Со школехь доьшуш йолуш сий-ларам алсам барца сайн хьехархойх ас къастийна вара Абдулаев Авади. Цо аьлла хIора дош даг чохь дуьсура, сих хьакхалора, дика деша дог доуьйтура. Со йоцчунна а билгалъяьлла хьехархочун цхьа башха амал яра иза. Хено хебаршка йигинчу Авадин юьхьа тIехь гуш дара цунна дуккха а бохамаш гина хилар а, церан халачу зерех иза чекхваьлла хилар а. Амма шен дагахь дерг цо цкъа а цхьанна а ца хоуьйтура, берийн экамечу синошна бала мухалле а ца бора, ша хьегна къай-балий дуьйцуш. Собаре, тамашийна стаг вара тхан хьехархо.

Абдулаев Авади вина 1954-чу шеран мангалан (июль) беттан 8-чу дийнахь генарчу Казахстанехь. Сталинан хьадалчаша вайнах махкахбаьхна, хьомсарчу Нохчийчоьнах хьегийна зама ю иза. Амма Делан къинхетам хьалхабаьлла, кIант деша школе вахале нохчашна дай баьхначу махка цIаберза бакъо елира. Цундела хьалхарчу классе изадеша вахара 1961-чу шарахь Зандакъарчу №2 йолчу школе.
Къаьсттина даго тIеоьцуш, самукъадаларца Iамош, цунна езаш масех предмет яра: оьрсийн мотт, литература, истори, математика. Цаьрга болу безам шен дерриге а дахарехула чекхбаьккхира Авадис. Дика дешаро гIо дира кIантана 1969-чу шарахь бархI класс кхиамца чекх а яьккхина, Соьлжа-ГIаларчу хьехархойн училище деша ваха. Генарчу лаьмнаша маракъуьйлучу юьртара йоккхачу гIала кхаьчнера аьлла, хан эрна ца йохуьйтура цо. Школехь санна, дика доьшура Авадис училищехь а. Даима а лехамашкахь, керланиг довза гIерташ, Iилманан кIоргене кхийдаш дIадаьхьира цо шен дешаран шераш. Цуьнан хьуьнар а, дешаре болу безам а тидамза ца бисира училищехь а. Иза чекхъяьккхина ваьлча, балха, Нажи-Юьрта хьажаво тоьллачу студентех цхьаъ хилла Абдулаев Авади. 1973-чу шарахь ша дешначу школе балха вогIу иза юьхьанцарчу классашкарчу берашна хьеха. Иштта дIаболало цуьнан къинхьегаман некъ. ХIинца-м цуьнан белхан хан 40 шарал сов ю. Цхьана а дийнахь дохко ваьлла вац иза, цкъа мацах, езаш ша и говзалла караерзийна хиларх. Цо Iамочу берийн дай-наной а чIогIа реза бу балха тIехь алссам зеделларг долчу хьехархочунна. Ша луш йолчу урокашкахь программица догIург дийцина Iаш вац Авади цкъа а. Уггаре а хьалха ша Iамош долчу берашна юкъахь кхетош-кхиоран болх жигарабоккху хьехархочо. Цунна маьIне хета дешархой халкъана, махкана пайдехь болуш хьалакхиор. Хьехархо дика кхета шен дешархой тахана бераш делахь а, къоман кхане цаьрца йоьзна хиларх.
2002-чу шарахь дуьйна юьхьанцарчу дешаран декъехула заведующи ву иза. Оцу балхаца дика ларош схьавогIуш а ву.
Ларамза дац 2012-чу шарахь Абдулаев Авадина дешаран «Сийлахь белхахо» цIе ялар а.
Билгалдаккха луур дара Авадис шен доьзал а, иштта оьзда хьалакхиийна хилар. Цуьнан пхи бер ду: кхо кIант, ши йоI. Цаьрга массаьрга а дешийтина дас. Таро яцара аьлла ца lаш цхьацца лол бетташ, хIоранга шен- шена бегIийла хета говзалла караерзаяйтина. ХIинца уьш а, шайн да санна, берриге а хьанал къахьоьгуш бу.
И.АДЗИЕВА
№2, шинара, кхолламан (январь) беттан 10-гIа де, 2017 шо