ДIадаханчу 2016-чу шарахь Нохчийчу 80 эзар сов турист веана (иза а дIаязъянза йоцу тобанаш ца лерича). Иштта хаам бо Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана инстаграмерчу шен агIонехь.
Цо билгалдаккхарехь, туристашна уггаре а хазахета Соьлжа-ГIала, Устрада-ГIала, Гуьмсе, Бена, Къоьзан Iам, Шуьйта, Шара, Итон-Кхаьлла, Хьачара, Нашха.
«Вайна боккха синхьаам бу вайн дай баьхна мохк оццул нахана хазахеташ хилар а, кхуза кхача царна лууш хилар а.
«Къоьзан Iам» турбазехь дуккха а туристаш бу таханлерчу дийнахь а. Москвара, Санкт-Петербургера, Карелера, иштта кхечу гIаланашкара, субъекташкара бу уьш. Туристашна леррина отель, коттеджийн цIенош, хьалха заманахь хиллачу цIенойн кепехь кечйина хIусамаш ю. Церан самукъаненна лерина лайн тIехула хоьхку мотоциклаш, квадроциклаш, машенаш, дуккха а кхийолу техника ю цигахь.
Цигара кхачанаш, дийцина цаваллал, мерза а, токхе а ду.
Туристаш тIелаца массо а тайпа таронаш ю вайн хIинца. Ас баркалла боху Нохчийн Республикин Правительствон хьалхарчу вице-премьерна Закриев ИбрахIимна а, Правительствон Туризмехула йолчу комитетан председательна Эдильгириев Амрудина а», – яздо Кадыров Рамзана.
Карарчу хенахь Нохчийчохь тайп-тайпанчу дакъошка екъна ю туризм: культурин-довзаран, динан, гIаш лаьмнаш талларан, могашалла Iалашъяран, говрашкахь а, вилспеташ тIехь а аренаш талларан, хи тIехула хахкадаларан (рафтинг), лаьмнашкара хала некъаш талларан (джиппинг), иштта дуккха а кхин а. Герггарчу хенахь кхин а шоръян лерина бу республикерчу туризман таронаш: гастрономин, лыжин, аграрин, спелеотуризман (хьехаш талларан туризм), и.дI.кх.
ТIаьхьарлерчу шарахь интернетан тайп-тайпанчу сайташ тIехь кест-кеста го Нохчийчохь даьхна суьрташ. Уьш вайн республикерчу гIаланашкахь а, лаьмнашкахь а даьхна хуьлу. ХIора а суьртана бухахь, меттиг йовзуьйтуш, шайн цигахь хилла ойланаш йовзуьйтуш, могIанаш хуьлу, вайн махках баккхийберан дешнаш бен резавоцу цхьа а дош ца го. Дуккха а наха шайна и сурт хазахеташ хилар а, цига кхача безам хилар а билгалдоккху «лайкаш» хIитторца. Вайн мохк кхуьуш хиларан билгало ю иза.
«Дерриге а дуьненарчу туристийн Нохчийчу бахка безам кхоллабалийта Iалашо яра вайн. Оцу Iалашоне вай тахана кхаьчна, Делан къинхетамца, Россин ерриге а регионашкарчу а, гергарчу а, генарчу а дозанашна дехьара нах схьаоьху вайн махка», – яздо республикин Куьйгалхочо.
Хь.ДАУДОВА
№3, пIераска, кхолламан (январь) беттан 13-гIа де, 2017 шо