Москва, Кремль, 1957-чу шеран 9-гIа январь
Нохчийн а, гIалгIайн а халкъаш кхиарна оьшуш долу хьелаш кхолларан Iалашонашкахь СССР-н Лакхарчу Советан Президиумо сацамбо:
I.Нохчийн а, гIалгIайн а халкъийн къоман автономи меттахIоттор оьшуш лара.
II.РСФСР-н Лакхарчу Советан Президиумана магадан:
а) РСФСР-на юкъахь Нохч-ГIалгIайн АССР-н меттахIотторан хьокъехь долчу гIуллакхе хьажа;
б) Нохч-ГIалгIайн АССР-н дозанаш а, административно-территориальни дIахIоттам а билгалбаккха;
в) Нохч-ГIалгIайн АССР-н Вовшахтохараллин Комитет чIагIъян, Нохч-ГIалгIайн АССР-н Лакхара Совет харжжалц йолчу юкъана республикин территори тIехь бахамаллин а, культурин а меттахIотторна куьйгалла дар цунна тIе а дуьллуш.
III. «Нохч-ГIалгIайн АССР дIаяккхаран хьокъехь а, цуьнан территорин административни дIахIоттаман хьокъехь а» долу СССР-н Лакхарчу Советан Президиуман 1944-чу шеран 7-чу мартехьлера указ а, нохчашна а, гIалгIашна а шаьш хьалха баьхначу меттигашка юхаберзар доьхкуш хиллачу 1956-чу шеран 16-чу июлехьлерчу Указан 2-гIа статья а ницкъбоцуш лара.
К.ВОРОШИЛОВ,
СССР-н Лакхарчу Советан Президиуман Председатель.
А.ГОРКИН,
СССР-н Лакхарчу Советан Президиуман секретарь.
№2, шинара, кхолламан (январь) беттан 10-гIа де, 2017 шо