Бехк боццушехь таIзарш даран чаккхе

1917-чу шеран эсаран (октябрь) баттахь политикин карчам бина Iедале богIуш, дукха хаза хабарш дуьйцуш, миска адамаш говза Iехийра коммунисташа. Масала, нохчашка цара бехира: гIалагIазкхаша дIалецна латтанаш юхадерзор ду, герз леладойтур ду, бусалба динна маршо хир ю. Цу хабарех Iехабеллачу нохчаша аьтто бира коммунисташна Iедалехь чIагIбала. Дукха адам хIаллакьхилира ЦIечу Эскаран могIаршка хIиттина, лакхахь дагардина диканаш халкъе кхочур ду моьттуш. Бакъду, юьхьанца герз а леладойтура, пIераскан де мукъа а дуьтура вайнахана. Амма 1922-чу шарахь дуьйна хьалха дийцинарг а, Iедало дIакхоьхьуш йолу политика а галаморзаха лелха юьйлира. Баккхий бахамаш болуш, хьолана букъбелла нохчий цкъа ца хиллехь а, хIора кертахь масех котам, шурин тIадам луш етт, хьаша-да веанчохь урс хьакха латтош уьстагI, масех Iахар а хилла вайн дайн. Ткъа когадахана, чIагIдала доьллачу Советийн Iедало хIоа дуьтуш ца хилла, кIолдан мижарг баккха а шура юьтуш ца хилла, денна налогаш совйохуш. Сайри чохь хьаьжкIан буьртиг буьтуш ца хилла. Цундела керлачу Iедалан векалш дукха эвхьаза мискачу адамийн бахамна тIекхийдарна резабоцурш хилла. Амма жимма аз айдина и реза цахилар дIахьедан хIуттушверг «халкъан мостагI» я «кулак» ву олий, махках воккхуш хилла.

1058abae0dc372f4432cbea7fa123512_1

И харцонаш Нохчийчохь лелийна Iаш дацара Советийн Iедал. Йоккхачу пачхьалкхан массо маьIIехь дара изза. Iедалан векалшна гергахь иза «продразверстка» я «диктатура продовольствия» яра. Миска адам чIана даларна саготта боцуш, дIакхоьхьура милицин белхахоша наха гулдина ялта, кхидолу сурсаташ. 1921-чу шарахь Малхбузерчу Сибирехь къехойн дуьххьара гIаттам хилира «продразверсткина» дуьхьал. Луьра таIзарш деш, Iедал берзо гIертарх маслаIат ца хуьлуш чувашаш, марийцаш, мордоваш, гIезалой болчохь тIеттIа марсабуьйлуш, шорлуш лаьттара «продразверсткина» дуьхьал болу гIаттам. Эххар а, Кавказе кхечира, гуьржий а, эрмалой а дуьхьалбевлира ялта дIа ца луш. ТIаккха нохчий дуьхьалбевлира цхьа Iедална ялта кхин лур дац шаьш, и тайпа харцо кхидIа ца ловш, летта дала реза ду шаьш, аьлла. Мискачу адаман карзахдаларх пайдаэца гIоьртира имам Шемалан кIентан кIант Сайд-Бей, Гоцинский Нажмудди. Нохчийчохь а, Дагестанехь цхьабосса гIаьттинчу халкъана хьалхаваьлла, тIамна кечвелира Iедалан урх шайн каралаца сакIамделла хьийза и шиъ. Россехь хIоьттинчу мацаллех, адамийн гIаттамах пайдаэцна, Дагестанехь имамат карлаяккха Iалашо йолуш, кийтарлонаш лелайора цара. Амма цкъа хьалха НКВД-н эскарша хьаьшна дIабаьккхира Малхбузерчу Сибиран къехойн. ТIаккха Гуьржийчохь а, Эрмалойчохь а хилла гIаттам. Имам Шемалан кIентан кIант Сайд-Бей ведда Хонкара дIавахара, ткъа Гоцинский Нажмудди герзах йоьттина йолчу шен тобанца нохчийн лаьмнашкахь къайлавелира. Нохчийн къомана цунах баьлла «пайда» иштта бара: нохчийн 16 юьрта авиатохарш дира. 101 юьрта яккхий тоьпаш йиттира. Маьршачу бахархойн 120 хIусам йохийра. 300 стаг чувоьллира. Иттанашкахь маьрша нах хIаллакбира.

БIешерийн кIоргенера къомо йоIбIаьрг санна лардеш схьадеанчу бусалба динна тIе Iедал кхийдар, дуьйцийла йоцуш, Iаламат новкъадара къаношна, зударшна, кхеттал долчу берашна. Маьждигаш дIакъовлар, Iеламнах чубохкар, зударий эвхьазбаха гечонаш лехар хийра дара бIешерашкахь Дела цхьаъ веш, Элча бакъ веш, устазаш къобалбеш баьхначу нохчашна. ХIора юьртахь колхозаш яхка Iалашо Iедало юьхьарлацар къобалдеш дацара халкъо. Къоман гIиллакхашна кегийрхой дуьхьалбаха йолчу Iалашонца, денна дIахьош «кхетош-кхиоран» болх бара, къомана хийра йолу коммунистийн идеологи цIийх, тIамарх юлуьйтуш. Динан тIеIаткъам кхиазхошна ца хилийта хьуьжарш дIаяьхнера. Церан метта массо а маьIIехь йохкуш ликбезаш яра. Кхин а жигара схьайоьллуш клубаш яра. Кавказхойн шатайпаналла хьаьшна дIайоккхуш яра. И харцонаш Нохчийчохь хилла Iаш яцара. ГIебартахь, ГIалгIайчохь, Дагестанехь. 1929-чу шеран товбецан (сен- тябрь) баттахь кхин цхьа гIаттам хуьлу Нохчийчохь. Цуьнан цIе яьржа Шелахь, МартантIехь, ГаланчIожехь, ЧIебарлахь, Шарахь, Дагестанехь. Чекхдаьллачу ХХ-чу бIешеран 20–30-гIий шерашкахь нохчийн къоман векалша орцадохучу муьрехь, уьш берриге а халкъан мостагIий лерина, хIаллакбира. Иштта къиза хьаьшначарах бу 1929-чу шеран товбецан (сентябрь) баттахь дIаболийна гIаттам а. 1930-чу шеран бекарг (март) баттахь Къилбаседа Кавказан тIеман округан эскаран цхьадолу дакъош, Нохчийчу даьхкира гIаттамхой хIаллакбан. Шелахь, Цоцин-Эвлахь, ГIойтIахь авиатохарша хIаллакдина, бехк-гуьнахь доцу дукха адам. Делахь а, 1932-чу шарахь чекхдаьлла дуьхь-дуьхьал латтар. Нохчий дика бевзачу Гикало Николайс дукха къахьегна машарца дов дIадерзо лууш. Цунах доккха беркат даьлла дуккха а адам маьрша дитина. Оьрсийн паччахьан Iедалца къийсам латтийна Кавказера дукха обаргаш, Советийн Iедалах тешна, цIабирзина хилла. ХХ-чу бIешеран 20-чу шерийн чаккхенехь Нохчийчохь Iаьткъина ямартло бахьанехь, цхьамогIа обаргаш хьаннашка юхабирзина. Къизачу Iедалан харцо ю оцу новкъа уьш баьхнарг, дуьненан марзонах, кхерчах, верасех хадийнарг. ЧIагIдала доьллачу Советийн Iедалан векалша тIедожийнера нохчашна герз охьадиллар, дихкинера ламаз-мархица хилар. Магош дацара Дела цхьаъ вар, Элча бакъ вар, устазаш къобалбар.

И таIзарш нохчашна тIехь дIахьош хиллачу Къилбаседа Кавказан тIеман округан хьаькаман заместитель хиллачу Урицкий Семена Сталин Иосифе ша диначу цхьана дIахьедарехь тидам тIебохуьйтур бу меттигерчу Iедалан векалша Нохчийчохь мискачу адамашна тIехь дукха харцонаш лелийна хиларна. Амма Сталина тергал ца до шега Урицкийс арз даран кепехь яздина дIахьедар. Цкъа мацах молла хила воьлла, тIаккха семинарера дешар дIатесна волчу Сталинна ца тов нохчий бусалба динна чубоьлла хилар. Цкъа шена вас еш ца тайна хIума, массо а диктаторийн санна, диц деш Iедал дацара Иосифан. Цунна нийса ца хетара шел дукха нохчашна Дела везар. МаслаIат деш дерзийна дов марса ца далийта жимма хан ялийтинехь а, дицделла ца хиллера йовсарна, нохчаша буьрса кхихкинчу тIамехь нуьцкъала амал гайтар а, церан бусалба динна муьтIахь хилар а. 1937-чу шеран мангалан (июль) беттан 31-чу дийнахь цхьана буса Нохч-ГIалгIайн АССР-н лаьтта тIехь, ву аьлла хилла, 14 эзар стаг дIалахьийра НКВД-н оперативни белхахоша. Набахтеш хьалаюьзинчул тIаьхьа Соьлжа-ГIаларчу Сталинан цIарах йолчу «Грознефть» цхьаьнакхетараллин клуба чу боьхкинера бехк боцуш схьалецна нах. Массо а кIоштара КПЗ-ш хьалаюьзна яра. Царна юкъахь алссам бара Iеламнах. Вайнах бусалба динах дIахадо йолчу Iалашонца дIаяьхьна операци яра иза. Цхьаболчарна тоьпаш туьйхира, вуьш чохь яккха ткъех шаре хьалакхочуш хенаш тухуш, Сибрех хьовсийра. КIезиг бу царах цIабирзинарш. Набахтешкара къиза хьелаш массаьрга ца лалора. Махкала дора. Кхин хIумма а ца хилча а чубоьхкинчу нахана етташ бина ницкъ тоьар бара, церан могашалла галъяккха. Амма оцу тIехь а дIа ца дирзира нохчашкахь латтийна Iазап. 1937-чу шеран товбецан (сентябрь) баттахь «Правда» газетехь йоккха статья араелира «Нохч-ГIалгIайн АССР-ра националистийн-буржуазин бен» хIаллакбаре кхойкхуш. Статьян автора яздарехь, халкъан мостагIий бара кхузахь куьйгаллехь берш. Авторан шеко яцара уьш берриге а хIаллакбан безаш хиларх. Йоккха гIовгIа яржийначу оцу статьян лорах вайн махка веара Шкирятов Матвей. 1937-чу шеран эсаран (октябрь) беттан 7–8-чуй деношкахь Соьлжа-ГIалахь дIаяьхьначу партин обкоман пленумехь дакъалоцуш хиллачу Шкирятове дIакхайкхира массо а нохчи а, гIалгIа а даржах мокъавуьтуш хилар. НКВД-н хьаькам хиллачу Ежов Николайн заместитель вара иза. Шен сица, къинхетаман хьаса боцуш, къиза стаг вара. Цуьнан омрица чубоьхкира Нохч-ГIалгIайн АССР-чу дерриге а тIегIанашкара куьйгалхой, уьш нохчий хилар бен кхин бахьана доцуш. Куьйгалхошца цхьана чубоьхкира къоман интеллигенцин векалш а. ХХ-чу бIешеран 20-чу шарахь дуьйна 1940-чу шаре кхаччалц НКВД-с хIаллакбинчу нохчийн а, гIалгIайн а барам ши бIе эзар сов бу. Шкирятов Матвейн дIадолорца, №00447 йолу буьйр кхочушдеш 1937-чу шеран гурахь чубохка болийна бехк боцу нах 1938-чу шеран лахьанан (ноябрь) баттахь тIехь чубухкуш бара. Царна юкъахь вара Нохч-ГIалгIайн АССР-н Правительствон Председатель А.Горчханов, цуьнан заместитель А.Саламов, партин обкоман шолгIа секретарь Вахаев Хаси, обкоман отделан куьйгалхо Мамакаев Мохьмад, латталелорна Iуналла деш хилла нарком А.Мальсагов, могаша лла Iа лашъяран нарком С.Казалиев, Нохч-ГIалгIайн АССР-н прокурор Хь.Мехтиев, промышленностан нарком К.Ужахов, финансийн нарком Г.Гойгов, дешаран нарком Х.Окуев, Нохч-ГIалгIайн АССР-н Лакхарчу суьдан суьдхо Х.Ханиев, «Ленинан некъ» газетан жоьпаллин редактор Арсанукаев Халид, Яздархойн Союзан председатель Бадуев СаьIид, радиокомитетан куьйгалхо Айсханов Шамсудди, иштта дуккха кхиберш.

Советийн Iедалан бIаьхой хилла чекхбевлла нах бара уьш. Цаьргара даьлларг хууш стаг вацара. Доцца аьлча, Сийлахь-боккха Даймехкан тIом болалуш, йоза-дешарх кхеташ мел хилла нах чубоьхкина бара, Амма иза данне дац оцу буьрсачу тIамехь вайнаха дакъа ца лаьцна бохург. ТIом дIаболабалале Нохч-ГIалгIайн АССР-ра 10 эзар сов стаг ЦIечу Эскарехь гIуллакх деш вара. ТIом болабеллачу дийнахь шайн лаамехь вайн махкара кхин а 13 эзар стаг тIаме хIоьттира. Цул сов 1941-чу шеран хьаьттан (август) баттахь дуьйна вовшахтоха йолийра 114-гIа Нохч-ГIалгIайн дошлойн дивизи. Луларчу къаьмнаша хала вовшахтухуш хилла дивизи тIеюза 4 500 стаг хилла оьшуш. Ткъа Нохч-ГIалгIайн АССР-ра вовшахкхеттарг ялх эзар сов стаг хилла. Дивизин дуьххьарлера командир Моллаев Супьян хилла. Дивизин комиссар Гайрбеков Муслим хилла. Нохчийн кIентий буьрсачу тIаме дIахIитта кийча хилла. Амма дивизина барзакъца, герзаца, говрашца кхачо ян дезаш долу меттигера Iедал шайна тIедехкинчу декхаршца ларош ца хилла. Обкоман секретарь оцу муьрехь Иванов хилла, ткъа иза саготта ца хилла шена тIедехкина декхарш кхочушдан. Делахь а, шена тIера бехк дIабоккхуш, Ивановс хаддаза Москва аьрзнаш деш хилла, вайнехан кегийрхой низам лардеш бац бохуш. Эххар а, Ивановн аьрзнаш кIордадой, Москвара Берия Лаврентийс хаамбо Нохч-ГIалгIайн 114-гIа дошлойн дивизи тIеман ара юьгуш цахиларан хьокъехь. Кхузахь билгалдаккха догIу тIом болабелла кхо сахьт далале Висаитов Мовлади шен эскадронца мостагIех леташ хилла хилар. ЦIечу Эскаран векалех хьалхарчийн могIарехь тIеман совгIат диначеран капитан ву Мазаев Маташ. Иштта, дера мостагIех леташ вара Нурадилов Ханпаша. Москвана тIегIоьртина мостагI турпала юхатоьхначарна юкъахь Iедало дозаллица цIе йоккхуш бу вайн махкахой Цароев Iабдулла, Шоипов Хьасан, Идрисов Абу-Хьаьжа, Амаев Махьмуд, иштта дуккха а кхиберш. МостагIчух летачу вайн махкахошна Iаламат новкъадолу нохчий, гIалгIай кхин тIаме бохкуьйтуш бац, царах тешам бац боху эладитанаш. Цара йоккха гIовгIа йоккху. Цул тIаьхьа Нохч- ГIалгIайн 114-гIа дошлойн дивизин буха тIехь вовшахтуху Нохч-ГIалгIайн 255-гIа полк. Цуьнан командир Висаитов Мовлади хилла. Полкан комиссар «Ленинан некъ» газетан редактор лаьттина Имадаев Мохьмад хилла. 1942-чу шеран хIутосург (май) беттан хьалхарчу деношкахь Соьлжа-ГIалара араяьлла и полк. Дона-тIерачу-Ростован областерчу Сальск гIалин йистошца хиллачу луьрачу тIемашкахь, мостагI хIаллаквеш, турпала чекхйолу. Вайн дошлойн доьналла, майралла, яхь а тидаме оьций, ЦIечу Эскаран куьйгалло тIеман уггаре а халачу меттигашкахь латтайо Нохч-ГIалгIайн 255-гIа дошлойн полк. Дукха хьолахь, юхадовлучу советийн эскаршна некъ маьрша боккхуш, тIемаш беш хуьлу вайн махкахой. Хьерадевллачу жIаьлех тарбелла чугIертачу немцойн фашисташна юхадовлучу ЦIечу Эскаран дакъошна юкъахь Сталинградан йистошца буферни зил латтийна полко. Полк хIаллакьхилла 1942-чу шеран хьаьттан (август) беттан 4-чу дийнахь Сталинградана тIебоьдучу аьчканекъан Чилеково цIе йолчу станцехь. Майрачу дошлошна тIегIерташ вермахтан 78-гIа танкийн корпус хилла, гIо деш немцойн авиаци а йолуш. Нилхадовлуш дара нохчийн кIентийн могIарш. Амма,уьш къар ца лора. Буьрса тIом кхехкачу шолгIачу дийнан делкъал тIаьхьа цхьамма мохь туххуш «Ясин» деша долийра. Амма, иза генавалале кхечо, аз айдеш, Девкар-Эвла яккхарх долу турпалал- лин илли долийра. ЦIийзаш лелхачу яккхийчу тоьпийн хIоьънийн гIовгIа хьулъеш, бIаьхоша тIаьхьара айдира нохчийн шира илли. Еза чов хилла воьжнера, кхетамчуьра волуш, полкан комиссар Имадаев Мохьмад, цIий лешаш вара масех чов хилла полкан командир Висаитов Мовлади.

Полкан толамца и луьра тIом дIабирзича, штабан хьаькам хиллачу капитана Емельяненкос диначу рапортехь билгалдаккхарехь, Даймехкан сий лардеш буьрсачу тIамехь шина дийнахь турпала воьжнарг 342 бIаьхо вара. Царах 84 гIалгIа вара. Бисинарш берриге а нохчий бара. Чевнаш хилла Висаитов Мовлади госпитале дIавигира. Нохч-ГIалгIайчуьра кегийрхой салт бахар Берия Лаврентийн мотт-эшарца дихкина хиларна, дийна бисина бIаьхой ЦIечу эскаран тайп-тайпанчу дакъошка дIасакхийсира.

Нохчийн а, гIалгIайн а дукхах болу кIентий шайгара бIаьхаллин хьуьнарш гойтуш, немцойн фашистех леташ бара. Нурадилов Ханпашас шен дахар 1942-чу шеран товбецан (сентябрь) беттан 18-чу дийнахь доьналлица Даймахкана дIадалар бахьанехь 1943-чу шеран оханан (апрель) баттахь цунна Советийн Союзан Турпалхо сийлахь цIе елира. 1943-чу шеран кхолламан (январь) баттахь арадаьллера Магомед-Мирзоев Хаважина, Дачиев Хан-Солтина и сийлахь цIерш яларан хьокъехь долу Указ. Иштта, Советийн Союзан Турпалхо вара Бейбулатов Ирбахьайн. Амма, церан бIаьхаллин хьуьнарш тидаме ца ийцира Кремлерчу хьаькамаша. 1944-чу шеран кхолламан (январь) беттан 31-чу дийнахь вайнах махкахбаха сацам тIеэцначара. Пачхьалкхан Оборонин комитето тIеэцна сацам бу иза, дукха хенахь дуьйна вайнахана церг хьекхош волчу Берия Лаврентийна бехк боцу халкъ Iазапе лаца бакъо луш. Берияна, цуьнан хьадалчаш хиллачу Серовна, Кобуловна, Кругловна, ишта кхечарна шайн къизалла гайта меттиг елира. Цхьа бутт хьалха чудалийра эскарийн дакъош. Уьш нохчашка а, гIалгIашка а кхабийтира. 1944-чу шеран чиллин (февраль) беттан 21-чу дийнахь Берия Лаврентийс НКВД-хула №00193 йолу омра арахийцира «Чечевица» цIе йолу операци 1944-чу шеран чиллин (февраль) беттан 23-чу дийнахь дIайолош хиларан хьокъехь.

Iуьйранна ялх сахьт далале, меттара гIиттош, машенаш тIе баха болийна вайнах къизаллица цIевзина еанчу 1944-чу чиллин (февраль ) беттан 23-чу шийлачу Iуьйранна. Цхьаннах а къинхетам ца бира. Дерриге а къам, аганара бераш цхьаьна «халкъан мостагIий» лерина Казахстане, Юккъерчу Ази дIахьажийна. НКВД-н 19 эзар оперативни белхахо а, НКВД-н, НКГБ-н, «СМЕРШ-ан» 100 эзар эпсар а, салти а хилла кхехкаш лаьттачу тIамна юккъера ваьккхина, вайн махка валийна. Халкъана, махкана доьхна деанчу дийнахь дуьхьало ян гIоьртина 780 стаг герз тоьхна вожийна НКВД-н белхахоша, 2016 стаг чувоьллина, висина 493 269 стаг 180 шалона тIехь малхбалехьа дIахьажийна. ХIора шалонна юкъайогIуш 65 вагон хилла. Оцу шийлачу новкъахь кхелхина цIерпошта тIера охьаваьккхинарг маса стаг ву хууш а дац. Билггал Хьайбахахь вагийнарг маса ву а вайна ца хаьа. Хьалха-МартантIерчу больницин кертахь хIаллакьхилларг маса ву хууш стаг вац. Шина кIирнах дIаяьхьна вайн махкахь «Чечевица» цIе йолу операци. Берия Лаврентийс 1944-чу шеран чиллин (февраль) беттан 29-чу дийнахь дозаллица телеграмма яхьийтина Сталине Москва, вайнах кхиамца махкаха баьхна ша валаран хьокъехь. Делахь а, лаьмнашкахь, хьаннашкахь бисинчу обаргаша кхин а цхьана кIирнах луьра тIом латтийра НКВД-н белхалошца. 1944-чу шеран бекарг (март) беттан 7-чу дийнахь араделира Нохч-ГIалгIайчоь дIаяккхаран хьокъехь долу Указ. Вайнехан латтанех шерет дира, лулахошна дIасадоькъуш, бухайисинчу коржамна Грозненски область аьлла цIе тиллира. Соьлжа-ГIалара дIавоьдуш БуритIехь сецна хиллера Берия Лаврентий. Ша бахьанехь Буру-ГIалин коьртачу майдана гулделлачу адамашна хьалха цхьа куро цигаьркин кIур баьккхина, догучу томкин чим, массарна гойтуш, шен куьйга кераюккъе божийна, тIаккха цунна «хIуп» аьлла хиллера цо. «Ас «хIуп» аьлла дIакхоьссина чим юха схьагуллур барий вайга?», – хаьттина хиллера цо майдана гулбеллачаьрга, иштта кхин бIаьрга гур яц нохчашна, гIалгIашна Кавказ».

Амма Хастам хиларан, АллахI-Делан комаьрша къинхетам шорта бу. Адамийн рицкъанаш а Цуьнан карахь ду. Дера, 13 шарахь хало, гIело, шело, мацалла, харцо, ямартло лайра вайнаха хийрачу махкахь. Делахь а цара яхь дIа ца елира, Делан диканах дог а ца диллира. Вайнаха массо а ламазехь доьхура шайн оьзда дай баьхна латта. Дала церан доIийна жоп а делира. Сталин а дIавелира. Берия а бекхам боцуш ца висира. Хьаькамаш хийцабаларо беркате хIуо деара вайнехан Iедалца йолчу юкъаметтиге а. 1956-чу шеран эсаран (октябрь) баттахь хиллачу КПСС-н ХХ-чу съездехь Iораехира Сталинан гуоно къинхетамза лелийна къизаллаш, харцонаш, бехк боцчу адамашкахь латтийна таIзарш. Сталинан доккхачу гIалатех цхьаъ лерира дийнна халкъаш шайн мехкаш- кара арадахар. 1956-чу шеран лахьанан (ноябрь) беттан 24-чу дийнахь зорбане белира СССР-н Правительствон «кхарачойн, гIалмакхойн, нохчийн, гIалгIайн къаьмнийн автономеш юхаметтахIитто езаш хиларан хьокъехь» болу сацам. Оццу шеран гIуран (декабрь) беттан 20-чу дийнахь вайнах цIаберзоран некъаш билгалдаха комисси вовшахтуьйхира Кремлехь. Цуьнан председатель вара Микоян Анастас. Комиссин декъашхой бара Маленков, Ворошилов, Сабуров, Первухин, иштта кхиберш. Шина кIирнах къахьегна, йоццачу хенахь церан аьтто белира вайнахана цIаберза бакъо луш долу Указ 1957-чу шеран кхолламан (январь) беттан 9-чу дийнахь зорбане даккха. Массарна мерза кхаъ хилла дIахIоьттира кхойтта шарахь вайнаха сатийсина и Указ. Адамаша вовшашка кхаьънаш дохура, хазахетар совдаьлла боьлхурш бара, самукъадаьлла ловзарш деш берш кIезиг бацара. Кхойтта шарахь хьегарца, Даймахках хьирчина вайнехан ойла и ховха сатийсам кхочуш хила гергабахана тIома яьллера. Дуьненан дерриге а диканаш шайга кховдорах цара хуьйцур боцчу Даймахка цIаберза бакъо яьллера вайнахана. Иза Iаламат боккха Делан къинхетам бара. 1957-чу шеран хIутосург (май) беттан хьалхарчу деношкахь, вайнах балош Соьлжа-ГIала схьакхечира цIерпошт. Адамийн яххьаш ирсах юьзна, серлаевлла яра, хазахетар совдаьлла, бIаьрхиш цаьрга сеца ца лора. Веза-Воккхачу Дала доIина жоп делла дай баьхначу лаьтта тIе кхачийнера уьш, бевза-безачийн могIарш дикка нилха девллехь а. Нана-Нохчийчоьно патар даьттIачу баьллийн зазанца елакъежна тIелецира шен бераш. Цуьнан шира ярташ мелла а беркъа евллера. Амма, бутт батте балале азаллехь дуьйна къа- хьега Iеминчу адамаша сихха меттаялийра уьш, беркатечу дахаран зевнечу аьзнех хьалаюзуш. Дерриге а нохчийн къоман оьмарехь керла мур дIаболабелира екхна еанчу 1957-чу шеран бIаьстенан юьххьехь.

ГАЗИЕВА Аза

№2, шинара, кхолламан (январь) беттан 10-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: