Москвара – дашочу мидалца

ХIокху деношкахь Москвахь дIаяьхьира СССР-н хьакъволчу тренерна С.А.Преображенскийна лерина йолу паргIатчу кепара охьатохархлатарехула хьалхеяккхаран турнир.

f_6031909731355049344

Цигахь дакъалоцуш бара Россин тайп-тайпанчу субъекташкара спортсменаш. Вайн республикера цигахь дакъалоцуш 6 спортсмен вара.

Къийсадаларш кхаа дийнахь дIадаьхьира. Нохчийн Республикин векалшна юкъахь лаккхарчу кхиаме а кхечира, дашо мидал а яьккхира РДЮСШ-н къоначу спортсмена Бахарчиев Муслима (60 кг.). Оцу кхиаме иза кхачар дозуш ду иза Iамийначу цуьнан тренерх Гусигов Аптих. Цундела тахана Муслима даггара баркалла боху цунна.

Толамхой билгалбехира мидалшца, кубкашца, Сийлаллин грамоташца. Карарчу хенахь паргIатчу кепара охьатохархлатарехула йолчу СКФО-н чемпионатана кечам беш бу вайн спортсменаш.

З.ШИШХАНОВА

№2, шинара, кхолламан (январь) беттан 10-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: