Соьлжа-ГIаларчу Зорбанан цIийнан актови залехь дIадаьхьира Россин зорбанан денна лерина цхьаьнакхетар. Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министра Умаров Джамбулата, цуьнан хьалхарчу заместитела Абдулмуслимов Сайд-Селима, шуьйрачу хаамийн гIирсийн куьйгалхоша, журналисташа, кхечара.

Цхьаьнакхетар дIадолош вистхиллачу С.-С.Абдулмуслимовс вайн республикехь 2000-чу шерашкахь дуьйна журналистика кхиаран истори йовзийтира гулбеллачарна.
– Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас ткъе хьалхарчу бIешеран халачу муьрехь республикерчу шуьйрачу хаамийн гIирсашна тIехь Iуналла дар бахьана долуш таханлерчу кхиамашка кхаьчна вай. Иштта, таханлерчу дийнахь вайн мехкан Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана вайна болх бан массо а тайпа хьелаш кхоьллина. Цундела вай, шуьйрачу хаамийн гIирсийн векалша, республикехь дIа мел хьош долу гIуллакхаш нахана дIагойтуш, довзуьйтуш къахьега деза. Болх кхин а кхиаме хилийта а, лаккхарчу тIегIане баккха а хьовса деза. Дала шайн балха тIехь лаккхарчу кхиамашка кхачадойла шу. Дала тIаьхье беркате йойла! – элира цо.
ХIора а шарахь кхолламан (январь) беттан 13-чу дийнахь даздеш ду Россин зорбанан де (1703-чу шарахь, оццу дийнахь, Петр Хьалхарчун Указаца Россехь дуьххьарлерчу «Ведомости» газетан хьалхара номер арахецна).
1917-чу шарахь Россин зорбанан де хIутосург (май) беттан 5-чу дийнахь (цу дийнахь арадаьлла советийн коьрта «Правда» газет) даздаран хьокъехь сацам тIеэцна хилла. Цул тIаьхьа, 1991-чу шарахь, Россин Федерацин лакхарчу Советан Президиуман сацамца юха а кхолламан беттан 13-чу дийнахь даздан долийра и де.
Нохчийн Республикин шуьйрачу хаамийн гIирсаш Россин Федерацехь хьалхарчу могIарехь хила безаш хилар билгалдаьккхира шен къамелехь Д.Умаровс: «Кхидолу дерриге а гIуллакхаш юкъа а дитина, сайца цхьаьна болх беш болу шуьйрачу хаамийн гIирсийн векалш хIокху денца декъалбан веана со», – элира министра. – «Сайн декхар лору ас, тахана шуьца цхьаьна хилар, воккха а ве шу хиларх. Вайн республикехь болх бечу журналистан хIора могIа а мехала бу. Цкъа а гIел ца луш, шайн белхан новкъахь баккхийчу кхиамашка кхочийла шу. Дала декъалдойла шу Россин зорбанан денца!».
Цул тIаьхьа Нохчийн пачхьалкхан «Грозный» телерадиокомпанин белхахочо Вахаева Азас кечйина документальни видеокийсак гайтира гулбеллачарна. Цу тIехь гайтира вайн республикерчу шуьйрачу хаамийн гIирсийн дIадаханчу шерашкахь хилла долу а, таханлера а хьал.
Цхьаьнакхетар дерзош тайп-тайпанчу редакцин тоьллачу белхахошна Сийлаллин грамоташ елира.
Хь.БАХТАЕВА
№4, шинара, кхолламан (январь) беттан 17-гIа де, 2017 шо