чекхйолуш ю Итум-Кхаьллан почтан отделенин хьакам Мусаева Табарик.
43 шо ду иза зIенан декъехь болх беш йолу. Хууш ма-хиллара, дуьненан даьхни гуллур долуш болх бац иза, амма даима а нахана юккъехь а, церан дика-вуон девзаш а хуьлу ишттачу меттехь верг.
«Генарчу 1971-чу шарахь еара со почте, – дуьйцу Табарика, – дуьххьара вешина гIодархьама йогIура, цул тIаьхьа болх бевзина а, марзбелла а, Соьлжа-ГIаларчу 7-чу училище операторан балхана Iама деша яхара. 1973-чу шарахь дешна яьлла, телефонисткин болх бира масех шарахь.
– Зама хийцаяларх, болх кIезигалле ца бирзина, – боху Мусаевас, – дийнна районан зIенан декъехь 2 белхахо кIезиг ву. Цхьа почтальон ю соьца. Ткъа районан 8 юрт ю тхан тергамехь.
Хьалха ма-хиллара, бахархошна газеташ, журналаш, кехаташ дIакхачадо кхара. Дукха хуьлу «заказной» кехаташ а, посылкаш а. Дозанхойн № 2132 йолу эскаран дакъа а ду кхеран тергамехь. Юьртахошна дIакхачадо берийн пособеш а, ветеранийн а, и тайпа кхидолу а ахчанаш а. ДIаоьцу газ, ток ягорна бол а. Шен белхан декхаршца тIехдика ларорна ФГУП «Почта России» генеральни директора И.А.Сырцовс баркаллин кехат даийтина Табарикна. Кхуьнан болх къастийна районан администрацин куьйгалло а. Даггара баркаллин дешнаш аьлла Табарикна юьртахочо Х.-М.Яхъяевс а, эскархочо А.Г.Сидоровс а. Цара билгалъяьхна Табарикан гIиллакх-оьздангаллин, адамаллин амалш а, шен болх бевзаш, безаш, иза хьанал кхочушбеш иза хилар а.
Бен-башха дац, стаг воккха хьаькам я могIара белхахо хилар, коьртаниг – жоьпалле хилар ду. Иза доккхур дац Мусаевг1аргара.
Т.Алиева
Авторан сурт
