Туьйранан дуьненахь

Кхолламан (январь) беттан 4-чу дийнахь М.Ю.Лермонтовн цIарахчу оьрсийн драматически театрера зал юьхьанцарчу классашкарчу а, берийн бошмашкарчу а берех юьзна яра. Школашкахь а, берийн бошмашкахь а, каникулаш йолушшехь, берийн самукъадаккха хаза кечам бина хиллера театран актераша. «Талорхойн Керла шо» («Новый год у разбойников») туьйра дара цара гайта леринарг. Туьйранан авторш бу Нохчийн Республикин хьакъволу артист Махаури Iальви а, Жоров Антон а, ткъа режиссер-постановщик изза Iальви вара.

IMG-20170112-WA0018

Туьйра юьххьехь дуьйна а хазахеташ тIеийцира бераша. Сцени тIе бовлушшехь, берашна безабелира туьйранан дика турпалхой. ТIедуьйхинчу башхачу духаршца а самукъадаьккхира актераша берийн. Туьйранан чулацам берийн синкхетамна дикачу агIор тIеIаткъам бийр болуш бара. Вуочу турпалхоша оцу туьйранехь мел йохучу гIулчийн дукха лерина терго йора къоначу хьовсархоша. Кегий белахь а, вуочу нахана уьш реза цахилар гуора. Иштта, «вуон» а, «дика» а берш берашна дика къастийтархьама, вуочу турпалхоша харц некъ бита Театр Туьйранан дуьненахь безарехь дара туьйранан маьIна.

Туьйра гайтинчул тIаьхьа, турпалхоша сцени тIера охьа а биссина, берашна тIе а боьлхуш, церан кхин а чIогIа самукъадаккхархьама шаьш уллера гайтира. Йоццачу хенахь шайна дукхабезабелла турпалхой уллера ган йиш хилар доккха ирс хийтира хьовсархошна. Цу тIехь чекх ца делира церан самукъа. Цхьадолу бераш шайца сцени тIе хьаладехира актераша. ТIаккха роггIана хелха а буьйлуш, «ловзар» хIоттийра цара. Циггахь цаьрца суьрташ даха а таро хилира берийн.

Туьйранехь ролаш ловзийнарш хIорш бара: Атаманша-мама – Музаева Залина, Воккхах волу кIант – Исламгириев Апти, Юккъераниг – Муртазалиев Байсангур, Жимахверг – Махаури Iальви, Леший – Хамзатов Анзор, Жоьра-баба – Сагалова Малика, Кощей – Исламов Висхан, Кикимора – Цацаева Роза, «Снеговик-боевик» – Дебишев Тимур, Тарсал – Шамсудова Карина, Змей Горыныч – Зайтаев Рашид. Туьйранан коьртачу турпалхойн – ГIура-Дадин а, Лайн-Аьзнин а ролаш ловзийра Жоров Антона, Авзаева Хедас.

Берашна лерина программа цу тIехь а ца йирзира. Нохчийн эстрадин къоначу артисташа иллеш элира. Берашна туьйранан турпалхошца къаста ца лаьара. ТIаккха хаа ду-кх актераша хьегна къа эрна цахилар.

З.ХАСИЕВА

№3, пIераска, кхолламан (январь) беттан 13-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: