Нохчийн халкъан пачхьалкхалла меттахIоттийна де билгалдаьккхира

Кхолламан (январь) беттан 9-чу дийнахь Нохчийчохь билгалдаьккхира Нохчийн халкъан пачхьалкхалла а, НГIАССР а меттахIотторан де. ХIокху шарахь 60 шо кхаьчна Нохч-ГIалгIайн АССР меттахIотторан хьокъехь долчу Указана КПСС-н ЦК-н Хьалхарчу секретара Н.Хрущевс куьг яздина. Оцу маьIнечу хиламна лерина Соьлжа-ГIаларчу пачхьалкхан театральни-концертийн залехь дIахьочу даздаршка веанера Нохчийн Республикин Куьйгалхо, Россин Турпалхо Кадыров Рамзан а, кхиболу официальни нах а.

6_w1000_h700

Мероприяти дIайолийра нохчийн а, гIалгIайн а халкъашца доьзна долу историн бакъдерг меттахIоттор довзуьйтучу документальни фильм гайтарца. Цул тIаьхьа декъалдаран дешнашца вистхилира республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан. Цо дийцира, нохчийн халкъо ша махках даьккхинчу шерашкахь лайначу халонех а, баланех а, оцу халачу хенахь кхелхинчу дуккха а нахах лаьцна. Р.Кадыровс иштта билгалдаьккхира нохчийн халкъо дIаяханчу историн зеделлачух пайдаэца безаш хилар а, карарчу а, тIейогIучу а заманахь и тайпа гIалаташ кхин дийлийта йиш цахилар а. Кадыров Рамзана иштта хьахийра бIеннаш эзарнаш адамаш дIакхелхина, нохчийн доьзалийн кхолламаш бохийна тIаьхьара ши тIом а. Цул сов, кхузахь дийцира Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента Кадыров Ахьмад-Хьаьжас нохчийн юкъараллин керлачу историна юкъадиллинчу доккхачу декъах лаьцна.

Гулбеллачаьрга иштта вистхилира Нохчийн Республикин Парламентан Председатель Даудов Мохьмад. Цо а бовзийтира нохчийн юкъараллин дахарехь хилла болу историн хиламаш. Цо дийцира Ичкерин куьйгалло нохчий тIамна а, баланашна а юкъакхийсарх а, и бахьанехь бIеннаш эзарнаш нах кхелхина хиларх а лаьцна.

Цул сов, цхьаьнакхетарехь дийцира Н.Хрущевс биначу сацаман историн маьIнех а, КПСС-н ЦК-н XX-чу съездехь Сталина дина зуламаш Iорадохуш цо диначу къамелах а лаьцна. Нохчийн халкъан пачхьалкхалла меттахIотторах лаьцна къамелаш дира Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министра Умаров Джамбулата а, Нохчийн Республикин Iилманийн академин президента Гапуров ШахIруддис а, вевзаш волчу журналиста Кагерманов Доккас а, республикин кхоллараллин а, Iилманан а интеллигенцин кхиболчу векалша а.

I.МУРТАЗОВ

№3, пIераска, кхолламан (январь) беттан 13-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: