Муцураев Олхазаран «Сквозь лабиринты времени» книга зорбане яьлла хIокху деношкахь. Нохчийн а, оьрсийн а меттанашкахь язйина ю, Элистарчу «Джангар» полиграфин комплексехь зорбатоьхна йолу и книга.
Книгин дешхьалхе язйина Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан доцента Асхабов Хаважис. «Цкъа охьахаарх ешна чекхваьлла, хIинца а цуьнан чулацамо тIеIаткъам бина Iаш ву со. Ма-дарра дийцича, со кIеззиг хьоьгуш ву дуккха а пачхьалкхашкахь хиллачу оцу журналистах. Со хилла вац дукха меттигашкахь. ХIара доккха дуьне, цуьнан хазалла гина книгин авторна бIаьргашца. Муцураев Олхазара ша хилла-леллачу республикашкахь, пачхьалкхашкахь дехачу халкъийн истори, культура, Iер-дахар, ламасташ довзуьйту». Луларчу Гуьржийн махкара, генарчу Къилбаседа агIор йолчу гIаланийн бист кхаччалц дехачу адамийн а истори, меттигийн гIуллакхаш дуьйцу. Ала деза, оцу книги юкъа яхна авторан, шен цхьаьнан публикацеш яхна ца Iа, кхузахь журналистийн Арсанукаев Мусан, Эльдерханова Зайнапан шаьш хиллачу пачхьалкхех лаьцна дуьйцуш йолу интервьюш ю.
Книга йоьшуш жимма а хьевелларг, а цо дог-ойла дIа ца лоцуш вуьсур вац. Кегийрхошна дуккха а керланиг, довза хьакъ дерг карор ду историн, литературин, географин дакъошкахь. Иштта пайдехь хир ю О.Муцураевн «Сквозь лабиринты вермени» книга журналисташна, хьехархошна, архитекторшна. Шайн-шайн Iилманехула хаарш тIедузур ду цара книгин чулацам бевзича. Книга кхета атта долччу маттахь язйина, атта ешалуш ю. Дагна ницкъ ца беш, синтеме, синхьааме бу мотт.
Цул сов, оцу книги юкъахь нохчийн халкъан яздархойх Хатуев Iабдул-Хьамидах, Ибрагимов Кантех, ткъа иштта поэтех Ахмадов Рамзанах, Уциев Абух, Шамсудинов Бувайсарах, яздархочух Кацаев Сайд-Хьасанах лаьцна могIанаш а карор ду. Театран а, кинон а актерах Омаев Дагунах а, илланчех, композиторх Усманов Iимранах а лаьцна очеркаш езалур ю аьлла хета ешархошна.
Книгин тираж 3 эзар экземпляр ю.
З.ХИЗИРОВА
№136, пIераска, гIуран (декабрь) беттан 30-гIа де, 2016 шо