ЗаьIапчу берашна – хаза совгIат

Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствос «Интерактив» организацица цхьаьна вовшахтоьхна М.Ю.Лермонтовн цIарахчу оьрсийн драматически театрехь суьйре дIаяьхьира. Иза заьIапчу-берашна лерина яра.

IMG_7990

Цигахь дакъалецира къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министран заместитела Элембаев Iалихана, Соьлжа-ГIалин администрацин куьйгалхочун заместитела Динаев Iадлана.

ЗаьIапчу берашца даггара болх барна, «Интерактив» организацин куьйгалхочунна баркалла а олуш, вистхилира Элембаев Iалихан: – ЗаьIапчу адамийн дуьне шатайпа ду. Церан ойланаш а хуьлу кхин. Цундела, могашчу адамех шаьш дIакъастийна бохург царна дага ца даийта а, церан терго ян а, дукха ца яккхахь а, цаьрца хан яккха а хьовса дезара вай. Шайца яьккхина кIезиг хан а, вайна иза дукха ца хетарх, царна иза доккха совгIат хета. Хууш ма-хиллара, «Интерактив» организацин куьйгалхо Мазаева Малика хаддаза къахьоьгуш ю заьIапчу берашца. Цо юьхьарлаьцна некъ атта некъ бацахь а, Делера ял а, адамашкара баркалла а хир долуш бу. Дуккха а заьIапчу берийн дегнаш хьоьстуш, церан дуьхьа къахьоьгуш схьайогIуш йолчу Маликина даггара баркалла ала луур дара суна. Баккъал а, къинхетаме некъ бу цо дIакхоьхьург.

Министран Умаров Джамбулатан цIарах Баркаллин кехат делира цо Мазаева Маликина. Ша бечу белхан иштта лаккхара мах хадорна баркалла элира Маликас.

ЗаьIап бераш къаьсттина экаме хилар билгалдаьккхира шен къамелехь I.Динаевс.

– Цхьа кIеззиг а шен терго йича, могаш верг-м цунах ца кхета а там бара, заьIапчу берана хаало, цо цуьнан хама бо. Могашчунна шена хилла жима хазахетар башха маьIне а ца хета, ткъа заьIап берана еххачу хенахь дагахь лаьтта шен дуьхьа динарг.

Суьйренан официальни дакъа чекхдаьллачул тIаьхьа, заьIапчу берашна лерина концерт дIайолийра. Къоначу артисташа шайн иллешца, эшаршца самукъадаьккхира церан. Иштта, оцу концертехь, иллеш а олуш, заьIапчу бераша а дакъалецира. Шайн могашалла ледара елахь а, цара гайтира шайгахь а похIма хилар. Ерриге а зал тIараш детташ яра царна. Цу тIехь ерзийра суьйре.

З.ЛОРСАНОВА

№3, пIераска, кхолламан (январь) беттан 13-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: