчу мукъамашка ерзийнарг.

З.ЛОРСАНОВА

№136, пIераска, гIуран (декабрь) беттан 30-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: