Халкъан дуьхьа къахьоьгуш бу «Единая Россия» партин декъашхой

«Единая Россия» политикин партин жамIашдаран-харжамийн XXVIII-гIа конференци хилира гIуран (декабрь) беттан 26-чу дийнахь Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствон актови залехь.

9a4d7bb1678f5b12922b3cb6fad31416

Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана, Нохчийчоьнан Правительствон Председатела, «Единая Россия» партин Нохчийн региональни отделенин секретара Эдельгериев Абубакара, республикин Куьйгалхочун хьехамчас, Россин Турпалхочо Даудов Мохьмада, Россин Пачхьалкхан Думин депутаташа Делимханов Адама, Левицкий Юрийс, «Единая Россия» партин Къилбаседа Кавказан Федеральни округехула йолчу Регионашна юкъарчу координацин Советан куьйгалхочо Макиев Зураба, Нохчийн региональни отделенин куьйгалхочо Зайналабдиев Валида, иштта Нохчийн Республикин Правительствон декъашхоша, «Единая Россия» партин меттигерчу отделенийн делегаташа, кIошташкарчу отделенийн куьйгалхоша.

Конференцехь дийцаре дира Нохчийн Региональни тергонан комиссин коьрта гIуллакхаш. ДIадаьхьира «Единая Россия» политикин партин Нохчийн Республикехула йолчу отделенин секретарь а, политсоветан а, тергонан комиссин а керла декъашхой харжаран гIуллакх.

Нохчийчоьнан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен къамел долош билгалдаьккхира «Единая Россия» партин декъашхоша регионерчу кегийрхошца мехала белхаш дIахьош хилар а, иштта тIейогIучу хенахь и гIуллакх кхин а жигара дIадахьа дезаш хилар а.

«Росси сийлахь-йоккха, кхуьуш пачхьалкх ю. ТIаьхьарчу 15 шарахь вайн пачхьалкхо дуккха а халонаш лайна, таханалерчу дийнахь, эххар а, машаре кхаьчна вай. Терроризмана, экстремизмана дуьхьал къийсам латтор, вайн чоьхьара экономика кхиор, дуьненахь а тоьлла йолчу вайн пачхьалкхан нуьцкъалалла чIагIъяр, иштта кхин дуккха а Iалашонаш ю Россин Президента, къаьмнийн баьччас Путин Владимира хьалха хIиттош.

Таханлерчу дийнахь Нохчийчохь яхь йолуш, вайн пачхьалкх, цу чохь дехаш долу къаьмнаш дезаш а, лоруш а, шайн болх даггара кхочушбеш а кIентий бу.

Нохчийчохь массо а декъехь бахархошна кхоьллина бегIийла хьелаш ду, къаьсттина кегийрхошна. Цара болийначу муьлххачу а некъа тIехь царна гIо а до вай. Кхул тIаьхьа кхин а дика хьелаш кхуллур ду, Дала мукъ лахь», – бохура Кадыров Рамзана.

«Единая Россия» партин Нохчийн региональни отделенин 26 эзар декъашхо ву. ХIора дийнахь а партин могIарш тIедузуш бу регионан кегийрхой.

«Единая Россия» партин Нохчийн региональни отделени дуьххьара Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас кхоьллина ю. Нохчийчохь «Единая Россия» партин отделени кхолларан конференци 2002-чу шарахь Нажи-Юьртахь хилира. Иза вайн махкахь машар хIоттаран хьалхара мур бара. Ахьмад-Хьаьжас а, цуьнца цхьаьна Абдурахманов Дукхувахас а дуккха а диканаш дина вайн республика кхиорехь (Дала гIазот къобалдойла церан). Таханлерчу дийнахь цара болийначу некъа тIехь схьадогIуш ду вай, Дала мукъ лахь. Вайн тахане а, кхане а сирла хилийтаран дуьхьа са ца кхоош къахьоьгур ду вай», – элира регионан Куьйгалхочо.

Цул тIаьхьа къайлах кхажтасарца «Единая Россия» партин Нохчийн региональни отделенин секретарь Эдельгериев Абубакар юхахаьржира.

Конференци ерзош «Единая Россия» партин Нохчийн региональни отделенин керла политсовет чIагIйира.

Хь.ДАУДОВА

№1, шинара, кхолламан (январь) беттан 3-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: