Россин Федерацин социально-политикин къилба билгалдеш долу пачхьалкхан кхузаманан доьзалан политикин коьрта некъаш ду доьзалийн Iер-дахар тодар, церан ламасталлин мехаллаш Iалашъяр. Россин юкъараллин коьрта Iалашо ю доьзал чIагIбар а, ларбар а. Вайн юкъараллина оьшуш бу аьтто а, таро а йолу доьзалш. Уьш иштта хуьлийла а лаьа. ХIунда аьлча, и санна болчу доьзалан, ша хене баьлла ца Iаш, мехкан хиндолчунна дика тIеIаткъам бан а таро хуьлу.
Пачхьалкхан дерриге а тIегIанашкахь долчу Iедалан, коммерцин йоцчу организацийн, юкъараллийн цхьаьнакхетараллийн, шуьйрачу хаамийн гIирсийн, ткъа иштта бахархойн ницкъаш цхьаьнатохар кхузаманан доьзалан а, демографин а политикин мехала дакъа ду.
ТIаьхьарчу шерашкахь Россин пачхьалкхан социальни политикехь коьртачарах лоруш ду берийн а, бераш долчу доьзалийн а хьелаш тодаран гIуллакхаш. Доьзалан политикехь коьрта декхарш тIехьовсийна ду доьзалан Iер-дахар тодарна, бераш долчу доьзалшна социальни гIо дарна, бераш кхетош-кхиорна.
ТIаьхьарчу шерашкахь бераш долчу доьзалшна пачхьалкхо гIо дар системе доьрзуш ду. Материальни гIодаран керла кепаш ю юкъаялош, хIора шарахь, инфляцин барам хьесапе а оьцуш, индексаци еш ю бераш долчу доьзалшна луш долчу пособешна, цкъа луш долчу ахчанашна. Доьзалан мехаллаш меттахIитторан некъ юьхьарлаьцна. Сацам бина социальни тIехьажам болчу коммерцин йоцчу организацийн болх доьзалан а, берийн а хьашташна гергабалоран хьокъехь.
Россин Федерацин Правительствон 2015-чу шеран хIутосург (май) беттан 29-чу дийнахьлерчу №996-Р йолчу распоряженица чIагIйина ю 2025-чу шаре кхаччалц болчу муьрехь Россин Федерацехь кхетош-кхиор тодаран Стратеги. Цуьнца билгалдоккхуш ду бераш кхетош-кхиор дерриге а къоман стратегин декхар хилар. Цо лоьху граждански юкъараллин тайп-тайпанчу институтийн а, урхалладаран органийн а ницкъаш федеральни а, региональни а, муниципальни а тIегIанашкахь цхьаьнакхетар.
Федеральни тIегIанехь пачхьалкхан гIолацаран гIуллакхаш кхочушдарца цхьаьна Россин Федерацин субъекташкахь кеч а йо, кхочуш а йо бераллин гIолацаран шайн программаш. Тайп-тайпана гIо-накъосталла до дукха бераш долчу доьзалшна, кхочушдо къоначу доьзаллийн хIусамашка долу хьашташ.
Мехкан бахархойн барам лахбалар сецна ца Iаш, лакхабала а болабелла. 2015-чу шеран юьххьехь хиллачуьнца дуьстича бераш 656 эзарна алсамдевлла. Демографин хьал дикачу агIор хийцадаларехь мехала маьIна лелийна тIаьхьарчу шерашкахь бахархойн могашалла тоярна, Iалашъярна, кхалхар лахдарна тIехьовсийна йолу программаш кхочушъяро.
Россин Федерацин Правительствон 2015-чу шеран оханан (апрель) беттан 9-чу дийнахьлерчу №607-Р йолчу распоряженица 2015-чу шарахь чIагIйина Россин Федерацин Правительствон 2914-чу шеран хьаьттан (август) беттан 25-чу дийнахьлерчу №1618-Р йолчу распоряженица чIагIйина йолу 2025-гIа шо кхаччалц болчу муьрехь Россин Федерацехь пачхьалкхан доьзалан политикин Концепцин хьалхарчу муьран 2015–2018-чу шерашкахь кхочушдан леринчу гIуллакхийн план.
Юкъараллехь демографин декъехь хила буьйлабелла дика хийцамаш кхидIа а хилийтаран Iалашонца 2015-чу шеран гIуран (декабрь) беттан 30-чу дийнахь тIеэцна «Бераш долчу доьзалийн пачхьалкхан гIолацаран кхитIе а гIуллакхашдаран хьокъехь» долчу Федеральни законан 13-чу статьяхь хийцамаш баран хьокъехь» долу №433-ФЗ йолу Федеральни закон. Цо ноналлин (доьзалан) капиталан хан 2018-чу шеран гIуран (декабрь) беттан 31-гIа де кхаччалц яхйина. Ноналлин капиталан барам 2007-чу шарахь 250 эзар сом хиллехь, 2015-чу шарахь 453 эзар соьме хьалабаьлла.
2015-чу шарахь а дIахьош дара Россин Федерацин субъектийн тIелацамаш кхочушбарна федеральни бюджетера софинансировани яр. И дарца 2012-чу шеран гIуран (декабрь) беттан 31-чу дийнал тIаьхьа диначу кхоалгIачу, цул тIаьхьа диначу берана, цуьнан кхо шо кхаччалц хIора баттахь ахчанаш далар чIагIдина. И билгалдеш дара Россин Федерацин Президентан 2012-чу шеран хIутосург (май) беттан 7-чу дийнахь №606 йолуш арадаьллачу «Россин Федерацехь демографин политика кхочушъярехула дан дезачу гIуллакхийн хьокъехь» долчу Указан 2-чу пунктаца.
2011–2015-чу шерашкахь «ХIусам» федеральни Iалашонан программа кхочушъяран гурашкахь дIахьош ду «Къоначу доьзалшна хIусамашца кхачояр» подпрограмма кхочушъяр а, 3 а, цул а алсам а бераш долчу доьзалийн хIусамашца долу хьелаш тодарна тIехьовсийна долу гIуллакхаш кхочушдар а.
2015-чу шарахь юккъара дешаран дерриге а гIуллакхаш, дерриге а тIегIанашкахь кхочушдеш йолу дешаран яккхий организацеш (туьшаш) кхолларца а, дешаран организацешна реорганизаци ярца а доьзна хаалуш ду школал хьалхара дешар дIадахьаран а, берийн Iуналла даран а дешаран программашца болх беш йолу организацеш лахъелла хилар. Уьш 1,7 процентана лахъелла. Цуьнца цхьаьна школал хьалхара дешаран, берашна Iуналла даран а, терго яран а дешаран организацеша 2015-чу шарахь кхиийнарш 5,8 процентана алсамбевлла.
Нохчийн Республикин хьокъала йоллучу министерствоша а, ведомствоша а леррина тидам тIебохуьйту бахархойн могашалла Iалашъярна, къоначу доьзалшна массо а агIор гIо дарна, церан дахаран-Iеран хьаш-таш кхочушдарна, хIусамийн хьелаш тодарна. Церан къаьсттинчу тидамехь ду доьзалан а, берийн а могашалла ларъяр, бераш кхетош-кхиор, цаьрга дешийтар. Оцу декъехь деш долчу гIуллакхашна тIехь сема терго латтош ву Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан. И бахьанехь шо-шаре мел дели алсамйовлуш ю наношна а, берашна а дарбанаш деш йолу учрежденеш, дешаран заведенеш, берийн бошмаш.
Хаддаза социальни гIо-накъосталла деш ду дукха бераш долчу доьзалшна. ТIедогIучу шарахь оцу декъехь дан леринарш кхин а дуккха а гIуллакхаш ду.
Д.ПАШАЕВ
№136, пIераска, гIуран (декабрь) беттан 30-гIа де, 2016 шо