Хьомсара махкахой!
Даггара декъалдо шу Нохчийн халкъан пачхьалкхалла меттахIоттийначу денца.

Вайн халкъан лан дезна махкахдаккхаран хала мур. Оцу муьрехь къизачу зерех чекхдийлина иза. Дехачу кхойтта шарахь, ерриге а бакъонех а даьккхина, Казахстанан а, ГIиргIизойчоьнан а гIамаршкахь, хийрачу мехкашкахь къелла а, мацалла а, шело а лайна халкъо. Амма вайн дайша а, дедайша а дохоран ерриге а халонаш ловчу хенахь цхьана а минотана биц ца бина шайн Даймохк, шайн кхерчашка цIадерза болчу сатийсамах ца хедаш хан яьккхина.
1957-чу шеран кхолламан (январь) беттан 9-чу дийнахь КПСС-н ЦК-н хIетахь хиллачу Хьалхарчу секретара Хрущев Никитас бина хилла майра а, нийса а сацам бахьанехь, нохчийн аьтто белира шайн цIадерза. Цу тайппана чекхделира махкахдахаран Iазап лар. Нохчийн халкъ шен бакъонашкахь меттахIоттийра, цунна тIера бехк дIабаьккхира. Вайн халкъан исторехь уггаре а мехалчех цхьаъ хилла дIахIоьттира и де.
Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас билгалдаьккхира цу тайпана сацам тIеэцар историн нийсоно толам баккхар хилла хилар. Мел яккхий халонаш Iаьвшинехь а, мел къиза Iазап лайнехь а нохчийн халкъан ницкъкхечира шен мотт, гIиллакхаш, ламасташ, дайн Iадаташ, культура, истори ларъян. Даймахка цIабирзинчул тIаьхьа нохчий, ши куьг тIекIал диллина, паргIатбевлла охьа ца ховшуш, мехкан промышленность, юьртан бахам кхиорна юкъа йоккха хазна юьллуш къахьега буьйлабелира. Цара цIенош а дора, мостагIех даймехкан дозанаш а лардора, тIекхуьуш йолу къона тIаьхье кхетош-кхиа а йора.
Йоццачу хенахь вайн ницкъ кхечира дохоран ерриге а халонаш эшо, нохчийн лаьтта тIехь хиллачу тIеман тIаьхьалонаш дIаяха. Тахана а, нохчийн халкъан хьуьнаре къинхьегам, дIадолор, жигаралла бахьанехь, Нохчийн Республика Россин регионашна юкъахь уггаре а кхиамечарах цхьаъ хилла дIахIоьттина. Керла, кхузаманан куц-сибат эцна дIахIиттина республикера гIаланаш а, ярташ а. Керла школаш, берийн бош-маш, заводаш йина, адамийн дахаран-Iеран хьал тоделла. Вай тешна ду кханалерчу дийнах.
Хьомсара махкахой! Лаьа шун аьтто, кхиамаш, ондда могашалла хуьлийла!
№2, шинара, кхолламан (январь) беттан 10-гIа де, 2017 шо