Нажи-Юьртан кIоштарчу Гилна юьртахь «Жайна» берийн бешахь дIадаьхьира Керлачу шарна лерина даздарш. БIаьста стоьмийн бешахь дека хьозарчий санна, берийн аьзнаш хезара. Ловзарш, хелхарш, къийсадаларш – массо а бер чIогIа самукъадаьлла дара. Уьш иштта ган таро хилар вайна боккха кхаъ бу. Хетало уьш хIора а беран ирсан беша кхаьчча санна.
Оцу даздаршна леррина кечам бинера хIора а нанас – уьш кечбарца, иштта, кхетош-кхиорхоша а – уьш Iаморца. Цара хьегна къа эрна цахилар бераша дика дIа а гайтира.
Даздарш дIадаьхьира йоккхачу, хаза кечйинчу зала чохь, сонехь бес-бесарчу стогаршца лепачу базалгана гуонаха хьийзаш бераш а дара, хазачу духаршца кечделла. Амма царах хIора а сатесна дара ГIура-Дада ган, шайн говзалла цунна дIагайта.
Цара сатийсина ирсе миноташ тIекхечира, ГIура-Дада а веара, шеца цхьаьна Лайн-Аьзни а ялош. Массо а бер хьостуш, цо шайна кечдинчуьнга ладугIуш я хьожуш, Керлачу шарца бераш декъалдеш, хIоранна а совгIаташ деш чекхделира ГIура-Дада а, Лайн-Аьзни а.
Оцу тайпана хаза совгIаташ берашна даийтинарг яра Нохчийн Республикин Куьйгалхочун гIоьнча Кадырова Зарган.
Берийн бешан заведующис Хаджиматова Зинас Керлачу шарца декъалбира шен юьртахой, белхахой.
Иштта самукъане дара Нажи-Юьртан кIоштан Зандакъарчу Культурин цIийнехь №2 йолчу юккъерчу школин дешархойн хилла долу даздарш а. Керла шо даздечохь уггаре а хазаниг ду тайп-тайпанчу тайнигашца кечйина базалг а, ГIура-Дада а, Лайн-Аьзни а хилар. Къаьсттина самукъадолу царах берийн.
Массо а классо самукъане гайтарш кечдинера, вайн республикехь дIахьочу «Синмехаллаш» телевизионни къийсадаларех тарбала а гIерташ.
Зандакъарчу №2 йолчу школехь оьрсийн мотт, литература хьоьхучу хьехархочо Юсупова Марета Керлачу шарца декъалбира берийн дай-наной, юьртахой, баркалла элира вайн Республикин Куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна вайн махкахь иштта паргIато латторна вайн даздарш дIадахьа, берийн кхане кхуллуш, церан некъ ирсе бан вай йиш хиларна.
И.АДЗИЕВА
№3, пIераска, кхолламан (январь) беттан 13-гIа де, 2017 шо