Iийд ламаз
Iийд ламаз дар чIагIдина суннат ду. Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) цкъа а даза дитина дац иза, цул тIаьхьа цуьнан асхьабаша а (Дела резахуьлда царна) даима деш лелийна ду.
Такбир дар (АллахIу Акбар алар)
Iийдан буьйсанна, малх чубуьзначул тIаьхьа, Iийдан дийнахь имама ламаз дехккалц, цIахь а, некъашкахь а, маьждигашкахь а, базаршкахь а динан Iадат гучудоккхуш, аз айдеш, «АллахIу Акбар…» бохуш, такбир дар мелехь ду.
Цуьнан юьззина кеп хIара ю: «АллахIу Акбару, АллахIу Акбару, АллахIу Акбару, ла илахIа илл-АллахIу в-АллахIу Акбару, АллахIу Акбару ва ЛиллахIил-хьамду».
КхоалгIа «АллахIу Акбару» аьллачул тIаьхьа «Кабийран вал-хьамду ЛиллахIи касийран ва СубхьаналлахIи букратан ва асил» юкъадалорца такбир совдаккхар дика лерина ду.
Лийчар
Iийдан буьйса шолгIачу декъе яханчул тIаьхьа лийчар мелехь ду. Цул хьалха лийчар Iийдан ларалуш дац.
Цул сов, рузбанан ламазна кечваларх терра, хаза хьожа йолу хIума (IатIар, масала) тохар, керла я цIена бедар юхар. Бедарех гIолехь ерг кIайчу басахь ерг ю.
Маьждиге хьалххе дIавахар
Езачу меттигехь Дела хьехоран мел алссам хилийта, хьалххе маьждиге дIавахар дика ду.
Иштта имамана мелехь ду, хьаштболчарна саьхьаш дIакхачо нахана аьтто хилийта, Iийд ламаз дехкар тIаьхьататтар. ГIурбанан Iийд делахь, сагIанаш дахарна сихо хилийта, ламаз хьалхадаккхар.
Рицкъанах кхетар
Iийда ламазе вахале цкъа хIума кхаьллина, я хин къурд бина, рицкъанах кхетар мелехь ду. ГIурбанан Iийда делахь, ламазера юхаверззалц юучух цакхетар мелехь ду.
Iийда ламазе воьдуш, цигара вогIуш, некъ хийцар
Iийдан ламазе цхьана новкъа вахар, юхавогIуш кхечу новкъа вар мелехь ду. Бухарис (Дала къинхетам бойла цунах) дийцинчу хьадисехь хьахийна ду Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна). Iийдан дийнахь некъ хийцина хилар. Мел совбаккхар ду цуьнан маьIна. И некъаш Къемата дийнахь теш хIуьттур ду аьлла жайнахь. Рузбане воьдуш санна гIаш а, сих ца луш, паргIат а вахар мелехь ду.
Иштта Iийдан гIиллакхех ду буо-берашна а, заьIап нахана а, цомгашчарна а , церан доладеш болчарна а гIодар, сагIа далар, деца-ненаца а, доьзалшца а комаьрша хилар. Дагца а, маттаца а Дела хьехор, Къуръан дешар, Делан Элчанна (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) салаваташ дахкар, шайна юкъахь салам даржадар, вовшийн декъалдар, Дала марханаш къобалдойла, алар. Динах а, гIиллакхах а ца вухуш, самукъадаккха а, забар ян а мегар ду. ХIора къоман шен Iийд (дезде) ду, хIара вайн бусалбанийн Iийд ду. Везачу Дала бусалбанаш декъалбойла цу дезчу денца!