Некъан сагIа

Соьлжа-ГIалахь уггаре а дукха нах дIасалелачу маршрутех цхьаъ ю №55 ерг. Iуьйранна нах шайн балха бахабезачу хенахь къаьсттина тоьаш ца хуьлу машенаш (микроавтобусаш), иштта – сарахь а. Оцу маршрутера, хIора а бохург санна, водитель собаре, гIиллакхе ву.

57524

Рицкъа даккха нах сихбеллачу заманчохь, сагIа доккхучунна хьо тIенисвелча, хIокху дуьнен чу хьуо вала веана хилар дагадоуьйту. Къаьсттина дагах кхета, сагIа цхьамма некъаца доккхуш хилча. Дукхазза а гина суна шайна бевзаш боцучу нахана а, наггахь маршрутки чохь мел волчунна а тIера ахча дIалуш. Некъана делла ахча деза сагIа лоруш ду бусалба динехь. Оцу сагIина юьстах Iаш бац №55 маршрутан водительш. Цара цкъа а мах ца боккху баккхийчу нахера. И гIиллакх кхечу къаьмнашна юкъахь ду моьттуш а яц со. ТIаьхьарчу заманчохь дукха нисло, дIасаваха хьала мел ваьллачуьнга водитела: «ХIара маршрут АллахIан дуьхьа маьхза ю шуна, ахча ма лолаш» бохуш. Цо и дешнаш аьллачул тIаьхьа, хазахетий, Далла хастам беш, вовшашца белабелла-бекхабелла, водительшна баркаллаш, «Дела реза хуьлда», «сагIа Дала къобалдойла» бохуш хуьлу нах.

ГIиллакхех лаьцна дийцарх тоьаш дац, уьш лелон дезаш ду. ТIаккха бен тIекхуьу чкъор ийманчохь, гIиллакхе Iамалур дац.

М.ВЕГИЕВА

№3, пIераска, кхолламан (январь) беттан 13-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: