Россин а, Нохчийчоьнан а зорбанан хьокъехь…

1702-чу шеран гIуран (декабрь) бутт юккъе боьдучу муьрехь, цкъа ойланийн йийсаре ваханчу Россин дуьххьарлерчу императорна Пётр Хьалхарчунна цIеххьана дагадеана шатайпанчу шовкъаца гIиллакхаш, ламасташ, дуьненан хьежамаш карлабохучу пачхьалкхехь арадолуш газет цахилар. ТIаьхьарчу заманахь Пётр Хьалхарчунна къилба хилла дIахIоьттинчу Европехь газеташ зорбане дуьйлу бIешо гергга хан яра. Францехь дуьххьарлера газет 1631-чу шеран хIутосург (май) беттан 30-чу дийнахь арадаьлла.

4135826749_ec085be42d_b

Ткъа Россехь хIетахь а и хIун ю ца хаьара-та?! Пётр Хьалхарчо сихонца шен гIоьнчий схьа а гулбина, катоьххана газет арахецар царна тIедиллира. Иштта, 1702-чу шеран гIуран (декабрь) беттан 16-чу дийнахь араделира Россехь дуьххьарлера газет. Амма, оьрсийн дуьххьарлера газет куьйга яздина дара. Барам а Iаламат жима бара цуьнан – тетрадан цхьана агIоне кхочуш. Кхечу пачхьалкхашкахь зорбатоьхна газеташ гина волу император реза ца хилира шен гIоьнчаша бинчу балхана. Газет зорбатоьхна хила деза аьлла, омра дира паччахьо. Омра кхочушдан бутт хан елира. Цундела дийнахь-буса, бийшар-гIовттар доцуш къахьегна Петарбухерчу говзанчаша йиллинчу хенахь газет арахеца гIерташ. Йиллинчу хенал кхо де хьалха дина делира оьрсийн дуьххьарлера газет – 1703-чу шеран кхолламан (январь) беттан 13-чу дийнахь. «Ведомости» аьлла цIе тиллира газетана. Цуьнан дуьххьарлера редактор Яков Синявин хIоттийра. Цундела хIора шеран кхолламан (январь) беттан 13-гIа де Россин зорбанан де лоруш ду. Цул тIаьхьа 310 шо сов хан дIаяьлла. Кхиъна, зазадаьккхина, шорделла дIахIоьттина Россин зорба. БIеннашкахь, эзарнашкахь арадуьйлуш газеташ а, журналаш а ду. ХIинца-м уьш оьрсийн маттахь хилла Iаш дац. БIе гергга къам дехачу Россехь, хIора къоман а шен маттахь газеташ а, журналаш а ду. Делан къинхетамца, церан могIарехь ду нохчийн зорба. Хаттар кхоллало: маца дуьйна аьтто хилла-те вайнехан къоман зорбанах марзо эца?! Цхьаболчарна хета 1917-чу шеран эсаран (октябрь) баттахь хилла революци ца хиллехь, нохчашна хенахь шайн къоман зорба гина хир дацара аьлла. Ткъа Iаьрбийн маттахь вайн устазаша а, эвлаяаша а дитина йозанаш къоман хазна яц? Янгульбаев Хьасана а, Досов Къедас а хьегна къа мича даха деза!? Эльдарханов Таьштамар, Хакишев Солта а ву оцу декъехь алссам къахьегна. Советийн Iедал тIедале, Петербургехь арадуьйлучу газетийн агIонаш тIехь кест-кеста зорбане буьйлуш хилла вежарий МутушевгIар. Советийн Iедал тIедале журналистикехь болх бан волавелла ву нохчийн сийлахь воккха яздархо Арсанов СаIид-Бей. Церан сийлахь цIерш вай цкъа а йицйийр яц, Дала мукъ лахь!

Дуьххьара нохчийн маттахь газет зорбане даьлла 1923-чу шеран оханан (апрель) беттан 23-чу дийнахь! Дукха къахьегна нохчийн къоман интеллигенцис, Арсанов СаьIид-Бей хьалха волуш, и газет арахеца ка-мIараш етташ. Нохчийн маттахь газет оьшуш дац бохурш а кIезиг ца хилла цу заманахь: массара а оьрсийн мотт Iамо беза, тIаккха оьрсийн маттахь долу газеташ тоьар ду аьлла хеташ. Амма яхь йолуш, буьззина къонахий хилла вайн дай. Уьш цкъа а дуьхьал ца хилла оьрсийн мотт я кхечу къаьмнийн меттанаш Iаморна. Дуьне довза, кхечу къаьмнашца гергарло лело, диканиг схьаэца хаа деза кхечу къаьмнийн меттанаш. Делахь а, хьайн орам биц ца бан, хьо мила ву хаа хьуо винчу ненан мотт хаа беза! Цунах дика кхеташ хиллачу вайн дайша, мел яккхий халонаш хьалха хIиттарх, къар ца луш, диллина нохчийн дуьххьарлера газет, «Серло» аьлла цIе тиллина. Вайн цIарна цIеяххана, халкъана, махкана безаш, бевзаш болу берриге а яздархой нохчийн маттахь зорбане дуьйлучу газетехь болх бина бу.

Заманан лехамашка хьаьжжина газетан цIе хийцар а нисделла. Сталинан культ чIагIъяла йоьлча, «Серло» газетах «Ленинан некъ» хилира. Амма, цIе хийцаяларх, газето цкъа а ца хуьйцура шен оьзда хатI, юьхьарлаьцна Iалашо, нохчаллех хIораннан синбIов яран къилба. Ур-атталла вайнах махках баьхначу хенахь а, 1955-чу шарахь дуьйна, Казахстанехь арадуьйлуш дара «Къинхьегаман байракх» цIе йолу газет. Газет деш болу кхерч хилла Iаш яцара цу муьрехь «Къинхьегаман байракхан» редакци. Вайнехан интеллигенцин коьрта туш хилла дIахIоьттира иза. ВогIург а, воьдург а, керлачух дерг, доцург хаа луург а, редакцин тховкIела вогIура, шен децIа вогIуш санна. Милла веача а, веза хьаша вой редакцин белхахоша тIеоьцура. Дерриге а нохчийн къомана санна мерза кхаъ хилира редакцин белхахошна а 1957-чу шарахь вайнахана цIаберза бакъо яларх. Джамалханов Зайндин, Магомаев Хас-Мохьмадан, Магомаев Салавдин, Кагерманов Доккин, Ахматова Раисин, Хамидов Iабдуллин, дуккха а кхечу журналистийн яхь, доьналла, хьуьнар бахьанехь, 1957-чу шеран асаран (июнь) беттан 12-чу дийнахь, юха а Соьлжа-ГIалахь араелира «Ленинан некъ» газетан рогIера номер. Цул тIаьхьа кхин цкъа а хийцаелла газетан цIе. ХIинца цуьнан цIе «Даймохк» ю. Вайн махкахь а, генна дозанал арахьа а девзаш газет ду иза. Хало а, атто а ца къестош, шен халкъо бинна некъ бина кхаьчна «Даймохк» таханене. ХХ-ХХI-гIий бIешераш хотталучу муьрехь Нохчийчу хьаьвзина инзаре ирча бохамаш шен халкъаца цхьаьна лайра газетан белхахоша. Нохчийн Республикехь болх бечу кхечу шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь санна «Даймохк» газетан редакцин белхахошка алссам кхаьчна шийла кхаьънаш. ХIусамех бевлларш, чевнаш хилларш, шайн белхан декхарш хьанал кхочушдеш кхелхинарш бара нохчийн маттахь арадолуш долчу, дуьненахь цхьаъ бен доцчу газетехь а. Бакъду, тIеман цIергахь кхелхинчу журналистех лаьцна очеркаш язъеш, редакцин белхахоша цхьа а дIа-м ца къастийра, очеркан турпалхо «Даймохк» газетехь болх беш ца хиллера аьлла. Нохчийн журналистикин ветеран Дадаев Сайд-Хьасан редактор волуш очеркийн гуларх книга йина зорбане яьккхира 2016-чу шарахь «Дешан бIаьхой» цIе йолуш. Хеназа вайна юкъара дIабаханчу журналисташна синна совгIат книгех хирг хиларх дегайовхо кхаба лаьа. ТIаьхьарчу тIаьхьенна церан сийлахь цIерш йиц ца ялийта бина болх бу иза. Нохчийн къоман журналистикина боккха юьхькIам бу.

Тахана вайн дозаллица цIе яккха йиш йолуш алссам журналисташ кхиъна Нохчийчохь, хьекъал, доьналла, лаккхарчу тIегIанехь белхан говзалла йолуш. КIезиг бац шен дерриге а дахар нохчийн журналистикица доьзна говзанчаш а. Нохчийн маттахь газет зорбане долучу 90 шарахь журналистийн династеш кхиъна вайн махкахь. ИсмаиловгIар, МагомаевгIар, АбдулаевгIар, иштта дуккха а кхиберш а. Къоман журналистика кхиъна, гIеметтахIоьттина хиларна къегина тоьшалла ду иза. ХХ–ХХI-гIий бIешераш хотталучу муьрехь Нохчийчохь буьрса кхихкинчу тIемаша гайтира нохчийн журналистика нуьцкъала, хьекъале хилар. Хьакъ йоллу меттиг дIалоцу цо ерриге а Россин зорбанехь. Россин Турпалхочо, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента (Дала гIазот къобалдойла цуьнан) Кадыров Ахьмад-Хьаьжас лаккхара мах хадабора зорбанан. «Муьлххачу харцонца къовса, нуьцкъала герз ду зорба», – олура цо шен къамелашкахь. Зорба а, шуьйрачу хаамийн гIирсаш а, къоман дахарехь Iаламат мехала меттиг дIалоцуш хилар гайтира 2014-чу шеран гIуран (декабрь) баттахь вайн республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана а. Кхайкхаза баьхкинчу «хьешаша» Зорбанан цIийнехь динчу талоран ирча лараш, ткъех дийнахь къайлаяхийтира Мехкан дас. Рамзанан беркат бахьанехь шайн корматаллин деза де Зорбанан цIийнехь билгалдаьккхира нохчийн журналисташа 2015-чу шарахь а, цул тIаьхьа догIучу 2016-чу шарахь а. Иштта, сирлачу ойланашца, йоккхачу дегайовхонца, беркатечу кханенах тешарца тIекхечи Нохчийн Республикин зорбанан белхахой шайн корматаллин дезачу денна! Россин зорба 315-чу шаре доьрзуш, цхьана а кепара шеко йоцуш, нохчийн журналистийн чIагIо ян бакъо ю Даймехкан зорба кхиорехь шаьш доккха дакъалаьцна хиларан. Мел хала хан тIехIоттарх, цхьана а денна юкъара ца бовлуш, хьанал къахьоьгуш бу шуьйрачу хаамийн зорбанан гIирсашкахь болх беш болу журналисташ. Даима санна уьш кийча бу, де-буьйса ца лоьруш, халкъан а, мехкан а дуьхьа, шаьш ца кхоош, кхул тIаьхьа а къахьега.

А.ДАЧАЕВА

№3, пIераска, кхолламан (январь) беттан 13-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: