Вайн республикерчу ламанца йолчу ширачу яртех цхьаъ ю Итум-Кхаьллан районера КхокхатIе юрт. Юьртана малхбалехьа агIор охьадогIуш Орга а долуш, ломан басахь, Iаламат хазачу меттехь Iуьллуш ю юрт. Гуобаьккхина долчу Iаламан хазалло бIаьрг бузош ду схьагуш долу сурт, ткъа хIаваъ, мел чуийзарх а кийра ца Iебаш, шатайпа цIена, дегIана аьхна ду.
Юьртдас Адашев Мовсара дийцарехь, герггарчу барамехь XI-чу бIешара чIаьнтийн тайпанах болчу наха йиллина ю Кхокхат1е. Ткъа юрт ширачех хилар-м, кху юьртана малхбузехьа ломан басахь долчу маьлхан кешнашка а, «Бекькхела» олуш йолчу бIаьвнашка а хьаьжча, гуш ду. Оцу юьртан цIе муха кхоллаелла а дийцира Мовсара. Юрт йиллале хьалха кхо кха хилла боху, вогIу-воьдучо а кхаа кха тIе воьду я цигара вогIу олуш, иштта дIаяхана боху оцу меттиган Кхокхат1е аьлла цIе. ТIаьхьа, нах цига баха охьа а хевшина, юрт хилла цунах.
Кху юьртара хIумма а кIезиг ца бевлла цIе йоккхуш хилла болу къонахий а, Iеламнах а. Царах ву д1адаханчу б1ешеран 40-чу шерашкахь НКВД-н районан отделан хьаькам хилла волу Межиев Ахьмад. Цу заманахь Iедало бехк боцуш нах хьийзочу хенахь хийла стагана гIо дина, набахте вохуьйтучуьра кIелхьараваьккхина хилла цо. Де эшначу муьлххачу а стагана ваша хилла дIахIуттуш хилла кху юьртара ТаIин Iумар, иштта Эидин Юсуп, юьртахоша дуккха а дуьйцу цаьршиннан хьуьнарех. Ерриге а Нохчийчохь а дика вевзаш Iеламстаг хилла кхузара Адашан ИбрахIим, Ражап-Молла (шолгIаниг 1937-чу шарахь Iедало лаьцна дIавигна, тIепаза вайна). Махкана тIе кхерам беанчу шерашкахь а юьстаха ца лаьттина Кхокхат1ара нах. Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь дакъалоцуш хилла кхузара Эскиев Нос, Гелаев Къосум, кхиберш. Царах берриге а ца бирзина Даймахка ц1а, мехкан маршонехьа къуьйсуш, синош дIаделларш а бу.
Таханлерчу дийнахь 92 ков-керт а, 600 гергга адам а ду Кхокхат1ахь дехаш. Юьртахь администраци а, школа а, библиотека а, маьждиг а ду, ткъа Культурин цIа аренде эцначу нехан долахьчу цIеношкахь ду. 2008-чу шарахь хи а далийна юьрта, 2012-чу шарахь газ а ялийна. Юьрта газ ялош, Iаламат доккха гIо дира районан администрацин куьйгалхочо Темирбулатов Хьамзата. Юьртарчу хIора а ц1енна юххехула чекхъяхийтира цо биргIанаш. Некъаш а ледара дац юьртахь. Кхузарчу ГУДЭП-н хьаькам Межиева Бирлант балхана тIера а, шен декхаршца дика ларош а хилар бахьанехь дика Iуналла латтош ду некъаш тIехь, цундела Iай я йочанаш йолуш дIасавахарна новкъарло хилла яц цкъачунна. Школа исс шеран ю. Дешархошка хьакъ ма-дду дешийта г1ерташ къахьоьгуш ю школин директор Бахаева Таиса, иштта хьехархойн ерриге а коллектив.
10–11-г1ий классаш чекхъяха Итум-Кхаьлла лела дешархой.
Нохчийн кхечу ярташкахь санна, кху юьртахь а бу диканна-вуонна хьалхабевлла, олуш ма-хиллара, юрт дIалелош болу нах. Царах ву маьждиган имам Гелаев Заурбек, туркх Утциев Мохьмад, къано Аюпов Сайдан, иштта Хамзатов Бислан, Гелаев Сайд-Эми, кхиберш. Хьалхабовла и нах бацахьара шайн гIуллакхаш ледара хир дара, олу юьртахоша.
Кегийрхой а ледара бац Кхокхат1ара. Кхузарчу кегийрхойх цхьа а вац наркоман ву аьлла я кхин хьаштдоцург лелош хаавелла, Iедало тидаме эцна. Шайн дайшкара схьадогIуш дол оьзда гIиллакхаш, ламасташ лардеш, ийманехь кхуьуш бу уьш.
Белхан меттигех дерг аьлча, массанхьа а санна, уьш тоьаш яц кхузахь а. Вай лакхахь хьахийна школа, Культурин цIа, администраци, библиотека йоцучохь кхин болх бан меттиг яц юьртахь. Бахархойн хене бовлар дукхахдерг даьхни, бошмаш-лелорца ду.
Иштта ю Кхокхат1ан селхане а, тахане а. Юьртахой тешна бу тIейогIучу хенахь шайн юрт кхин а хазлуш, толуш дIахIуттург хиларх.
Р.МУСИПОВ
Авторан сурт