Хь.Солтагереев: «Профсоюзийн цIа вайн массеран а юкъара ду»

Нохчийн Республикин Профсоюзийн Федерацин председатель Солтагереев Хьусайн волчохь (Профсоюзийн цIийнехь) хьошалгIахь хилира «Даймохк» газетан векал. Профсоюзаша дIахьош болу белхаш бовзуьйтуш, хилла хийцамаш билгал а бохуш къамел дира цо.

KHusaiyn_Soltagereev_pereizbran_predsedatelem_Soveta_profsouzov_CHechenskoiy_Respubliki

Хь.Солтагереев вина 1964-чу шеран товбецан (сентябрь) беттан 12-чу дийнахь Веданан кIоштарчу Эрсанахь.

Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан Л.Толстойн цIарах йолу университет чекхъяьккхина. Цул тIаьхьа, цхьана а дийнахь юкъара ца волуш, пачхьалкхан болх беш схьавогIуш ву. Россин Федерацин Президентан Баркаллин кехатца билгалбаьккхина цуьнан къинхьегам.

– Хьусайн, аш дийнна шарахь биначу балхах лаьцна дийца а, шун кхиамаш гайта а йолчу Iалашонца даьхкина тхо. Тахана Нохчийчуьрчу Профсоюзаша дIахьочу балхах а, шаьш тIаьхьарчу шерашкахь биначу хийцамех а, шайн кхиамех а лаций дийцахьа.

– Шу, вайн республикин шуьйрачу хаамийн гIирсийн белхахой, тхан белхан уггаре а дика накъостий ду. Оха долийнарш а, дан леринарш а, кхиамаш а, дерриге а аш гойтуш ду. Вай цхьаьна белхаш бар тхуна Iаламат мехала ду.

2016-гIа шо цхьа башха шо дара тхуна. Цундела, оцу шарахь хиллачу мехалчу хиламашна тIера доло лаьа суна къамел. Оцу шеран оханан (апрель) баттахь Россин Профсоюзийн Федерацин пхеа шарахь цкъа дIахьош йолу рогIера конференци хилира.

Цигахь жамIаш дира билгалдаьхначу шерашкахь биначу белхан. Иштта Профсоюзийн кхиамаш а, кхачам- бацарш а билгалдехира. Оцу конференце веана Мехкан йозуш йоцучу Профсоюзийн Федерацин председатель М.Шмаков а вара. И тхуна доккха дозалла а хета. Профсоюзийн коьрта кхиам, соьга хаьттича, Нохчийчуьрчу Профсоюзаша шайн ледарлонаш леха а лоьхуш, уьш дIайохуш биначу белхан цара тидам бар ду. Ткъа кхачамбацарш, муьлххачу а балхахь санна, хуьлуш ду, коьртаниг уьш билгал а даьхна, уьш дIадахарна тIехь хIун белхаш бан беза хаар ду.

Россин Профсоюзийн Федерацин декъехь болх беш ю профсоюзийн цхьаьнакхетараллаш а, иштта Мехкан йозуш йоцучу Профсоюзийн Федераци а. Цара Iаламат мехала белхаш дIахьо ерриге а Россехь.

Бакъду, таханлерчу дийнахь вайн регионашкахь цхьацца бахьанашца Профсоюзийн декъашхой лахлуш богIуш бу. И доьзна ду производственни предприятеш лахлуш хиларца я предприятийн да хийцаваларца.

– Профсоюзехь болчарна тIехь хIун декхарш ду? Профсоюзашна юкъа муха вогIу?

– Профсоюзийн декъашхойн, муьлххачу а организацешкахь уьш белахь а, коллективни бартбарш хила деза. И бартбар белхахочуьнгахь делахь, юьззина бакъо йолуш, Профсоюзийн декъашхо лору муьлхха а пачхьалкхан белхахо. Цу юкъахь хилар пайде доьрзу белхахошна, хIунда аьлча, массо а агIор оцу белхахочун гIуллакхе хьожу Профсоюзийн куьйгалла. Россин Профсоюзийн Федерацин тоьллачу иттанна юкъахь ю Нохчийн Республикин Профсоюзийн Федераци. Цу юкъахь вайн республикин Профсоюз хилар боккха юьхькIам бу тхуна. 15 шо хьалха хиллачуьнца дуьстича хIетте а боккха кхиам бу, тахана Нохчийчохь Профсоюзийн болх кхиъна богIуш хилар.

Вайна массарна а ма-хаъара, шерачу экъана тIера дIадуьйладелла дац вай, доккха ор чуьра хьаладевлла ду. Вайн республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа ша республикин Администрацин куьйгаллехь волчу хенахь, шен Указаца республикин кхаа агIонан комисси чIагIйина, цу юкъахь ша дакъа а лоцуш, доккха гIо-накъосталла дира Профсоюзашна. Цо довхачу дешнашца, тхан дегнаш иракарахIиттош, тхуна мел оьшучуьнца накъосталла дира. Иштта, карарчу хенахь вайн республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана гIо-накъосталла деш схьадогIуш ду.

MG_0208-1024x683

– Республикехь дIахьочу юкъара ллин гIуллакхашкахь дакъалоций Профсоюзаша?

– ТIаьхьарчу шерашкахь дуккха а юкъараллин гIуллакхаш дIадаьхьна Профсоюзаша. Иштта, республикин куьйгалло дIахьош хиллачу митингашкахь, боламашкахь, даздаршкахь, кхидолчу гIуллакхашкахь жигара дакъа а лаьцна, Профсоюзийн цIийнехь дIахьочарах ца дийцича а.

Профсоюзаша леррина тидам тIебохуьйту шахматни турнирана, спортан кхечу дакъошкахь дакъалацар тхан ца хилахь а. ХIора шеран оханан (апрель) баттахь дIахьо оха и турнир. ДIадаханчу шарахь а оханан (апрель) беттан 11-чу дийнахь дIаяьхьира. (Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьамад-Хьаьжин сийнна лерина ю иза).

Тхан болх Правительствоца боьзна бу. Тхуна мел оьшучуьнца гIо-накъосталла до тхуна цара. Иштта, оха болх цхьаьна дIахьош хиларна, лаккхарчу тIегIанехь дIадахьа таро хуьлу тхан муьлхха а гIуллакх. Цундела вайн республикин Куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна а, Правительствон белхахошна а баркалла боху ас. Кхузахь болх бечеран, ас хьалха ма-аллара, массо а организацехь коллективни барт хила беза, профсоюзийн белхахочунна а, куьйгалхочунна а юкъахь, куьг таIийна чIагIбина. Кхидолчу дакъошкахь отраслевой бартбарш хила деза.

Иштта, вайн республикерчу Профсоюзийн Федерацин векалшний, болхлучеран цхьаьнатохараллийн векалшний юкъахь кхаа агIонан барташ хила беза. 2015–2016-чуй шерашкахь бина барташ вайна кризис яра, я санкцеш яра, я арахьара кхин хIуманаш дара аьлла ца Iаш, кхиамца кхочушбина, Делан къинхетамца.

ХIинца Профсоюзийн декъашхоша кхаа шарна (2017–2019 шш) керла барташ баран проект ю кечйина. Иза а, Дала мукъ лахь, оха чIагIйина, тIеоьцур йолуш ю.

Цул сов, кхин а цхьа барт бу – вайн алапийн лахара барам билгалбоккхуш. Тхан барт хилла Правительствоца а, болхлучеран цхьаьнатохараллийн векалшца а, республикехь дотационни бюджет хилар бахьана долуш Федеральни тIегIанехь уггаре а лахара хилла долу алапа, бюджетни дакъа доцучунна, жимма а лакхадаккха. Чекхдаьллачу шеран гIуран (декабрь) баттахь биначу бартаца вайн республикехь уггаре а лахара алапа бюджетни декъехь 7 500 сом хила деза, ткъа бисинчарна 9 270 сом хила деза.

– Профсоюзехь дукха хан йоццуш «Тоьлла коллективни барт» конкурсан жамIаш даран гIуллакхаш дIадаьхьира. И хIун конкурс ю? Шун белхахошна хIун ло цо?

– Тхайн белхахойн болх бан догдаийта а, цара болх муха дIахьо хьажа а «Тоьлла коллективни барт» аьлла конкурс яра оха дIахьош. 2015-чу шарахь дуьххьара йина яра и. Иза тхайн балхана Iаламат мехала хилар билгалделира тхуна. Цигахь хьалхара, шолгIа, кхоалгIа меттигаш яьхначарна мехала совгIаташ а, Сийлаллин грамоташ а, дипломаш а ло, цара кхидIа дIахьучу балха тIехь леррина терго а латтайо. 2015-чу шарахь а конкурсан жамIаш дина, тоьлларш декъалбаран гIуллакх дIадаьхьна оха. ТIедогIучу шерашкахь и гIуллакх ламасте а дерзийна дIахьур ду, Дала мукъ лахь.

– Профсоюзийн цIийнехь кест-кеста дIахьош семинараш хуьлу, уьш хьанна лерина ю?

– Профсоюзийн болх кхин а жигарабаккха хIора а белхахо кийча хила веза шен говзаллехь. Цундела оха дийнна шарахь дIахьош тайп-тайпана семинараш ю. ХIора шарахь жигархой хуьлу Iамочарна юкъахь. Профсоюзехь мел оьшу говзаллаш Iамайо царна.

ХIинцале а 385 белхахочо дешна оцу семинарашкахь. Цигахь дешначул тIаьхьа, шайн болх дика бевзаш, шайн дакъошкахь, предприятешкахь дика накъостий хуьлий дIабоьлху уьш.

Иштта, республикин Профсоюзана юкъайогIучу дешаран профсоюзехь кест-кеста семинараш дIахьо. ДIадаьллачу шарахь алссам жигархой Iамийна цара (80 сов жигархо). Иштта, пачхьалкхан учрежденешкара профсоюзийн белхахой республикел арахьа а боьлхуш, цигахь белхаш муха дIахьо хьовсуш лелара 5–6 шо хьалха. Ткъа тIаьхьарчу хенахь ерриге а Россера Профсоюзийн Федерацин векалш вайн республике схьаоьху, кхузахь болх муха дIахьо хьажа, оццул йоццачу хенахь вай иштта кхиамашка муха кхаьчна хьовса. Чекхдаьллачу шарахь, товбецан (сентябрь) баттахь 243 стаг веанера вайн республике. Царна вайна мел хуург довзийтира оха. Цул хьалхарчу шерашкахь 40–50 стаг юкъахь волуш делегацеш оьхура. 2014-чу шарахь Россин Федерацин Профсоюзийн хаамийн гIирсийн векалш бара вай долчу баьхкина, хIокху шарахь бахка лерина а бу уьш, кхин хIумма а хийца ца лахь. Вайца иштта юкъаметтигаш цара лелош хилар, вайгара царна эца масал хилар Iаламат мехала ду Нохчийчуьрчу профсоюзашна. Дала мукъ лахь, кхул тIаьхьа а тхайн ма-хуьллу кхиам хуьлучу агIор дIахьур бу оха белхаш.

ХIинца кхиъна девлла-кх тхо аьлла, жимма а маллахь тхо тIаьхьадисина дуй хаьа тхуна.

IMG_2069-1024x637

– Шу кхойкхий Россин кхечу регионашкарчу Профсоюзаша? Аш хIун проекташа хьо царна гайта?

– Дера, тхо а кест-кеста ма кхойкху Россин Профсоюзийн Федерацин регионашкахь йолчу цхьаьнакхетаршка. Тхо дIадаханчохь тхоьга хоьттург: шайн гIала оццул хаза тоян ницкъ муха кхаьчна, иштта цIена муха латтало, шун юкъаметтигаш иштта кIеда-мерза муха хилало, бохуш хуьлу. Тхуна хазахета цара республикин экономикин декъехь долчунна тидам бина ца Iаш, вайн барт а, машар а гуш, цунах хьоьгуш уьш хилар. Иштта, вай долчу схьабаьхкиначара белхан гIуллакхаш дийцаре диначул тIаьхьа, шайна Соьлжа-ГIале бIаьрг тоха лууш хилар хоуьйту.

Оцу хIуманан вай пусар дан деза, вай хьалха хьегна халонаш дага а йохкуьйтуш, Далла хастам а беш.

Дала вайна, Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа (Дала гIазот къобалдойла цуьнан), цул тIаьхьа цуьнан кIант республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан бахьана а хIоттийна паргIато елла.

– Хьусайн, хьо маца дуьйна ву Нохчийчуьрчу Профсоюзийн куьйгаллехь? Стенна тIера дIаболабелла хьан болх?

– 1999-чу шеран мангалан (июль) баттахь хаьржира со республкин Профсоюзийн Союзан председатель, цул тIаьхьа дукха хан ялале тIом белира, Профсоюз хьовха, дерриге а дахар а галделира…

2000-чу шарахь юха а, хIумма а доцучу тIера тхайн болх дIаболо дуьйладелира тхо. Оцу шерашкахь Соьлжа-ГIалахь муха хилла дукха дика дагадогIу вайна. ГIаларчу №9 йолчу больницехь, лоьраша чохь сир-кира дина, жимма кепе ялийна цхьа жима чоь къастийнера тхуна, цу чохь Профсоюзийн жигархойн юкъара кхеташо дIаяхьира оха. Цул тIаьхьа, 2001-чу шеран оханан (апрель) баттахь Профсоюзийн дуьххьарлера съезд йира. Цу тIера дIаболабелира тхан болх…

– Хьан дашна юккъехула делахь а, Хьусайн, алапа хуьлурий шуна оцу хенахь?

– Алапа-м хьехочехь дацара оцу хенахь. Тхаьш оцу муьрехь къахьегча, алапа луш хан а йогIур ю-кх, нахана белхан меттигаш а хир ю-кх бохуш, белхаш бина оха. ТIамо Соьлжа-ГIалара массо а цIа санна, тхан белхан цIа а дохийнера. Кораш, неIарш йоцуш белхаш бора оха. Тхо цIа доьлхуш, неI дIачIагIар, цкъа мацах неI хиллачу метте даьндаргаш еттаелла уьнан коржам йиллар долуш. И хенаш генна тIаьхьа йисина, вайн тахане сирла ю, Делан къинхетамца. Оцу хенахь Кадыров Ахьмад-Хьаьжас тхан доладеш ца хиллехь, тхан тахана хIумма а хир дацара. Иза хаьа тхуна.

– ФПРЧР-н «андроидан» керла приложени йина аш, иза хIун лехамаш болуш йина ю?

– Профсоюзаша беш болу болх бовзийта а, нахана шайн бакъонаш йовзийта а, уьш ларъяйта а. Шайн гIуллакхашна юкъара а бевлла, тхуна тIекхача гIерташ хан а ца йойъуш, я тхан Профсоюзийн газет а дац баттахь цкъа бен арадолуш, и халкъе дIакхачале хан йолу-кх аьлла, нахана пайде долчу агIор хуьллург аьлла, йина оха и приложени. Цул сов, Instagram, Вконтакте, Facebook, Тwitter сетийн агIонаш тIехь а, иштта Нохчийн Республикин Профсоюзийн Федерацин официальни chechprof.ru сайта тIехь а бу тхан хIорадийнан хаамаш. Оцу сайташ тIехь тхоьга «хьошалгIа» бахкарал сов, тхуна хIокху Профсоюзийн цIийне вогIург муьлха а шен цIа вогIуш санна хуьлийла лаьа.

Хь.БАХТАЕВА

№1, шинара, кхолламан (январь) беттан 3-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: