Дукха хан йоццуш Нохчийчоьнан Куьйгалхо, Россин Турпалхо Кадыров Рамзан цхьаьнакхийтира Нохчийн региональни «Иман» организацин жигархошца. Цо даггара баркалла элира царна.
Нохчийн региональни юкъараллин «Иман» организаци йиллина 6 шо кхаьчна. 2011-чу шеран кхолламан (январь) беттан 5-чу дийнахь йиллина иза. Цу хенахь студентка бен йоцучу Мужедова Имана вовшахтоьхна ю тахана регионехь дика евзаш йолу «Иман» организаци. Цо республикерчу зудаберашна, зударшна, наношна доккха гIо-накъосталла до.
Республикин Куьйгалхочо шен къамелехь билгалдаьккхира цара кегийрхошца-зудаберашца дIахьош болу кхетош-кхиоран болх Iаламат мехала хилар.
«ХIокху организацин жигархоша, шаьш нахана гахьара аьлла а доцуш, тийна-таьIна мехала гIуллакхаш ду республикехь дIахьош. Мужедова Иманан цкъа а ца хилла шаьш деш долу гIуллакхаш гIарадовлийта Iалашо, динарш дуккха а доллушехь. Кхузахь болх беш йолу хIора а йоI бусалба дино ма-бохху, духарца, леларца, буьйцучу маттаца нисъелла ю. Цара тIекхуьучу чкъурана гойтург дика масал ду. Цул сов, «Иманан» жигархой, берриге а аьлча санна, Къуръан деша хууш а, шайна хуург шайн йижаршна довзуьйтуш а бу», – элира Кадыров Рамзана.
Ялх шарахь организацин декъашхоша дуккха а гIуллакхаш дIадаьхьна республикехь. Цара ма-дийццара, дуккха а доттIагIий а, йижарий а карийна царна оцу хенахь.
– Организаци 2011-чу шарахь схьайиллинехь а, тхан болх 2010-чу шарахь дуьйна болийна бара. 7 шо хьалха хиджаб духар дуьйхина зудабераш дукха дацара, нехан цуьнга болу хьежам кхечу тайпана бара, цундела, зудаберашна гIо-накъосталла дар, церан и духар лело лаам белахь, царна нахах «ца кхера» Iамор яра тхан коьрта Iалашо. Цуьнца цхьаьна догIура нахана дика гIуллакхаш дар, нохчийн йоI муха хила еза Iамор, гIиллакх-оьздангалла лелош йолу йоI бен Ислам динехь нийса цахилар гайтар, иштта дуккха а дара уьш. Масала, оха, дуьххьара тхаьш дIадуьйлалуш, нохчийн мотт хьоьхуш дуккха а шерашкахь болх бина хиллачу хьехархошна совгIаташ а деш, уьш нахана бовза а бовзуьйтуш, гIуллакх дIадаьхьира. Цул тIаьхьа, Нохчийн зудчун денна лерина акци дIаяьхьира Нохчийн Республикин Кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствоца, Кегийрхойн Парламентаца цхьаьна. Тхан Iалашо яра нохчийн зудчун сий вайн махкахь мел деза лору массарна а гайтар, – дийцира «Иманан» куьйгалхочо Мужедова Имана тхоьца хиллачу къамелехь.
Юьхьанца Соьлжа-ГIалахь бен ца хиллехь, таханлерчу дийнахь республикерчу ерриге а кIошташкахь дика гIуллакхаш деш бу организацин жигархой. Цул сов, Россехь хуьлучу бусалба зударийн массо а тайпа гIуллакхашка кхойкхуш цигахь дакъалоцуш бу.
Шайн дуьххьарлера гIулчаш а, шайна гIо-накъосталла динарш а бовзийтира И.Мужедовас: «Со Нохчийн пачхьалкхан университетан пачхьалкхан урхалла даран факультетехь доьшуш яра. Тхан декан Буралова Малика яра. Цо доккха гIо-накъосталла дора тхан организацина, оьшшучу хIуманна тIехь тхан накъост яра иза. Иштта, тхан факультетехь вовшахтохархочун болх беш хиллачу Узуева Санета а гIо дора тхуна. Цо, шена и гIуллакх дика девзаш хиларе терра, дуккха а хIума довзийтира тхуна. Дела реза хуьлда царна!
Иштта болх беш тхо схьадогIуш республикин Куьйгалхочун, Россин Турпалхочун Кадыров Рамзанан тидам хиллера тхан, цо доккха гIо-накъосталла дира тхуна. Оха беш болу болх мехала хилар а, кхидIа а иза жигара баккха безаш хилар а билгалдаьккхира. Цо гIо-накъосталла деш ца хиллехь, таханлерчу дийнахь долчу тIегIане кхаьчна хир дацара тхо. Дела реза хуьлда тхоьга гIоьналлин куьг мел кховдийначунна».
Ца йийцича а гуш ю «Иман» организацин жигар- хойн вовшашца йолу уьйр-марзо. Изза ду цара вайн тIекхуьучу зудаберашна гойтург а.
«Тхан организацина юкъахь болчу йижарийн юкъаметтигаш мерза а, кIеда а, даггара а ю. Наггахь вовшашна оьгIаздахана, цхьаъ алахь а, пхи минот ялале и дицло. Тхо белхан накъостий ду аьлла цкъа а дага ца деана тхуна. Цундела хир ду оха болх самукъа а долуш, даггара беш хилар», – элира Имана.
Таханлерчу дийнахь кхузахь 48 белхахо ву. Царах хIоранна тIехь шен-шен декхарш ду. Уьш кхиамца лара а бо цаьрца.
ДIадаханчу 2016-чу шарахь Шуьйтан, Шаройн, Веданан кIошташ йоцурш, кхийолчу массо а кIоштахь тайп-тайпана гIуллакхаш дIадаьхьна «Иманан» зудабераша: проекташ, интеллектан ловзарш, гIоьналлин гIуллакхаш, акцеш, республикин тIегIанера тайп-тайпана конкурсаш.
«Хьайгахь хиджаб муха хета хьажа», «Ялсмани а, жоьжахати а», «Ангалин гIутакх», «Исламан медицина», «Тасбихь», «Ламазах лаьцна дерриге а», «Хиджаб – ма-ярра йолчу хазаллин, цIеналлин, зудабер Iалашдаран билгало», иштта дуккха а кхин проекташ ю цара дIахьош.
ДIадаханчу цхьана шарахь республикехь цхьа эзар сов цхьаьнакхетар дIадаьхьна цара. Цул сов, шаьш вовшахтоьхна дуккха а мероприятеш йина, «горгачу стоьлашкахь» дакъа а лаьцна.
«Тхан организацин жигархой шаьш бечу балхах баккхийбина а ца бовлуш хуьлу, хIунда аьлча, вайнехан зудаберашна юкъараллина пайдехь хилар, царна динах кхетам балар, культура йовзийтар, духарца а, леларца а, къамелаца а муха хила деза дийцар доккха дозалла хета тхуна массарна а.
Делан къинхетамца, вайн махкара зудабераш чIогIа оьзда а, гIиллакхе а ду. Уьш иштта хиларх со йоккха а е», – олуш дерзийра И.Мужедовас шен къамел.
Хь.БАХТАЕВА
№3, пIераска, кхолламан (январь) беттан 13-гIа де, 2017 шо