Хилларг, гинарг – журналистан бIаьргашца

Нохчийчохь а, генна цуьнан дозанал арахьа а дика вевзаш ву Нохчийн Республикин хьакъволу журналист Баширов Сайд-Мохьмад. КIорггера хаарш, ира хьекъал, маслаIате мотт болуш ю «Грозный» телеканалехь кест-кеста цо дIахьош йолу передачаш. Халкъах, махках дог лазар, кхайкхаза беанчу тIамо Нохчийчохь баьхначу сингаттамийн бала кхачар, мел ирча денош тIехIиттарх Даймахках цакъехкар, хиллачух, гиначух хьекъале дош алар беркатечу ламасте дирзина журналистан балха тIехь. Цундела мехала хета Нохчийн Республикерчу бахархошна Баширов Сайд-Мохьмадан чулацаме передачаш. Къаьсттина тидам тIеийзош нисло кегийрхой кхетош-кхиоран Iалашонца цо кечъеш йолу передачаш. Цаьрга хьовсу, ладугIу, керлачаьрга сатосу телехьовсархоша.

рщ

Шеко йоццуш, вайн махкарчу журналистийн тобанехь тоьллачарах цхьаъ ву Баширов Сайд-Мохьмад. Цкъа а къахьега кIадлуш вац иза. Цунна къегина тоьшалла ду дукха хан йоццуш араяьлла цуьнан книга. Книгин цIе «Чеченская рулетка» ю. Иза оьрсийн маттахь язйина ю. Делахь а, автора цу тIехь буьйцурш нохчий бу. ХIХ-чу бIешарера таханене кхаччалц цара хьегначу къа-баланах дерг, къоман чолхечу историга юханехьа бIаьрг тухуш, шен сица литтина, цIийца лезна вайн кхиэле дилла гIоьртина журналист. Коьртачу декъана ХХ–ХХI-гIий бIешераш хотталучу муьрехь, Нохчийчу хьаьвзина сингаттамаш бу автора буьйцурш. Халкъо Iаьвшинчу халонах, харцонах, ямартлонах, федеральни Iедалан векалша хабарехьа бевлла хIаллакйинчу пачхьалкхех лаьцна дуьйцу Баширов Сайд-Мохьмада шен книги тIехь. Вайн дайша доьналлица гездинчу къаьхьачу кхолламан очакхечу некъашца дустарш далош, таханлерчу бохамийн орамаш лоьху похIмечу журналиста. Цу тIехь цуьнан аьтто баьлла а хета.

Дешархошна алссам пайдехь дерг карор ду «Чеченская рулетка» книга ешахь. Тхо тешна ду дешархойн дегнашкахь беркате лар йита книгин ницкъ кхочург хиларх. «Чеченская рулетка» дуьххьарлера книга ю авторан. Иза зорбане яьккхина Нохчийн Республикин Яздархойн союзо. Книгин тираж 1 000 экземпляр ю. 500 гергга агIо а ю книгин.

Шен Даймахках дерг хаа, довза луучунна доккха совгIат хилла дIахIуттур ю Баширов Сайд-Мохьмада язйина книга.

А.ДАЧАЕВА

№4, шинара, кхолламан (январь) беттан 17-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: