Иштта дIахьедар дира министра Ш.Жамалдаевс ведомствон рогIерчу кхеташонехь
Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министра Жамалдаев Шаида стомара рогIера кхеташо дIаяьхьира ведомствийн структурийн подразделенийн куьйгалхошца. Цигахь дийцаре дан юкъадиллинарг кхо гIуллакх дара: «2014-чу шеран шолгIачу декъана зорбанан изданешка язбаларан кампанин жамIаш», «Хаамийн гIирсашкахь Соьлжа-ГIаларчу «Терек» футболан командин матчех лаьцна яздаран хьокъехь», «ХIоранна тIекхача» пресс-эстафета Шуьйтан а, Итум-Кхаьллан а районашкахь дIаяхьарх лаьцна».
Хьалхарчу гIуллакхехула къамел дира министран заместитела Гудаев Лоьмас. Цо, кIорггера хьесап дина хиларе терра, ма-дарра довзийтира республикехь арадовлуш долчу газеташка а, журналашка а язбаларан хьал а, оцу декъехь министерствос а, редакцийн коллективаша а бина болх. Ша аьлча, министерствос 80 сов кехат дахьийтира республикерчу ерриге а министерствошка а, ведомствошка а, районийн, гIаланийн администрацешка а газеташка, журналашка язбаларан гIуллакхан гIо лацар доьхуш. Делахь а 16 министерствех пхеамма бен жоп ца делира, районийн а, гIалийн а 20 администрацех гIолаца реза хилларг 5 бен яцара. Оцу гIуллакха тIехь гIолаца лууш 4I ведомствох а, урхаллех а, комитетех а, организацех а цхьа а ца карийра. ХIетте а, газеташка а, журналашка а язбеллачеран юкъара барам 17 эзар стаге дIакхаьчна. ДуьххьалдIа цхьана дешаран а, Iилманан а министерствона юкъайогIучу организацешкара а, учрежденешкара 7026 стаг язвелла газеташка а, журналашка а. Дела реза хуьлда царна! Дала аьтто бойла церан.
Районашна юкъахь хьалхарчу меттехь ю Нажин-Юьртан район. Вайн республикехь арадовлуш долчу газеташка а, журналашка а 1261 стаг язвелла цигахь. Оцу тIегIане ца кхаьчна кхин цхьа а район.
Министра Ш.Жамалдаевс даггара баркалла элира оцу гIуллакхехь жигара дакъалаьцначу ведомствошна а, районашна а. Ткъа дешаран а, Iилманан а министерствон, Нажин-Юьртан районан администрацин векалшна баркаллин кехаташ дIаделира. (Уьш кху кхеташонехь дакъалоцуш бара).
ШолгIачу гIуллакхехула къамел дира министерствон белхахочо Т.Хаджиевс а, «Терек» клубан пресс-службин векала М.Дикаевс а. Цара коьрта тидам тIебахийтира матч чекхъяьллачул тIаьхьа хуьлучу пресс-конференцешкахь вайн журналисташа ледара дакъалоцуш хиларна. И хьал тодар тIедожийра министра гулбеллачарна.
«ХIоранна тIекхача» пресс-эстафета дIаяхьаран маьIнах а, цо хаамийн-гIирсашна тIедохкучу керлачу декхарех а лаьцна дийцира зорбанан департаментан директора И.Хатуевс. И болх тIейогIучу хенахь кхин а жигара дIабахьа безаш хилар а, журналисташ массо юьрта кхача безаш хилар а билгалдаьккхира министра. Балхахь хиллачу кхиамех банне а тоам бан мегарг цахилар дIахьедира цо.
С.ХАСАНОВ
