Дукха хан йоццуш Нохчийн Республикин иллийн а, хелхарийн а пачхьалкхан фольклоран «Нохчо» ансамблан 25 шо кхачар билгалдаьккхира. Бакъдолу дезде хилла дIахIоьттира хелхаран искусство езачарна оцу денна лерина Соьлжа-ГIаларчу пачхьалкхан театральни-концертийн залехь ансамбло дIаяьхьна концерт. Кхузахь цара хьовсархойн кхиэле йиллира 23 композици.

Оцу даздаршка веанера ансамбль меттахIоттош гIо-накъосталла дина волу Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан а, Нохчийн Республикин культурин министр Дааев Хожа-Бауди а. Иштта цига баьхкинера Дагестанера а, ГIалгIайчуьра а, ГIебартойн-Балкхаройчуьра а, Къилбаседа ХIирийчуьра а хьеший-коллегаш. Культурин белхахой юбилейца декъал а беш, республикин Куьйгалхочо дийцира «Нохчо» ансамбль республикехь а, Россин регионашкахь а, дозанал арахьа а езаш а, дика тIеоьцуш а хиларх лаьцна. Цо билгалдаьккхира оцу хелхаран коллективо беш берг хала а, жоьпалле а болх хилар а, цунах кхетархьама церан репетице ваха везаш хилар а. Кадыров Рамзана тидамза ца битира «Нохчо» ансамблан белхахойн хала, амма сийлахь болх. Царна Сийлаллин грамоташ а, мидалш а елира, мехала совгIаташ а дира. Ткъа кхаа артистана Кадиев Рахьманна а, Махаури Исламана а, Исаева Мархина а Соьлжа-ГIалахь петарш елира. Цул сов, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу регионан юкъараллин фондан президентан Кадырова Айманин сацамца ахчанан премеш а елира ансамблан исбаьхьаллин тобанан белхахошна.
Хууш ма-хиллара, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас схьагулбира тIемаш бахьанехь дIасабахана хилла нохчийн артисташ. Культура меттахIотторна бух биллира цо.
Дагадоуьйту «Нохчо» ансамбль 1992-чу шарахь «Вайнах» ансамблана юкъарабевллачу цхьаболчу арти- сташа вовшахтоьхна хилар. Дукха хан ялале шен хьалхарчу кхиамашка а кхечира ансамбль, хьовсархоша къобалъеш тIе а ийцира. 1993-чу шарахь Хонкарарчу Айдин гIалахь Гран-При яьккхира цо. Цул тIаьхьа Прибалтикехь кхин цхьа толам а баьккхира. Нохчийчохь тIом болабелча шайн болх сацо дийзира кхоллараллин тобанан. 2001-чу шарахь юхавовшахтуьйхира ансамбль, 2010-чу шарахь керла программа кечйира артисташа. Республикин куьйгалло гIо-накъосталла дар бахьанехь шайн кхолларалла кхио а, кхиамаш лакхабаха а аьтто баьлла ансамблан артистийн. Цара кхиамца дакъалецира Къилбаседа Кавказан федеральни округан искусствон говзанчийн V-чу а, VII-чу а фестивалашкахь а, Волгоградехь дIадаьхьначу Дельфийски III-чу ловзаршкахь а, Россин дешархойн хьалхара аьхкенан Спартакиада Саратовехь схьаелларехь а, кхечу мероприятешкахь а. Иштта шайн похIмица билгалъялла ю Элимбаева Таиса куьйгаллехь йолу ансамблан эшарийн мехкарийн тоба. 2011-чу шарахь «Нохчо» ансамбло дакъалецира Тверь гIалахь дIадаьхьначу Дельфийски X-чу ловзаршкахь. Цигахь цо «Халкъан хелхар» номинацехь толам баьккхира. Ансамблан репертуарехь ду нохчийн а, Кавказан кхечу халкъийн а хелхарш. Карарчу хенахь ансамблан куьйгалхо Докулаев Ахьмад ву. Тахана а кIад ца луш, шайна безачу балхахь доггах къахьоьгуш бу иллийн а, хелхарийн а пачхьалкхан фольклоран «Нохчо» ансамблан артисташ.
I.АДЛАНОВ
№3, пIераска, кхолламан (январь) беттан 13-гIа де, 2017 шо