Даймахке сатийсар хала ду

– Вайн халкъ махках доккхучу хенахь ялх-ворхI шо хир дара сан. Хуьлуш долчун хьесап дан хьекъал-кхетам ца хиллехь а, со кхетара халкъана тIе боккха бала боьссина хиларх, иза бехк-гуьнахь доцуш хьийзош хиларх, – дIадолийра шен къамел Веданан кIоштарчу Дишни-Веданарчу къаночо Цадаев Мухьаддис. – Да-нана доцуш вара со. Церан марзо йовза ирс ца хилла сан (бIаьргаш тIунло, чIениг эго йолайо цуьнан. КIеззигчу ханна соцунгIа хуьлу. Легашка хIоьттина шад, къаьхьа къурдбой, халла дIабоккху)… Девешин доьзалехь хьалакхиъна со. Хасмохьмад яра цуьнан цIе. Цхьана а дийнахь «сан да схьавелахьара» бохург дага ца даийтина цо суна Казахстанехь йоккхучу хенахь. Цул дика а волуш деваша хир вацара хIара латта хьоьшуш.

post245

Цкъа хьалха суна хьалха билличий бен, шен доьзалшна хьалха кхача ца хIоттабайтина цо. Ткъа цуьнан виъ кIант, цхьа йоI дара: Мохьмад, Эми-Солта, Султан, Супьян, Роза. Кхечу областехь Iаш волу шен ваша Дада кхелхина аьлла хаам кхаьчча, цхьана юьртара вукха юьрта комендантера бакъо а йоцуш дIасаваханчунна 10–25 шераш набахтехь даха хан тухуш хиллехь а, цига а вахана, цуьнан йиъ йоI Кхокха, ПетIимат, ХIижан, ХIазан шен хIусаме схьаялийра цо. Иштта хьуьнар долуш стаг вара Хасмохьмад, – бохура М.Цадаевс.

Хийрачу махкахь даьккхинчу 13 шеран (4 740 сов де) цхьана а дийнахь мокъа Iийна вацара Хасмохьмад. Доьзале мацалла ца хьегийта, цо ца беш болх ца бисира. Суьйранна чувирзича, буьйса юккъе яххалц маьхьсеш, кхин мачаш йора цо. Уьш цуьнан дика дIа а оьцура меттигерчу бахархоша.

– Советийн пачхьалкхан куьйгалхо И.Сталин кхелхинчул тIаьхьа, мелла а паргIато елира нохчашна. Церан хIинца вовшашна тIебаха а, шайн хIусамаш ян а аьтто белира. Нохчашна чу садан доладелира. ТIаккха, стенна делахь а, кхин а алсамделира ДегIастане сатийсар. Вовшашкара хьал-де хиинчул тIаьхьа, уггаре а хьалха хоттуш дерг: «Вай цIадохуьйту ца боху?», дара. ХIора дийнахь хоттура иза нохчаша вовшашка. Оццул чIогIа Даймахка кхача сатесна бара нохчий. Цара шайн доIанашкахь даима а Деле доьхура шаьш ДегIастане юхадерзор. Церан, мискачу нехан, доIина Дала жоп делира, – дагалоьцура Мухьаддис.

Эххар а, тIекхечира нохчаша дукха сатийсина де. Царна Нохчийчу богIу некъ схьабоьллуш, 1957-чу шеран кхолламан (январь) беттан 9-чу дийнахь СССР-н Лакхарчу Советан Президиумо арахийцира «РСФСР-на юкъахь Нохч-ГIалгIайн АССР меттахIотторан хьокъехь» долу Указ. Оццу дийнахь РСФСР-н Лакхарчу Советан Президиумо арахийцира «Грозненски область дIаяккхаран а, Нохч-ГIалгIайн АССР меттахIотторан а хьокъехь» долу Указ.

– И Указаш арадевллачу дийнахь дуьйна цIабахка кечамаш бан буьйлабелира сан девежарийн Хасмохьмадан а, Шайх-Мохьмадан а доьзалш. ХIетахь со, Шайх-Мохьмада ша волчу дIавигна, цаьрца Iаш вара. Со а волавелира кечамаш бан. Сайга хьоьжуш даккхий диканаш хир ду моьттура суна цIахь. ЦIерпошта тIехь масех дийнахь некъ биначул тIаьхьа гучудевлира Кавказан, Нохчийчоьнан къоьжа лаьмнаш. Вагонийн корех цаьрга а хьоьжуш, бIаьргех хи а лешаш лаьттара нохчийн турпала къаной. Казахстанехь а, ГIиргIизойчохь а хьегначу инзаре яккхийчу халонаша, Iазапаша къарбина боцчу церан мокхаза дегнаш дешнера…

ЦIерпошт гIалахь (Соьлжа-ГIалахь – авт.) сецира. Къоналлин ойланехь волчу суна тхайна зезагашца, вотанашца, пондаршца дуьхьал баьхкина нах а, Iедалан векалш а хир бу моьттура. Мичара хьуна. Милицин а, НКВД-н а белхахой бар-кха перона тIехула дIасалелаш а, пурстоьпаш санна дIахIиттина лаьтташ а. Да вийначу мостагIчуьнга санна хьуьйсура уьш тхоьга. Салам-Iалам дацара.

Казахстанехь тхаьш дина хилла цIенош дIадоьхкина кIеззиг ахча дара тхоьгахь. Кхечаьргахь а хиллера шайн хIусамаш чуьра йийбар дIайоьхкина ахча. ДIайоьхкина аьлча а, иштанехь а дIаеллера хIусамаш. Тхо цIадоьлхий хиъча, меттигерчу бахархоша цIенош дIа ца оьцура, шайна иштанехьа дисаре сатуьйсуш. Оьцуш хилча а, кIеззиг мах бен ца лора. ХIинца оцу соьмех юьрта йоьду машен яра лаца езаш. Кхоа ца деш, нохчаша дIа а лора шайгара соьмаш, мелла а сиха цIакхача лууш. Оха а дира изза. Тхайн дай баьхначу керташка схьакхечира тхо. Хьерадаьлла жIаьла а керта эккхар доцуш бехйинера уьш. ЦIеношкахь Iаш суьлий (жIайхой – авт.) бара.

Тхо, тхайн къен сал-пал а эцна, машенара охьадиссича, цецбевлла тхоьга хьуьйсура уьш. Цхьа гIовгIанаш а йора, куьйгаш лестош. Даррехь гуш дара уьш реза цахилар. ТIаьхь-тIаьхьа карзахбуьйлуш, чугIерташ бара суьйлийн зударий.

«ДIадовла! Ма е гIовгIа! Аш хIун боху баха мукъане а! – тIечевхира царна Шайх-Мохьмад, – тхо тхайн цIа даьхкина-кх. Тхан кхин даха меттиг а яц, хилча а кхин цхьана а метте гIур долуш а дац. ХIинца шу а шайн цIа даха деза!», – дIахьедира цо.

– Хьо хьан кхайкхина беана бу? Со арабер бац. Мича гIуо баху ахь сога? – нохчийн маттахь вистхилира царах воккхах верг.

– Хьайн цIа, – суьлийн лаьмнаш долчухьа куьг лецира Шайх-Мохьмада. – Кхин хабар а ца дуьйцуш, цхьа-ши чоь яссаел суна! – тIечевхира иза.

Хетарехь, ши метр гергга лекха дегI долчу, зоьрталчу тхан девешех а, цунна юххехь лаьттачу тхох а озавелира суьйли. Цо, тIе мохь хьаькхна, дIасовцийра шайн зударий. Цхьадика, кхин гена ца долуш, дIадирзира лер-алар. Тхан юьртарчу кхечу керташкахь суьлий а, нохчийн а вовшахлеташ, милици юкъагIерташ меттигаш а яьхкинера, – бохура Цадаев Мухьаддис.

Суьйлий кхийтира шаьш дIа ца дахча девриг цахиларх. Уьш а бара 13 шо хьалха Iедало бертаза Нохчийн махка схьакхалхийна. Бакъду, вайн халкъана тIехь лелийна къизалла ца лелийнера царна тIехь. Нохчийн цIеношкахь, нохчийн бахамаш тIехь баха хевшинера уьш. ПIелг-пIелгах тоьхна а цIенош лардеш, бахам Iалашбеш къа а ца хьегнера. Дукхах берш цхьа а хIума бен-башха ца хеташ, боьха Iийнера. Цкъа мацца а кхузара дIадаха дезар дуй, нохчий шайн хIусамашка юхабоьрзур буй хууш санна.

Мухха делахь а, нохчий шайн ярташка юхаберза буьйлабелча, дукхах болу жIайхой кхийтира шайн кхузара рицкъанаш чекхдевлла хиларх, шаьш шайн лаьмнашка дIадаха дезаш хилар. Амма цига баха ца лууш берш а бара. Цара дуьхьалонаш йора, питанаш леладора. И саннарг Дишни-Веданахь а нислора. Амма иза гена ца долура. Хьал орамашкара хийцаделира Iедалан меттигерчу органашкахь нохчий болх бан буьйлабелча.

– Дишниведанхошца мерза, бертахь дIасакъаьстинарш а кIезиг бацара. Цундела царна юкъахь доттагIалла, хьошалла лаьттина цул тIаьхьа а. Вайн а бара хьеший Iаьндахь а, суьйлийн кхечу ярташкахь а. Хан-заманца херадевлла уьш. Баккхийнаш дIабевлла, къоначарна «хьаша лацар», «хьошалла» бохург хIун ду а ца хаьа. Церан хIинца кхин хьежамаш а бу, кхин лаамаш а бу…

Даймахке сатийсар, цхьадика, хIун ду ца хаьа царна. Дала хаа а ма хоуьйтийла! Хала ду Даймахке сатийсар. И ган таро цахилар. Цига боьду некъ бихкина Iар, – дерзийра шен къамел Мохьаддис.

Тахана, вайн халкъана шен Даймахка цIадерза бакъо елла 60 шо кхаьчначул тIаьхьа а, Нохчийчоьне йолчу марзонах Iаьбна бац Казахстанехь а, ГIиргIизойчохь а 13 шо даьккхина цIабирзинарш…

С.ХАСАНОВ

№2, шинара, кхолламан (январь) беттан 10-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: