Аьхкенан муьрехь а бо берашца болх

IMG-20140717-WA0017

Аьхкенан каникулашкахь берийн дуккха а мукъа хан хуьлу. Хууш ма-хиллара, Берийн кхоллараллин цIеноша аьхка а болх бо. 2002-чу шеран 1-чу сентябрехь дуьххьара дIаболийна шен болх Ленински районан Берийн кхоллараллин цIийно. Оцу цIийнехь берашца беш болу болх карарчу хенахь къаьсттина жигарбаьккхина. Берийн мукъа хан пайдехь хилийтархьама къахьоьгу цигарчу белхахоша. Хьалхачул кхин а алссам конкурсаш а, викторинаш а дIахьо цигахь. Уггаре а маьIне меттиг дIалоцуш ду Берийн кхоллараллин ц1енош кхиархошца кхетош-кхиорехь болх беш хилар. «Бусалба динан истори», «Со машаре ву» теманашна къамелаш а до, берашна пайдехь хьехарш а, хьехамаш а бо. Берийн кхоллараллин цIийнан кхиархойн дай-наноша а жигара дакъалоцу берашца бечу балхехь. Масала, берийн яздархошца цхьаьнакхетарш вовшахтуху. Соьлжа-ГIалин музейшкахь, библиотекашкахь гайтам хилча, цига а дуьгу бераш. Оцу цIийнан кхиархоша республикин а, гIалин а, районийн а конкурсашкахь дакъалоцу. Царех дукхахболчарна фестивалашкахь а, тайп-тайпанчу конкурсашкахь а лауреатийн цIераш елла. Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствос, Соьлжа-ГIалин дешаран департаменто билгалбаьхна 100 гергга тоьлла кхиархо. Ленински районан Берийн кхоллараллин цIийнан дIадаханчу шеран белхан жамIашка хьаьжжина, церан коллективо вайн республикин берийн кхоллараллин массо а цIеношна юкъахь хьалхара меттиг яьккхина. Баркалла ала лаьа Берийн кхоллараллин цIийнан директорна Исапаева Мадинина а, оцу цIийнан белхахошна а цара берийн дуьхьа къахьегарна.

З.ЛОРСАНОВА    

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: