Гуьмсехь кислородан станци схьайиллина

Гуьмсан кIоштан коьртачу больницехь кислородан станци схьайиллира 2016-чу шеран гIуран (декабрь) беттан тIаьххьарчу дийнахь. Нохчийн Республикин могашалла Iалашъяран хьаьрмахь доккха маьIна долуш хилам бу иза. Станци йиллинчу «Грасис» компанин куьйгалхочо Сахонов Евгенийс дийцарехь, станцин ницкъ кхочур бу больницин ялх отделенина кислородаца кхачоян. Цул сов, циггахь, техника йоьхна, станцин болх юкъарабаьлла меттиг нислахь а кислород хир ду (тIаьхьалонна). «Грасис» иза хIаваах цIена кислород деш, юха иза яйшна чудерзочу контейнерах лаьтта мобильни стационарни кислородан станци ю. Уьш, яйнаш, баллонаш стандартни блок-контейнершкахь Iалашдо, оьшучу метте сиха а, атта а дIасадахьийта хала а доцуш, – билгалдаьккхира Е.Сахоновс.

15624560_1752813121705459_1022693590771433472_n_90f88bac8c2ad4fd78822e8573ae34aa

Кислородан станци болх бан йолаялийтира Нохчийн Республикин могашалла Iалашъяран министра Сулейманов Эльхана. Медицинин учрежденийн белхахошка цо дийцира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана гIо дар бахьанехь вайн республикин бахархойн медицинин хьашташ кхочушдаран болх ддийне толуш хиларх лаьцна. Цунна кхин цхьа тоьшалла ду Гуьмсехь кислородан керла станци схьаеллар.

– ХIара санна йолу станци вайн яцара. Вайна ма-хаъара Гуьмсан кIоштан коьрта больница республикехь яккхийчарах цхьаъ ю. Кислородан станци чIогIа оьшуш яра кхузахь. Больницин балхана доккха гIо хир ду цунах, – элира Э.Сулеймановс.

Цул тIаьхьа Э.Сулеймановс а, Е.Сахоновс а, Гуьмсан кIоштан коьртачу больницин коьртачу лоьро С.Энгеноевс а бIаьрг туьйхира керлачу станцех. Больницин коьртачу лоьро дийцарехь, тахханалц кислород кхечу станцера дан дезаш дара. А.-Хь.Кадыровн цIарахчу региональни юкъараллин фондан чоьтах эцначу станцис доккха гIо дина кислородаца кхачояран балхана.

«Стационарехь дарба леладойтуш 400 дархо хуьлу, иштта операцеш яр а алсамдаьлла кху тIаьхьарчу хенахь. ЧIогIа оьшуш яра хIара тайпа станци. Цо болх бар бахьанехь республикин бюджетан ахча кхоадар а хир ду», – элира И.Энгеноевс.

Гуьмсан кIоштан медицинин учрежденийн белхахоша доккха баркалла элира А.-Хь.Кадыровн цIарахчу фондан куьйгаллина а, Нохчийн Республикин Куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна а шайн кIоштарчу бахархойн медицинин хьашташ кхочушдан иштта мехала гIирс болу кислородан станци ярна.

З.ХИЗИРОВА

№2, шинара, кхолламан (январь) беттан 10-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: