Ерригроссин конкурсан финале бевлла

Нохчийн Республикин дешархой Ерригроссин сочиненийн конкурсан финале бевлла. Конкурс Россин Федерацин дешаран а, Iилманан а министерствос вовшахтоьхна а, дIахьош а ю.

Устрада-ГIалин №13 йолчу гимназин 5-чу классан дешархо Мусаева Мата яра оцу конкурсехь дакъалоцуш. «Дош» жанрехь йоIа язйина сочинени «Путешествие лампочки во времени» аьлла яра, ткъа Шеларчу №1 йолчу школин 11-чу классан дешархочо Ибрагимова Маккас язйина сочинени «Очерк» жанрехь «Могучий русским духом» аьлла яра.

Нохчийн дешархой конкурсан финале бевлла аьлла Москвара хаам кхачарца доьзна, Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министран хьалхарчу заместитела Тааев Илеса, дипломаш а луш, декъалбира дешархой а, уьш оцу жоьпаллин конкурсе кечбеш къахьегна болу хьехархой а.

Оцу тайпана конкурс Россин Федерацехь дIахьош йолу шолгIа шо ду. Цуьнан Iалашо ю дешархошкахь филологин Iилманехь долу хьуьнарш кхиор а, литературин декъехь похIма долу бераш билгалдахар а.

ХIокху шарахь школашкарчу дешархоша а, колледжашкарчу студенташа а конкурсе дIабахьийтинарг 5 эзар сов болх бара. Сочиненеш тайп-тайпанчу теманашна, дукхахьолахь ,шайн регионерчу яздархойн юбилейшна а, яздархойн говзаршна а, кинематографина а, историна а лерина яра. Сочиненеш Россин 84 регионера яхкийтинера, цигахь дакъалаьцнарг 400 000 вара. Юкъарадешаран школийн 4-чу классашкара 11-чу классашкахь доьшуш болу дешархой бара дакъалоцуш. Цул сов, могашалла ледара йолчу бераша а язйинера конкурсе сочиненеш.

З.ХИЗИРОВА

№3, пIераска, кхолламан (январь) беттан 13-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: