ГIура-Дадас а, Лайн-Аьзнис а берийн самукъадаьккхира

С.В.Михалковн цIарахчу республикин берийн библиотекехь Керлачу шарна лерина берийн даздарш дIадаьхьира. Цигахь дакъалецира библиотекин жигарчу ешархоша. Оцу даздаршкахь уггаре а коьрта хьеший бара ГIура-Дада а, Лайн-Аьзни а.

IMG_7987

Цхьаьнакхетар дIадолош бераша, массара а цхьаьна, схьакхайкхира шайн «хьеший». Дийнна шарахь шаьш сатийсина хьеший гучубевлча чIогIа хазахетта хьаьвзира уьш. Берашка маршалла хаьттинчул тIаьхьа, ГIура-Дадас а, Лайн-Аьзнис а дIайолийра шаьш кечйина йолу программа. Цу юкъахь тайп-тайпана ловзарш а, хIетал-металш а, кхидерг а дара. Ешаран зала юккъе дIахIоттийна лаьттачу базалгана гуонаш а дохуш «Хоровод» йира бераша. Шаьш гуонаш дохучу базалгах а, иза хазйинчу тайнигех а самукъадалар хаалора берийн яххьаш тIехь.

Керла шо тIедогIуш хиларца доьзна бераш, библиотекин жигара ешархой декъал а беш йистхилира библиотекин директор Сайдумова Зулай: – ХIокху библиотекин уггаре а хьоме, деза хьеший бераш ду. ТIедогIучу Керлачу шарца декъалдо ас шу! Лаьа дахарехь хазахетарша бен бIаьрг ца боьлхуш шу дехийла. Со тешна ю тIедогIучу шарахь хIокху шарахьчул алсам аш книгаш йоьшург хиларх а, книгаш ешаре йолу шун марзо кхин а совъериг хиларх а.

IMG_7965

Берийн даздаре еанера Нохчийн Республикин къора а, хазар ледара долчу а юкъараллин организацин декъашхо Аветисова Алла. Берашна дуккха а совгIаташ деанера цо. Уьш дIасадоькъуш кхин цхьа ловзар а дIадаьхьира. Оцу ловзаран жамIашца, шаьш уггаре а жигара гайтинчу берашна совгIаташ дира. Цул тIаьхьа нохчийн къоман хелхарш дира бераша. Цу тIехь чекх ца девлира и даздарш.

ГIура-Дадас ладуьйгIира бераша йоьшучу байташка. Царна массарна а совгIаташ дира цо. ТIедогIучу шарахь бераш вуон а ца лелаш, дуккха а книгаш йоьшуш хилахь, ша юха шарахь а уьш болчу кхочург хилар а хоуьйтуш, берийн Iодика йира ГIура-Дадас.

З.ЛОРСАНОВА

№2, шинара, кхолламан (январь) беттан 10-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: