Вежарийн хаза гIиллакх

Ахьмадан кхо кIант вара: Хьамзат, Хьасан, Хьусайн. Ша кхалхале хьалха воккхах волчу шен шина кIантана – Хьамзатана а, Хьасанна а цIенош дан, зударий балон, бовваьккхина охьахао кхиира иза. ЦIеххьана лазаро лацарна жимах волчу Хьусайнна зуда яло ца ларийра. Делахь а воккхах волчу шина вашас тесна ца вуьтура Хьусайн. Юкъахь лелош латта дара церан. Цхьаьна, бертахь, вовшашца йохье а буьйлуш, оцу лаьтта тIехь кIа а, хьаьжкIаш а кхиайора цара. Сарралц болх бина чубирзича цкъа Хьамзат волчу доьзалехь, юха Хьасан волчу доьзалехь церан хIусамнаноша пхьор кечдора вежаршна.

Цкъа иштта пхьор а диъна Хьусайн шен чу садаIа дIавахча, Хьамзата элира: «Ялта чудерзийна даьлча оцу кIантана зуда а ялийна, чуверзо веза вайшимма, иштта Iийна вер вац иза. Вайн да дийна велахьара цо вуьтур вацара иза зуда ца ялош. Цо деш хилларг дан деза вайшимма а. Вайшиннан декхар ду иза… Цу тIехь барт хилира цу шиннан.

Ялта чудерзийна делира. И чохь долу сайра кхаа вешин бошмийн шунашна юккъе дIахIоттийра. Нийсса кхо дакъа деш дIасадийкъира вежарша шаьш чудерзийна ялта. Цхьана буьйсанна шен вежарий дIабийшина хир бу аьлла хеттачу хенахь аравелира Хьамзат. Шайн сайри тIе вахара иза. Шен декъа тIера ялта схьа а эцна Хьусайнан декъе охьадоьхкира: «ХIара ша цхьаъ Iаш ву. Къона а ву. Къоналлехь оьшург дуккха а хуьлу», – аьлла. Хьамзат чувахана дукха хан ялале сайрашна тIевеара Хьасан. Шен воккхах волчу вашас динарг деш, шен ялтех цхьа дакъа жимах волчу вешина дIадоьттира.

ЖIаьла а, котам а дIатийначу хенахь, шен воккхах волу ши ваша набаро Iехийна хирг хиларх а тешна, вижинчуьра гIаьттина сайра болчу вахара Хьусайн а. Шена дIакъастийна долчу ялти тIера схьаэцна, шина вешин ялти тIе ялта доьхкира цо: «Сан доьзал а бац, сан бахам а бац, суначул дукха царна оьшур ду хIара. Церан доьзалш бу, бахамаш бу», – олуш.

Вовшашка олуш, дуьйцуш хIума доцуш вовшашна иштта дика деш бара вежарий, вовшах къинхетам беш а, вовшийн ларбеш а бара. ЭхI, ма мерза, аьхна яр-кха церан юкъаметтиг! Цундела Дала царна шаьш лелочух беркат дора. Церан ялта а хьоькъура, хIора шарахь, бахам а стамлора. Даьхний а дебара. Доьзалш ийманехь а кхуьура.

…Шаьш барт бина ма-хиллара, Хьамзата а, Хьасана а дикачу цIентIера зуда ялийра шайн жимах волчу вешина. Цул тIаьхьа кхин а тоеллехь бен, хийца ца елира вежарийн юкъаметтиг. Сарралц хьанал къа а хьоьгий, суьйранна доьзалш цхьанхьа вовшах а кхетий, самукъадоккхуш, марзо оьцуш Iара. Лулахой а, юьртахой а хьоьгуш вехара кхо ваша. ХIора гуьйранна, ялта чудерзийна даьлча, хьалха а санна сайри тIе къайлах некъаш дора вежарша, цунах церан цхьаьннан а хIума а ца эшадора Дала. Ма хаза гIиллакх дара иза, шеца цIархазманан мискъалазарратал хIума а доцуш.

Хь.САИДОВ

№4, шинара, кхолламан (январь) беттан 17-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: