Бераллин шераш
Йоккха АтагIа нохчийн шира юрт ю. Нохчийчоь а, нохчийн халкъ а дуьненна дIадовзийтина похIме адамаш дукха девлла кхузара. Царах ву Нажаев Ахьмад, Сальмурзаев Мохьмад, Эсамбаев Махьмуд, Магомаев Iабдул-Муслим, Хамидов Iабдулла, Паскаев Рамзан, Нажаева (Мусаева) Лайлаъ, иштта дуккха а кхиберш. Нохчийн литературин бухбиллархойх цхьаъ хиллачу Нажаев Ахьмадан девешин Iийсан кIант вара Хожа. Шен воккхах волу шича Ахьмад, хьехархойн курсаш кхиамца чекхъяьхна, школехь болх бан волавелча вахара иза хьалхарчу классе деша. 1912-чу шарахь дуьнен чу ваьллачу Хожин доьшу хан тIех тилале, йиллира АтагIахь советийн Iедало школа. Чекхдаьллачу ХХ-чу бIешеран 20-чу шерашкахь Соьлжа-ГIалахь хьехархой кечбира нохчийн ярташкарчу школашкахь белхаш байта. Нохчийн халкъ а, нохчийн мотт а дукхадезаш волчу Ахьмада доггах Iамадора юьртахойн бераш. КIорггера хьекъал а, ира синкхетам болу иза дика кхетара таханлера бераш – къоман кхане хиларх. Ткъа и къоман кхане сирла, токхе хилийта алссам йоза-дешарца уьйр-марзо йолу адамаш оьшура. Халкъана, махкана пайдехь болуш уьш кхион лууш дукха къахьийгира Нажаев Ахьмада. Юьртарчу школехь йиъ класс бен яцахь а, хьехархо ларавора берашна йоза-дешаран къайленаш йовзийта, царна кIорггерчу хааршка боьду некъ баста, марзбалийта, нохчийн халкъан историх дерг дийца. Ахьмадан къамелаша дешархойн дегнаш йохье дохура, кхидIа деша лаам кхиабора, халкъе а, махке а болу безам чIагIбора.

Дешарна къаьсттина тIера вара Ножаев Хожа. Лерина ладугIура цо хьехархочун хIора даше. КIантана чIогIа лаьара шен хьехархочух тера хила, цо цIеначу даггара юьхьарлаьцна некъ, иштта дог резадина дIакхехьа. Цунна къеггина тоьшалла дара АтагIахь йиъ класс кхиамца чекхъяьккхина ваьлла Хожа, 1926-чу шарахь, гIаш АтагIара Соьлжа-ГIала охьавеана, ФЗО деша дIахIоттар. Фабрикашкахь, заводашкахь болх беш болчу кегийрхошна юккъерчу школан барамехь хаарш луш дешаран заведени яра ФЗО. Бакъду, деша лууш верг, мел генарчу юьртара велахь а, къахка ца вора Соьлжа-ГIаларчу ФЗО-хь. Цу тIехь боккха аьтто хилира Ножаев Хожин. ФЗО кхиамца чекхъяьккхинчу кегийрхойн рабфаке деша баха бакъо хуьлура. Ткъа рабфакехь политикин Iилма Iамадора, советийн бахамашкахь белхаш бан говзанчаш кечбора Даймахкана, советийн идеологина муьтIахь болуш, коммунисташа айъинчу цIечу байракхна тешаме болуш.
Къоналла
Кхиаран дерриге а тIегIанех шен хьекъалца, хьуьнарца, доьналлица, кхиамца чекхваьлла Ножаев Хожа Хьалха-МартантIерчу комсомолан райкоме балха хьажийра, кегийрхошца кхетош-кхиоран болх дIабахьар тIе а диллина.
Луьра зама яра чекхдаьллачу ХХ-чу бIешеран 30-гIа шераш. ЧIагIдала Iалашо лаьцначу советийн Iедало керла гIиллакхаш кхийдадора бIешерийн кIоргенера шайн ворххIе дайша, хIайкал санна лийринчу, оьздачу гIиллакхийн беркатечу гурашкахь хене буьйлучу ламанхошка. Нийса хир дацара советийн Iедало схьакхийдочу керлачаьрца диканиг а, нийсаниг а данне а дацара аьлча. Школаш яхкар а, Россехь деха ерриге а халкъаш санна нохчий а серлонехьа ийзабар, вошалла, нийсо, бакъо кхайкхаяр, дагах самукъане гилгаш доху мерза кхаьънаш дара. Ткъа советийн Iедалан векалша дуьйцург, лелошдерг кест-кеста галаморзах лелхаро шеко латтайора ламанхойн дегнашкахь. Уггаре а лазаме дерг, гуш йоцчу коммунизман бIарлагIех Iехалой, Россехь дехачу дерриге а халкъашка Дела воцчу дикане кхайкхар дара. И Iеса кхайкхам тIелаца кийча бацара Нохчийчуьра бахархой. Цунна дуьхьал бара къаной, къонахий, яхь йолу кIентий. Уьш советийн Iедална дуьхьал бацара. Царна лазамца Iеткъаш хилларг а, даге лан ца луш, дазделларг кхин дара. Дайх дисина шира ламасташ хьоьшуш нохчийн къомана юкъаийзочу эвхьазлонна, Делан дин кхайкхо Iеламнах къинхетамза хIаллакбарна дуьхьал бара Нохчийчуьра дукхах болу бахархой. Къаьсттина дазделлера ламанхошна Къилбаседа ВКПБ-н комитето 1930-чу шеран март баттахь дина талор. Чекисташ коьртехь болуш, тIеман операци дIаяьхьира цу муьрехь вайн махкахь, Iаламат дукха бехк-гуьнахь доцчу адамийн цIий а Iенош. 4 гIашлойн, 3 дошлойн, 2 партизанийн тобанаш вовшахтуьйхира Къилбаседа Кавказан ВКПБ-н крайкомо, нохчашка нуьцкъала герз охьадиллийта. Оцу тобанашна юкъахь дукхах берш вайн луларчу халкъийн векалш бара. Царна гIо-накъосталлина кечйина саперийн рота яра. Буйннал бен йоцчу Нохчийчуьрчу бахархошка герз охьадиллийта вовшахтоьхна тоба 3 700 стагах лаьтташ яра, цаьргахь 3 кема, 19 йоккха топ, 28 пулемет яра. 1930-чу 14-чу мартехь дIабуйлабелла 12-чу апреле кхаччалц, дукха адам хIаллакдеш, набахте хьовсош йоккха тIеман операци дIаяьхьира ЧК-с Нохчийчохь. Оцу харцонна резабоцу нохчийн кегийрхой, вовшах а бетталуш хьаннашка дIаэха буьйлабелира, шайн кадаьллачохь Iедална дуьхьал зуламаш а деш. Иштта, чолхечу хьелашкахь цхьана-шина шарахь болх бира Ножаев Хожас. Цунна куьзганахь санна гуш яра Iедало жигараяьхна харцонаш. Мукъа Iаш бацара советийн Iедал ца деза питанчаш. Цара тайп-тайпана эладитанаш даржадора, хилларг дестадой дуьйцура, десачу къамелашца миска адамаш карзахдохура, маслаIат хила ца дуьтура. Уггаре а коьртаниг, и питанчаш вовшашца тарлуш бацара. ГIад-амал дайъинера мотт беттачара а. Оцу халачу хьелашкахь комсомолан болх дIакхехьа дезаш волу Ножаев Хожа цкъацкъа шина жIовний нуьйжигний юккъе нисвелча санна вуьсура. Делахь а, цкъа къарвелла, халонех озавелла юха-м ца ваьлла иза. Шегахь йолчу таронех, Iедало шега кхачийтинчу бакъонех пайдаоьцуш, кегийрхой деша хьовсо гIерташ дукха къахьийгира Хожас. Дукха кегийрхошна гIо-накъосталла дина цо уьш деша бахийтарехь а, балха дIанисбарехь а. Мискачу адамийн терго йина. Цхьа гIуллакх дохьуш шена тIевеанарг цуьнан хьашташка ца хьожуш ца витина. Хазачу гIиллакхех йоьттина Ножаев Хожин амал чIогIа тайнера мартанхошна. Цара ларамца йоккхура жимачу стеган цIе. Цкъа а цуьнан дош шалхадаьлла меттиг а ца хааеллера цуьнан доттагIашна, белхан накъосташна. Ножаев Хожа шен лаамехь ЦIечу Эскаре гIуллакх дан вахара 1934-чу шарахь. Цигахь даьккхинчу шина шарахь дуккха а керланиг Iемира цунна. Бакъду мелла а кхоллараллехьа са лаьтташ волчу Хожина цкъа а бIаьхо хилла ЦIечу Эскарехь виса дага-м ца деанера. Оьшучохь Даймахкана орцахвала кийча вара иза, амма дерриге а дахар эскарца дозар цуьнан амалца, ойланашца догIуш дацара. Цундела юьхькIам боллуш шена тIедехкина декхарш кхочушдина, Ножаев Хожа 1936-чу шарахь Нохчийчу юхавоьрзу. ТIаккха Хьалха-Мартан кош- тарчу комсомолан секретарь дIахIоттаво иза. 1938-чу шарахь КПСС-н могIаршка тIеоьцу. Хьалха-Мартан кIоштан КПСС-н райкоме балха дехьа воккху коьртачу декъана идеологин болх дIакхехьар тIе а дуьллий. Идеологин болх дукха хьолахь адамашца бан безаш бара. Масех шарахь бира Ножаев Хожас и болх. Хаддаза командировкашкахь хуьлура. Лаьмнашца йолчу ярташкарчу бахархошца хуьлучу цхьаьнак- хетаршкахь дакъалоцуш, цаьрца къамелаш деш, махкахь хуьлучу хийцамашна кегийрхой юкъаозо гечонаш лоьхуш, ярташкарчу ламанхойн чордачу дахарна бегIийлаш юкъаялон аьттонаш лоьхуш. Нахана дукхавезаш а, махкахошна юкъахь сий-ларам болуш а вара иза. Иштта, шен са а, дегI а ца кхоош къахьийгира цо 40-чу шерийн юьххьехь а. Республикехь а тоьлла агитатор лоруш волу иза, мел чIогIа дехарш дарх а 1941-чу шеран асаран (июнь) беттан 22-чу дийнахь дIаболабеллачу тIаме ца вахийтира юьхьанца. Мел чIогIа дехарш дарх дIахоьцуш вацара жима стаг. Цо мел дина дехар – «Хьо кхузахь оьшуш ву!» – олий тIе куьг яздой юхалора. 1941-чу шарахь а, 1942-чу шеран Iай а ерриге а ярташкахула чекхваьлла иза. Вайнехан кегийрхой йохье бохуш, ямартлонца вайн Даймахкана тIелеттачу къизачу мостагIчух лаьцна дуьйцуш, Нана-Даймахкал деза а, сийлахь а хIума цкъа а хилла цахилар карладоккхуш. Цуьнан къамеле ладугIура кегийрхоша. КIоргера нохчийн мотт а, оьрсийн мотт а хууш цо деш долчу къамело дог-ойла иракарахIоттайора ладугIучеран. Кхунна тIаьхьа хIиттина ворхI ломал дехьа бовла а кийча хуьлура кегийрхой. Алссам кегийрхой дIахьовсийра цо луьрачу тIеман ара. Бакъду, наггахь верг бен юха цIийнах-м ца кхийтира царах. Шайн къоман а, боккхачу Даймехкан а сий лардеш буьрсачу тIеман арахь майра ийгира царах дукхахберш.
Махках дахаран къахьо
1944-чу шеран чиллин (февраль) беттан 23-гIа де тIекхочуш Ножаев Хожа 30 шарера ваьлла гIеметтахIоьттина стаг вара. 1934-чу шарахь зуда ялийна вара. Кхоъ бер дара доьзалехь хьалакхуьуш: ши йоI, цхьа кIант. Дуьххьара ялийна зуда оьрсий яра Хожин. Цкъа а къаста дагахь дацара и шиъ. Делахь а, кхолламо шен тираш йоху-кх адамийн дахарехь. Вайнахана тIехIоьттинчу киртигах озаелира Хожин хIусамнана. Цунна ца лиира хIусамдеца и къахьа некъ дIакхехьа. Ножаев Хожин аьтто бара цхьацца долчу кехаташ тIе куьг яздина, фамили хийцина махках ца волуш Iен. Амма иза нохчи вара, мел боккха бохам шена тIехIоттарх яхь дIалур йоцуш, ша схьаваьллачу халкъах хаьдда Iалур воцуш, цунна цкъа а ямарт хир воцуш. Цундела и хIусамнана, цо дина кхо бер дитина шен верасашца, новкъавелира Хожа.
Казахстанан коьртачу шахьара Алма-Ата дIакхаьчча, дийнан делккъехь вагонаш чуьра охьабехира уьш, НожаевгIар боцурш а дукха нохчийн кхин а доьзалш бара цу тIехь. Хан маьркIажехьа лестича, Алма-Ата гIалина уллехь Iохкучу ярташка ворданашкахь дIасабига болийра хIорш. Эххар а, Тастак цIе йолчу юьртахь дIатарбира НожаевгIар. 1944-чу шеран бIаьсте а, аьхке а, тIаккха тIееана гуьйре а сатийсамашкахь чекхъелира Хожина. Массарна моьттура кестта шаьш цIа дохуьйтура ду. Оцу дегайовхонца дехаш дара Хожа а, кхунна уллехь хиллачарах дийна йисина йиша ХIижан а. Хаддаза доьлхучу дегнаша, цIера арадохуш катоьхна схьаэца ларийна ларчаш яста тIе куьг ца доьдуш, сингаттамехь чекхделира 1945-чу шеран Iа а. 1945-чу шеран оханан (апрель) баттахь Алма-Ата гIала дIавоьду иза, шен йиша а ялош. Делан къинхетамца белхан меттиг нисло. Нохчийчохь волчу хенахь хIокхо бина белхаш хIинца хьехабойла а дацара, «халкъан мостагIий» лерина махках баьхначу нохчашка Iаьржа белхаш бен кхочуьйтуш бацара. Цундела юьхьанца слесаран балха воьду Хожа Алма-Атарчу «паркийн цхьаьнакхетаралле». Вайн махкахо йоза дешарх кхеташ хилар а, ЦIечу Эскарехь гIуллакх дина хилар а хиъначу «паркийн цхьаьнакхетараллин» хьаькамаша завхозан дарж тешийра Хожех. Алма-Атахь ялийра цо шолгIа зуда. Иза масех шарахь Нохч-ГIалгIайн драматически театрехь болх бина, цул тIаьхьа Нохч-ГIалгIайн хелхарийн а, эшарийн а ансамблехь болх бина, артистка Асабаева Марем яра. Марема виъ доьзалхо во Хожина. Царах цхьаъ 1948-чу шеран хьаьттан (август) беттан 11-чу дийнахь дуьнен чу яьлла Лайлаъ вайна массарна евзаш а, дукхаезаш а йолу Нохчийн Республикин халкъан артистка ю. Маре яхча хилла Лайлаах Мусаева.

Доьзал стамбала боьлча, 1952-чу шарахь белхан меттиг хийцира Хожас. Алма-Атана уллерчу Кегенски кIоштарчу Курмонты юьртарчу туькана балха воьду иза. Доьзал а дIакхалхабо цига. 1957-чу шарахь вайнахана Даймахка цIаберза паргIато яллалц цу туьканахь болх бо цо. Нохчашна цIаберза бакъо яларх а ца тешаш, 1957-чу шеран бIаьста, шен доьзал балош Соьлжа-ГIала цIавоьрзу иза. Соьлжа-ГIалин йистошца Iуьллучу Калининан цIарах йолчу поселкехь цхьа петар нисйина дIатарвелира. Ножаев Хожа цкъа а вацара бахамаш гулбарна сутара. ХIинца а бегIийлаш лоьхуш дукха къа ца хьийгира цо. Коьртаниг могаш-маьрша дай баьхначу лаьтта тIе схьакхачар дара. Цунах Хожа Iаламат чIогIа воккхавера. Ткъа хIусам, доьзал чуберзо тховкIело хилчахьана, цунна мегаш яра.
Дай баьхначу лаьтта тIехь
1944-чу шеран чиллин (февраль) беттан 23-чу дийнахь вайнах махках бахале комсомолан райкомехь, КПСС-н райкомехь идеологин хьаьттахь хьанал къахьегна волу Ножаев Хожа, 1957-чу шеран хIутосург (май) беттан цхьана дийнахь, кхайкхина Нохч-ГIалгIайн Республикин КПСС-н обкоме вигира. Яковлев Александр Иванович вара кхьуьнца къамел динарг. Цу муьрехь Нохч-ГIалгIайн компартин обкоман хьалхара секретарь вара иза. Вайнах цIаберзарх хIумма а воккхавеш а вацара. Цул сов, шегахь йолчу таронца дукха къахьегна хиллера цо вайнах цIа ца берзийта. Адам цIадерзор вовшахтохаран комитетан председатель хиллачу Гайрбеков Муслимана ца тосадолуьйтуш, партин ЦК-е Москва арз деш кехат яздина хиллера Яковлевс, бакъо яларе а ца хьоьжуш, 1956-чу шарахь дуьйна дукха нохчий, гIалгIай цIабоьрзуш бу аьлла. ТIаккха хаа мегар ду вайнах цунна мел дукхабезаш хилла! МеттахIоттийначу Нохч-ГIалгIайн Республикин нуьцкъаллин структурашна Iуналла деш волчу партин обкоман секретара Дорохов Михаила, обкоман хьалхара секретарь волчу Яковлев Александра дукха кийтарлонаш хьийзира цу муьрехь, вайнахана Даймахка цIаберзар къахьдан гIерташ. Цхьадолчу гIуллакхашна тIехь церан дика ка а долура. РогIерчу ямартлонан хIуо детталуш дара 1957-чу шеран хIутосург (май) беттан чаккхенехь Ножаев Хожига обкоме кхайкхар а. Цкъа а журналистикехь болх бина воцчу стаге кховдо лиира царна нохчийн маттахь арадолуш хилла «Ленинан некъ» газет меттахIоттор. Делахь а, нагахь бала кхочуш стаг хилахь, бехк шайна тIера дIабаккха, цкъа мацах комсомолан а, партин а жигархо хилла Ножаев Хожа хаьржира цара. ХIинца, заманан йохалле юхахьаьжна ойла йича кхета, къоман газет меттахIоттор галдала лууш воцучу говзанче кховдор дара и санна долу мехала гIуллакх, кхин гечанаш ца лоьхуш. Республикина куьйгаллехь волчу шина оьрсичо дукха хьехамаш бира цу дийнахь Хожина, компартис вайнахах бина къинхетам хьехош, юха гIалат далахь таIзар кхин а луьра хирг хилар а хоуьйтуш. Шаьш балха дIахIоттош волу стаг, шайна муьтIахь хила везар тIедожош.
Ножаев Хожа шен къоман кIант вара. Цунна дика бевзара 13 шарахь хийрачу махкахь ша а, дерриге а нохчийн халкъо хьегна бала. Дахаро Iамийнера иза Iедалан векалийн шалхонех ларвала а, маслаIате хила а. Журналист вацахь а, цунна хаьара халкъана, махкана нохчийн маттахь арадолуш газет оьший. Iедалан дайша хIуъа бахахь а, шен ницкъкхочург, ша схьаваьллачу нохчийн халкъан дуьхьа дан кийча вара. Иза даима вара шена тIедиллина гIуллакх массарна юьхькIам болччу агIор чекхдоккхуш. Ледарло ца йира цо «Ленинан некъ» газет меттахIоттош а. Дера хала хан ма яра. Цхьа а бух боцуш, бина кечам боцуш дIаболош бара болх. Делахь а, 13 шарахь шаьш хьегначу Даймахка цIабирзина нохчийн кIентий бара цхьаъ бен доцу халкъан газет меттахIотто вовшахкхеттарш, шайн куьйгаллехь Ножаев Хожа а волуш. Цундела 1957-чу шеран хIутосург (май) беттан чаккхенехь дIаболийна болх дагахь доцчу кхиамца шина кIирнах чекхбаьккхира цара. 13 шарахь газетдешархой шех хьегийна «Ленинан некъ» 1957-чу шеран асаран (июнь) беттан 12-чу дийнахь арахецна, киоскашкахь духкуш дара. Нохчийн халкъ, цуьнан истори, культура, литература, мотт безачарна мерза кхаъ бара иза. Дукха ца бира Ножаев Хожас «Ленинан некъ» газетан редацехь болх. Компартин а, комсомолан а ветеран хилар тидаме эцна, Нохч-ГIалгIайн Республикин министрийн Совете балха дIавигира иза, вайн республикин кIошташкахь ара дуьйлучу газеташна Iуналла даран отделе. Нохч- ГIалгIайн Республикин дукхах йолчу кIошташкара газеташ меттахIиттош гIо-накъосталла дина ву Ножаев Хожа. Ишта-м Грозненски кIоштан «Заветы Ильича» газетехь редакторан заместителан болх бина Хожас. Казахстанера цIавирзинчул тIаьхьа, нохчийн журналистикин верас хилла чекхваьлла иза. Балхана юкъара ца волуш, КПСС-н лаккхарчу школехь (ВПШ) дешна, кIоргера хаарш а, къеггина хьуьнар а долуш вара Хожа. Нохчийн халкъан культура кхиорна юкъа доккха дакъа диллина цо. Нийсархойн шех бIаьрг ца бодуьйтуш, уггаре а халачу заманийн зерех доьналлица чекхваьлла. Цундела дисина цуьнан сирла амат Хожа вевзаш а, везаш а хиллачеран дегнашкахь. Цкъа а халонашна пе тоьхна стаг вац иза. Харцоно, Iедалан ямартлоно къарвина а вац. Пенсе воьду хан тIекхаччалц ша схьаваьллачу нохчийн халкъан зовкх деба лууш хьанал къахьегна. 1981-чу шеран кхолламан (январь) баттахь бакъдуьнена вирзина халкъан дуьхьа шен са, дегI ца кхоош, цIеначу даггара ваьцна волу и яхь йолу стаг. 35 шо хан дIаяьлла иза вайца воцу.
А.ГАЗИЕВА
№3, пIераска, кхолламан (январь) беттан 13-гIа де, 2017 шо