Кхолламан (январь) беттан 9-чу дийнахь Нохчийн Республикехь билгалдоккху нохчийн халкъан пачхьалкхалла меттахIоттийна де. И де даздаран хьокъехь долу Указ арадаьккхира 2010-чу шарахь Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана.
Оцу дийнахь вайн иэсехь кардадолу кхин цхьа де – 1957-чу шеран кхолламан (январь) беттан 9-гIа де. Оцу дийнахь чекхбаьлла лору вай нохчийн а, гIалгIайн а халкъашна Iаламат хала, къиза беана хилла махках дахаран мур. ХIетахь КПСС-н ЦК-н Хьалхарчу секретара Хрущев Никитас дIахьедира халкъаш махках дахар «Советийн пачхьалкхан къоман политика кIоршаме талхор дара» аьлла. Цо куьг яздира «РСФСР-на юкъахь НГIАССР меттахIотторан хьокъехь а, «Грозненски область дIаяккхаран хьокъехь а» долчу Указашна. И дарца цо меттахIоттийра историн нийсо. ТIаккха, хийрачу махкахь Сталинан Iазапан ерриге а къизалла лайна болчу нохчийн а, гIалгIайн а аьтто белира шайн Даймахка цIаберза.
Махках дахаран къиза денош а, дукха хан йоццуш хилла бохаме хиламаш а иэсехь а латтош, нохчийн халкъо а, вайн ерриге а юкъаралло а хама бан а, пусар дан а деза тахана Нохчийн Республикехь долчу хьолан, башхачу кхиамийн. Нохчийчоьнан хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас шен дахар дIаделла нохчийн халкъ кхин цкъа а махках ца даккхийта, кхин цкъа а цуьнга къелла ца хьегийта, бехк-гунахь доцу адамаш хIаллак ца дайта.
Цо къийсам дIахьора, Россина юкъахь а долуш, вайн дахар маьрша хилийтарехьа, Россин цхьааллехьа. Ахьмад-Хьаьжас дIахьош хилла и къийсам а, цIиндаран гIуллакхаш а дIакхоьхьуш ву тахана республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан. Вайна гуш ду цуьнан куьйгаллица Нохчийн Республика мехкан тоьллачу регионех цхьаъ хилла дIахIоьттина хилар.
Россин Федерацин юьззина бакъонаш йолу субъект хилла дIахIоьттина тахана вайн Нохчийчоь. Халкъан шен пачхьалкх, Конституци, Гимн, Байракх ю. Соьлжа-ГIалина «БIаьхаллин сийлаллин гIала» еза цIе тиллина. Вайн аьтто бу болх бан, деша, кхоллараллин гIуллакхаш дан, цIиндала. Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан хьекъале политика бахьанехь хилла ду иза. Вайн декхар ду хьаналчу, хьуьнаречу къинхьегамца и кхиамаш кхин а алсамбахар.
Нохчийн халкхан пачхьалкха лла меттахIотторан денца ас Нохчийчоьнан яздархойн юкъараллин цIарах даггара декъалво массо а. Лаьа вайн республикин а, ткъа иштта вайн берриге а мехкан исторехь еккъа цхьа сирла агIонаш хуьлийла, вайн махкахь даима а машар, беркат, токхо хуьлийла.
ИБРАГИМОВ Канта
№2, шинара, кхолламан (январь) беттан 10-гIа де, 2017 шо