Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а, луларчу кхечу регионашкахь а, тахана билгалдоккхуш ду, тIаьхьарчу пхийттех шарахь санна, Кишин воI Кунта-Хьаьжа махкахваьккхина де. ГIайгIанца, сингаттамца билгалдоккхуш ду иза. ХIунда аьлча, кхолламан (январь) беттан шийлачу (3-чу) дийнахь махкахваьккхина Кунта-Хьаьжа а, ткъа иштта цуьнан ваша Мовсар а, устазан уггаре а муьтIахь, тешаме хилла болу мурдаш а. ТIаккха муха хир вац оцу дийнахь гIайгIане а, сингаттаме а?..

Тахана Iуьйранна дуьйна вовшахбетталуш бара Кунта-Хьаьжин мурдаш Нохчийчуьрчу ерриге а бохург санна ярташкахь. Царах цхьаберш шайн устазан ненан – Баба-Хедин зерате а, Хьаьжа Iийначу Хьаьжин-Эвла а баха новкъабевлира, вуьйш – Иласхан-Юьрта. 1864-чу шеран кхолламан (январь) беттан 3-гIа де дага а лоцуш, бIаьрг белхош, дог Iийжош назманаш олура, бусалба дине марзо, безам кхуллуш, дог-ойла асаре еш зуькарш дора зераташкахь вовшахкхеттачара. Дийнахь сарралц бохург санна, иштта хьал лаьттира Эртина коьртехь а.
Эзарнашкахь адамаш дара Баба-Хедин зерате даьхкина. Царна юкъахь Дагестанера а, ГIалгIайчуьра а, кхечу регионашкара Хьаьжин мурдаш бара. Цара а дакъалецира Iамал-Iибадат дарехь. Къаьсттина дагна хьаам беш дара царна юкъахь кегийрхой хилар. Кхечу кепара хуьлийла а дацара. Кишин воIа Кунта-Хьаьжас баьхна-кх: «Шен болх эхарта кхаччалц дIабахьа безаш бу». Иза харц хуьлийла ма дац. Цунна тоьшалла дан санна, хьаннийн, лаьмнийн басешца дIасадаьржара оцу дийнахь «IалалахI-IуьлалахI» зуькар, назманийн мукъамаш. Цо йийсаре а вуьгура. Дагна хьоме долчу йийсаре.
Оцу дийнахь иштта хьал Эртанахь а, Хьаьжин-Эвлахь а, Иласхан-Юьртахь а лаьттина ца Iара, Соьлжа-ГIаларчу «Нохчийчоьнан дог» доккхачу маьждигехь а дIадаьхьира и де билгалдаккхарна лерина коьрта гIуллакхаш. Цигахь дакъалоцуш бара тайп-тайпанчу кIошташкара Хьаьжин мурдаш, Нохчийчоьнан бусалбанийн урхаллин векалш, Iедалан гIуллакххой, кхиберш.
Даима а санна, и де дагалаца вовшахкхеттачарна юкъахь вара Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан, Къилбаседа Кавказерчу бусалбанийн кхеташонан куьйгалхо Кадыров Хожа-Ахьмад, ткъа иштта муфтиятан векалш. Цара дакъалецира мовлад дешарехь, зуькарш дарехь, сагIанаш дахарехь.
С.ХУСЕЙНОВ
№1, шинара, кхолламан (январь) беттан 3-гIа де, 2017 шо